Наной даггара декъалбира

Хууш ма-хиллара, ерриге а республикехь д1адаьхьира Ненан денна лерина цхьаьнакхетарш. Цунна лерина дара Грозненски районерчу Iалхан-ГIаларчу Культурин цIийнехь хилла даздарш а.

И мехала цIей билгалдаккхарехь дакъалоцуш бара: Грозненски районан администрацин векалш Исаева Марем, Бакаев Сулейман, Iалхан-ГIалин администрацин куьйгалхо Алматов Лукъман, районера Iеламнах, дукха бераш долу наной, буобераш кхобуш, бисина Iаш болу наной, кегийрхой.

Цхьаьнакхетар долош, Алматов Лукъмана Ненан денца декъалбира берриге а наной.

– Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Хьадисехь аьлла ма-хиллара: «ялсамани ненан когаш кIель ю». Наной   беза лерина бу. Уьш вайн наной, йижарий бу. Дала дукхадахадойла шу! Могашалла йолуш, ирсе хуьлда шун дахар! – элира цо.

Зала чохь хиллачу массо а зудчунна зезагийн курсаш елира. Башха доккха хIума а ца оьшу вайн нанойн догъэца, шайн жимма а терго йича а, царна доккха совгIат хуьлу.

Цхьаьнакхетар дерзийра, Маликова Асет куьйгаллехь йолчу, Грозненски районан культурин отделан кхоллараллин коллективо кечйина концерт гайтарца.

З.САГАЕВА

 

№135, шинара, гIуран (декабрь) беттан 1-ра де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: