1957-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн Республика метта а хIоттийна, цхьа а бехк-гуьнахь а доцуш, шовзткъалгIачу шерашкахь цIийнах, махках баьхна хилла нохчий, гIалгIай шайн даймахка цIаэха буьйлабелча, юха а арахеца долийра нохчийн маттахь долу «Ленинан некъ» газет. Цуьнан хьалхара номерш арахецар хала хилира. Тоьаш бацара газет даран болх бевзаш болу журналисташ. Цул сов, типографехь зорба лахьош берш а оьрсий хиларо чолхе дора газет дар. Амма цхьа хан яьлча, цIа богIуш болу нах алсамбовларца стамъяла йолаелира газетан редакцин коллектив. Баьхкира керла белхахой: Батаев Мустапа, Джабраилов Мохьмад, Натаев Шарпудди, Матиев Ваха, кхиберш а.
В.Матиев царах къаьсташ вара шен «Победа» машен а йолуш (цу хенахь шен долахь транспорт йолуш наггахь бен стаг вацара), газетана материал сихха кечъян таро хиларца. Цу хенахь балхана ца хилча йиш йоцчу чоьнашца а, йийбарца а, дIасаваха оьшучу транспортаца а, кхидолчуьнца а халонаш ловш хиллачу газетан балхана чIогIа мехала дара Ваха сихха дIасаваха а, оьшучу хенахь газетана материал кечъян а таро йолуш хилар. Цунах хаарца пайда а оьцура В.Матиевс.
Коьртачу декъана Вахас язйора юьртан бахаман темина йолу материалаш. Цу хенахь нохчийн маттахь арадолучу газето дукхах йолу материалаш яртийн бахархошна лерина а, царах лаьцна а язйора. И болх Вахас дика вовшах а тоьхнера. Цунна дика хаьара газетана оьшуш йолу материал муьлхачу районера, я бахамера оьшу. Вахин балхана боккха аьтто беш дара районийн, бахамийн куьйгалхошца а, говзанчашца а цуьнан герггара зIенаш хилар. Цунна хаьара балхана оьшуш болчу нахаца уьйраш, гергарло таса а, лело а.
Республикехь Ваха дика вевзаш, цIе йоккхуш журналист вара. Газетан балхахь кхиамца шен корматалла гайтарца цхьаьна, кхоллараллин болх бан а волавелира иза. «Ленинан некъан» агIонаш тIехь кест-кеста арадийла дуьйладелира цуьнан дийцарш а, публицистически статьяш а. Ткъа дукха хан ялале киносценареш язъян а волавелира Ваха. Цуьнан сценарешца масех документальни а, телевизионни а фильм яьккхира. Царах цхьаъ яра кхаа декъах лаьтташ йолу «Лийр йоцу къоналла» цIе йолу документальни фильм. Цу тIехь Вахас яздо Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь нохчийн кегийрхоша гайтинчу бIаьхаллин хьуьнарех лаьцна. Иштта дуьйцу маьршачу хенахь кегийрхоша къинхьегамехь гойтучу дикачу масалех лаьцна а. Оцу фильмана В.Матиевна ВЛКСМ-н ЦК-н Сийлаллин грамотица а, «ВЛКСМ-н 60 шо» цIе йолчу дагалецамийн знакаца а совгIат дира. Цу хенахь пачхьалкх вайнахаца долчунна ишттачу совгIаташца башха комаьрша хилла цахилар хьесапе эцча, нохчийн къомах волчу журналистана, яздархочунна иза доккха совгIат дара.
В.Матиевн кхоллараллехь боккха кхиам бара Советски Союзан Турпалхочо Нурадилов Ханпашас Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман аренашкахь гайтинчу ша саннарг кхин хилла доцчу хьуьнарх лаьцна цо язйина киносценари. Иза СССР-н Пачхьалкхан телерадион заказаца язйинера. Сценари кино яккха «Азербайджан фильм» киностуде дIаелира. Амма киностудехь берш заказ кхочушъян башха сиха а ца хиллера. Вовшех «дагадуьйлуш» а, цхьацца язораш лелош а, дикка хан елира киностудехь болх дIа ца болош. ТIаьххьара а, Нохч-ГIалгIайн Республикин куьйгаллин дехаршца «Грузия-фильм» киностудехь Вахин сценарица яьккхира «Бераллин вуьрхIитта шо» цIе йолу исбаьхьаллин фильм. Иза республикина а боккха кхаъ а, юьхькIам а бара.
1986-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь, Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь араелира В.Матиевн «Мокхазан дог» цIе йолу документальни повесть. Иза а иштта Советски Союзан Турпалхочух Нурадилов Ханпашех лаьцна яра. Цул тIаьхьа Вахас язйира «Йоккха АтагIа а, атагIой а», «Комаьршачу дегнийн адамаш» цIерш йолу книгаш.
Ваха дика журналист а, башха яздархо а вара. Иза ша а ма-хиллара, оьздачу, муьлххачу а ешархочунна кхеташ болчу, кIедачу маттахь язйина хуьлура цуьнан газетан хIора статья, кхоллараллин произведени. Уьш йоьшуш, хаало церан авторна нохчийн мотт, къоман гIиллакхаш, дахар кIорггера девзаш а, дезаш а хилар.
Нахаца йолчу юкъаметтигашкахь а, къамелехь а кIеда-мерза, оьзда вара Ваха. Цунна дика хаьара муьлххачу а стагаца даггара къамел дан, цуьнца уьйр таса. Иза миччанхьа а болх беш хилча а, коллективехь нахаца тарлуш а, оьшучунна гIо-накъосталла деш а вара. Цундела вевзачара массара а сий деш а, лоруш а вара иза.
В.Матиев вина 1926-чу шеран 5-чу майхь Йоккхачу АтагIахь. 1944-чу шеран 23-чу февралехь, дерриге а нохчийн халкъ а санна, махках, цIийнах ваьккхина, Казахстане вахийтира иза. Цигахь лайра нохчийн халкъана гина долу дерриге а «диканаш». Казахстанехь тайп-тайпана белхаш бира, цу юкъахь махлелорехь а, 1957-чу шарахь Даймахка юха цIа веара. 1958-чу шарахь «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газете балха веара. Дукха хан ялале шен болх дика карабирзина, редакцехь тоьллачу журналистех цхьаъ хилла дIахIоьттира иза. Ваха тIаьхь-тIаьхьа телевидене кхийдаш, болх беш хилар а, ткъа иза цуьнан корматаллина бегIийла хилар а хьесапе а эцна, телерадиокомитете балха вахара.
1971-чу шарахь цо чекхъяьккхира КПСС-н ЦК-хь йолу Лаккхарчу партийни школин журналистикин отделени. СССР-н журналистийн Союзан декъашхо вара.
Ала деза В.Матиевс шен кхоллараллица нохчийн литература а, журналистика а кхиорна мехала хазна юкъайиллина хилар. Ваха кхелхина 1989-чу шарахь.
С.МАГОМАЕВ
№135, шинара, гIуран (декабрь) беттан 1-ра де, 2015 шо