Лахьанан беттан чаккхенехь Нохчийн Республикин халкъан яздархочун Айдамиров Абузаран цIарах йолчу къоман библиотекехь художникан Исламгириев Аптин суьртийн гайтам дIабаьхьира. Дукха адам дара цига гулделла шайна юкъахь Нохчийн Республикин Правительствон векал Орзамиев Мовсар, вайн махкарчу къанойн кхеташонан декъашхо Ахмадов Сайд-Ахьмад, Нохчийн Республикин юкъараллин палатин декъашхо Дадуев Мохьмад, Соьлжа-ГIалин депутатийн кхеташонан декъашхо, яздархо Сайдулаев Сайд-Ахьмад, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу галерейн директор Балатбиев ХIарон, иштта дуккха а кхиберш болуш.
Суьртийн гайтам схьабоьллуш къоман библиотекин директоран заместитела Янгульбаева Маккас элира: «Исламгириев Апти ханна воккха вацахь а, халкъана, махкана вевзаш ву. Иза Нохчийчуьрчу М.Лермонтовн цIарах йолчу театран актер ву. Бакъду, баьхначу кхиамех цкъа а тоам беш вац иза. Нохчийн пачхьалкхан университетехь актеран говзалла караерзийначул тIаьхьа Аптис кхидIа а дешна Москварчу искусствон академехь, режиссеран говзалла караерзош. ХIара гайтам дуьххьарлера бац Аптин. 2015-чу шеран оханан баттахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу галерейхь хилира кхуьнан суьртийн гайтам. Гайтаман цIе яра «Цхьаьна цкъа делалой вай». Баккъал а велавала дог доуьйтуш ду Аптис дехкина суьрташ. Муьлххачу а юкъараллехь нисло цхьацца сакхташ. Церан сема тидам бечух тера ду художника. Башхачу хьуьнарца Iорадаьхна цо наггахь вайн дахарехь нислуш долу кхачамбацарш».
Цул тIаьхьа къамелаш динчу хьешаша цхьана озехь билгалдаьккхира, Исламгириев Апти похIма долуш художник хилар. Де-дийне мел дели цуьнан говзалла кхуьуш хилар а. Ткъа уггаре а коьртаниг, гулбеллачара дийцарехь, и тайпа гайтамаш вайна чIогIа оьшуш бу, уьш кест-кеста вовшахтоха беза. Хаддаза ваьш хесторо вай дикане кхачор дац. Наггахь, иштта делалуш, вешан гIалатийн тидам бан а беза вай. Куьзганахь санна шера и гIалаташ, кIайдаргаш цхьамма схьагойтуш хилча вайна атта хир ду царах дIакъаста. Гайтамехь хиллачу суьрташа гойтура Исламгириев Апти хьекъал ира, бIаьрг сема, куьг говза долуш художник хилар. ХьагI-гамо яц цуьнан шен турпалхошца-пекъаршца. Цунна уьш цIинбала лаьа. Цаьрца цхьаьна вай нисдала, цIиндала лаьа.
А.НОХЧМАХКАХО
№135, шинара, гIуран (декабрь) беттан 1-ра де, 2015 шо