«Вайнехан гIиллакхаш»

Иштта яра кху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Кегийрхойн цIийнехь хиллачу къийсадаларийн цIе. Уьш вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос. Кегийрхошна къоман гIиллакхаш карладахаран, церан вайнехан культурехула долу хаарш зеран Iалашонца вовшахтоьхна дара уьш.г1иллакх

   Къийсадаларшкахь дакъалоцуш кегийрхойн кхо тоба яра: Нохчийн пачхьалкхан университет, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университет, Нохчийн региональни юкъараллин «Иман» организаци.

Кегийрхошна къоман гIиллакхаш довзаран мах хадош вара Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо, яздархо, драматург Уциев Абу, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран декхарш кхочушдеш волу Идрисов Руслан, кхоллараллин проектийн а, культурин отделан коьрта говзанча-эксперт  Давлатукаев Мохьмад.

ГIуллакх нохчийн маттахь дIадаьхьира. Кхаа а тобанерчу кегийрхоша тайп-тайпанчу хаттаршна жоьпаш делира. Тидамхоша  деллачу хаттарна шайн накъоста дуьззина жоп ца делча, цуьнан жоп тIедузура къийсадаларан кхечу дакъалацархоша. ЙоьалгIачу турехь «ЦIера болх» аьллачу декъехь кегийрхоша театран кегий постановкаш хIиттийра, ткъа Нохчийн пачхьалкхан университетан тобанерчу студенткас ша язйина байт йийшира.

Къийсадаларш чаккхене доьлхуш вистхилира Идрисов Руслан:

– Тахана кху Кегийрхойн цIийнан  зала чохь мел хиллачунна а пайда баьлла аьлла хета суна. ХIунда аьлча, дуккха къоман мехаллаш йовза таро хилла кегийрхойн. Кху къийсадаларийн Iалашо хьалхара меттиг хьан йоккхур ю бохург дац, коьртаниг кегийрхошна къоман культура, мехаллаш йовзийтар ду. Доккха совгIат ду кегийрхошна иштта дика вайнехан гIиллакхаш девзаш хилар. ХIора а тоба дика кечам бина яра.

Цхьаьнакхетар дерзош билгалбехира толамхой: хьалхара меттиг яьккхира Нохчийн хьехархойн университетан тобано; шолгIа чу меттигехь  Нохчийн пачхьалкхан университет яра; кхоалгIа меттиг – Нохчийн региональни юкъараллин «Иман» организацина кхечира.

З.ЧИНХОЕВА

Суьрта тIехь: цхьаьнакхетаран дакъалацархой

 

№135, шинара, гIуран (декабрь) беттан 1-ра де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: