Мамакаев Iарби
Мамакаев Iарби, поэт, вина 1918-чу шеран декабрь беттан 2-чу дийнахь Теркайистерчу Лаха-Неврехь. Дешна Соьлжа-ГIаларчу рабфакехь, чекхъяьхна драматургин лаккхара курсаш. Къинхьегаман некъ болийна 1935-чу шарахь «Ленинан некъ» газетан корректор волуш. Цул тIаьхьа болх бо Нохч-ГIалгIайн радиокомитетехь, яздархойн Союзан литконсультант волуш.
Еха ца хилла кхолламо дахарехь цунна яккха елла хан – 1918-чу шарера 1958-гIа шо кхаччалц. Оцу кIезигчу хенах а дуккха а шераш чохь даха дезна. 1942-чу шарахь (хIетахь гоьваьлла вевзаш волу поэт) цхьа а бехк боцуш, лоций, набахти чу вуллу. 1956-чу шарахь, йинарг харц кхиэл хиларна къаро а еш, паргIатвоккху. Амма лайначу халонаша а (дукха жима волуш дех-ненах къастаран къахьо а Iаьвшинера цо), дагна Iиткъинчу харцонаша а (бехк-гуьнахь доцуш ша лацаро а, иштта харц кхиэл йина халкъ махках даккхаро а) гIелдина хиллера цуьнан дог. 1958-чу шеран август беттан 21-чу дийнахь кхалхар хилира цуьнан.
Хьесап дича, дукха хан ца хуьлу кхолламо кхоллараллина къастийнарг – иттех шо гергга. Амма оцу йоццачу хенахь иза ларийра нохчийн литературин хазнаш хилла лаьтта исбаьхьаллин говзарш кхолла: «Даймохк», «Даге» «Кавказе маршалла», «Сан кIанте», «БIаьргех хиш Iийдало», иштта кхин а стихаш, «Нохчийн лаьмнашкахь» поэма, «Винчу юьрта» повесть. Поэт винчу, ваьхначу Лаха-Неврерчу цуьнан хIусамашкахь тахана I.Мамакаевн цIарах литературно-мемориальни музей ю.
Гацаев СаьІид
Гацаев СаьІид 60-чу шерашкахь нохчийн литературе баьхкинчу яздархойн тобанах ву. Иза вина Веданан районан Дишни-Веданахь 1938-чу шеран декабран 2-чу дийнахь.
Школехь дешначул тІаьхьа цо чекхъяьккхира Нохч-ГІалгІайн пачхьалкхан хьехархойн институт. Белхаш бина школехь, ша дешначу хьехархойн институтехь, кхечу меттигашкахь. Поэтан дуьххьарлера стихаш зорбане евлла 50-гІа шераш чекхдовлуш. Нохч-ГІалгІайн книгийн издательствехь араевлла цуьнан поэзин гуларш: «Iуьйре» (1969), «БІаьстенан гІар» (1973), «Хазахетар» (1981), «Iуьйренан тхи» (1989), «Мекара цициг» (1991) «Со-м хьан варий, Нохчийчоь» (2014).
Гацаев СаьІид тайп-тайпанчу жанрашкахь яздеш вара: лирикин стихашна тІера баснийн, пьесийн биста кхаччалц.
Иза вевзара похIме драматург санна а. Хьовсархоша езаш тIеэцнера цуьнан пьесаш тIехь Х.Нурадиловн цIарахчу нохчийн театро хIиттийна «Пелхьонаш», «Бале ваьлла нуц» спектаклаш.
Поэтан кхалхар хилла 2012-чу шарахь.
Супаев Руслан
Поэт Супаев Руслан вина 1947-чу шеран декабрь беттан 2-чу дийнахь Юккъерчу Азехь. Дешна Ростоверчу пачхьалкхан университетан юридически факультетехь. 2007-чу шарахь пенсе ваххалц белхаш бина талламан органашкахь а, прокуратурехь а.
Стихаш язъян волавелла школехь доьшуш волуш. 1970-чу шерашкахь дуьйна поэтан стихаш зорбане юьйлу «Орга», «Вайнах» журналашкахь, юкъарчу гуларшкахь, муьран зорбанехь. 1971-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн книгийн издательствехь арайолу Супаев Русланан «Кхолламан сизаш» цIе йолу стихийн хьалхара гулар. Цул тIаьхьа цо арахоьцу стихийн, поэмийн масех гулар: «Цхьаьнакхетарийн, къастарийн илли», «Вайнехан тIулгаш», «Хаьржинарш».
Литературин хьаьрмахь тахана а жигара къахьоьгуш схьавогIу Супаев Руслан.
№135, шинара, гIуран (декабрь) беттан 1-ра де, 2015 шо