Дешаран керланаш

«Ас ЕГЭ дIалур ю»

 

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон омрица «Ас ЕГЭ дIалур ю» проектан гурашкахь Дешаран дикаллин мах хадоран туьшо дIахьош семинараш ю.

Оцу семинарийн ладогIархой бу юкъарчу дешаран учрежденешкахь болх беш болу математикин а, оьрсийн меттан а, обществознанин а хьехархой. Цигахь хьехархойн хаарш а, иштта дешархой ЕГЭ дIаяларна мел кийча бу а толлу, экзаменашна кечамбаран кепаш йовзуьйту.

Хьехаран дикалла талларан федеральни институто юкъадаьхна лакхарчу классашкарчу дешархошна лерина белхан тетрадаш а, иштта кечйина хьехархошна оьшуш йолу методика а.

Оцу семинараша аьтто бо дешархойн хаарийн тIегIа лакхадаккха а, хIора дешархочунна мел, хIун Iаморна тидам тIебахийта беза а.

Иштта семинараш хIинцале а дIаяьхьна Гуьмсан, Курчалойн, Теркан, Грозненски, Шуьйтан, Шаройн, Итон-Кхаьллан, иштта кхечу районашкарчу хьехархошца. Уьш ерриге а районашкахь дIахьур ю. ТIаьххьарлерниг Соьлжа-ГIалахь 13-чу декабрехь дIаяхьа лерина. Цигахь дакъалоцур ду пачхьенерчу а, Аргунерчу а хьехархоша.

 

Яздархо дагалоцуш…

 

ХIокху деношкахь Нажи-Юьртарчу №3 йолчу юккъерчу школехь 6-чу классан дешархошца йиллина урок дIаяьхьира оьрсийн яздархочун, поэтан, драматурган, сценаристан, журналистан, юкъараллин гIуллакххочун, 6-зза пачхьалкхан премин лауреатан К.Симоновн 100 шо кхачарна лерина.

Оьрсийн меттан, литературин хьехархочо И.Даудовас дешархошна дуккха а керланиг довзийтира яздархочун дахарх а, кхоллараллин некъах а лаьцна. Бераша «Родина», «Ты помнишь, Алеша, дороги Смоленщины», иштта поэтан кхийолу стихаш йийшира.

Урок лерина яра кегийрхошна произведенеш ешар марздарна а, ешар шардарна а, иштта шайн мехкан а, халкъан а историца ларам болуш уьш хилийтарна а.

Л.ДАУТОВА

 

№135, шинара, гIуран (декабрь) беттан 1-ра де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: