Къоман библиотекин векалш – Гикалохь

Россехь Литературин шо д1акхайкхор Нохчийн Республикерчу А.Айдамировн цIарахчу къоман библиотекина хазахеттий хуур ду цуьнан куьйгалло а, белхахоша а бинчу балхе хьаьжча.Гикало библиотека

    Библиотекин кхерчахь дина ца Iаш, цара шайн долахь йолчу «Библиобус» автобусца гIуллакхаш кхочушдо республикин мел генарчу районашка дIабоьлхуш а.

«Литературин круиз» аьлла проект кхочушъеш бу библиотекарш. Иштта, кху деношкахь Грозненски районерчу Гикало поселкан Культурин цIийнехь Литературин шарна лерина кхоллараллин суьйре хилира. Библиотекин проектана юкъадогIу литература езархойн а, яздархойн а цхьаьнакхетарш  вовшахтохар. Гикало поселкан библиотекехь хьешашка хьоьжуш хилар гуш дара, цуьнан директора Эльдаева Оляс шен белхан накъосташца, библиотекин методистаца Бугиева Зайдатца, методист-библиографца Эрзанукаева Маликица, библиотекаршца Магомадова Индирица, Эльдаев Сулейманаца, Амаганова Мадиница бинчу балхе хьаьжча а.

Къоман литературин шарна а, Ненан денна а лерина  гайтамаш бара кечбина. Библиотека жима елахь а, шайн долчу хьелашца цара къахьегар а, библиотекин книгашъешархой дукха хилар а гора.

Литературо адамийн синкхетамна бечу тIеIаткъамах, нохчийн къоман яздархойх лаьцна  дийцира цигахь.  Нохчийн яздархоша  нохчийн литературина юкъайиллинчу хазнех, церан доьналлех лаьцна дийцира. Шен къоман истори, культура, мотт литературехула йовза аьтто беш дика гIирс бу къоман маттахь язйина говзарш.

Книгаш ешар дуьнен чохь мел веха Iилма а, беркат а лахар ду.

Къоман библиотекин куьйгалло даккхий гIуллакхаш до школийн дешархошкахь книгаш ешаре марзо кхолларна тIехь.

Оцу цхьаьнакхетарехь ненах лаьцначу дийцаршка ладогIа аьтто хилира гулбеллачийн.

 

З.ХИЗИРОВА

Авторан суьрта тIехь: Гикало поселкан библиотекехь.

 

№135, шинара, гIуран (декабрь) беттан 1-ра де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: