Хийла нана елхийна вайн республикехь контртеррористически операцеш йолчу заманахь хиллачу хиламаша. 1994-2005-чуй шерашкахь Нохчийн Республикера дуккха а хIусамашкара божарий дIабигна, тIепаза байна. Цхьаннан дай, вежарий, кIентий бара уьш. Дан амал доцуш, гIайгIано лаьцна, сатийса бисина гергарнаш вовшашкара хIун хаамаш бу хьовса а, вовшийн дог эца а тайп-тайпанчу меттигашкахь гуллуш хилла. Оцу тобана юккъера уггаре а ладамечарех цхьаъ Кагирова Тамара ю. ХIунда аьлча, иза хьалха а яьлла «ТIепаза байнарш лахар» аьлла йолу Нохчийн региональни организаци кхоьллира тIепаза байначеран гергарчу наха. Ткъа официально организаци чIагIйина Россин Федерацин юстицин министерствон Нохчийн Республикехула йолчу урхаллехь 2006-чу шарахь. Цул тIаьхьа, 2007-чу шарахь «Инарлин Лебедь Александран цIарах йолу маслаIатдаран мисси» организацица цхьаьна болх бан буьйлабелла уьш. Цаьрца болх болийчахьана дIабигначеран гергарчаьргара дехарш схьаэцна ца Iаш, тIепаза байначеран анкеташ хIиттон а йолийра. Царах хIораннан а гергарчаьрца къамел деш а, муьлхачу органашка дехар дан деза дуьйцуш а белхаш бина, хIинца а беш бу. Байначеран гергарчийн сатийсамаш мел чIогIа бу хууш, церан дог тедан гIерташ, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, республикин Парламенто а адамийн бакъонаш ларъярехь деш долу гIуллакхаш довзийта «ТIепаза байнарш лахар» организацис дIахьош боккха болх бу.
– Со а ю шайн хьомсарчу кIенташка сатийса бисинчу нанойх цхьаъ, цхьана балано вовшахтоьхна ю тхан тоба. Атта дац шен чуьра стаг дийна ву я вац а ца хууш, тIе а хIоьттина, дог Iаббош, бIаьрхиш ледон кошан барз а боцуш, сатийсамашца ваха. Делахь а, Дала яздинчунна реза ду тхо, дерриге а Цуьнгара ду. Бакъду, цхьана а минотана дог диллина Iаш-м дац тхо, Нохчийн Республикин муфтияте, Прокуратуре, Талламан органашка дехарш дина, Делан къинхетамца, байначеран лар карориг хилар тешна ду, – бIаьргашкахь хиш долуш дуьйцу «ТIепаза байнарш лахар» организацин председатела Кагирова Тамарас. – Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Iаламат дика терго йо байначеран гергарчеран, къаьсттина церан доьзалийн. Тхан организацехь корматаллин юристаш, адвокаташ цахиларна оха Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран векале Нухажиев Нурдига гIо доьху оцу балха тIехь. Цо цхьа а тхан хаттар жоп доцуш ца дуьту, тхуна мел оьшучу хIуманна тIехь даима а накъост ву иза. Иштта, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директора Дадаев Ризвана шен ницкъ кхочучу барамехь гIо-накъосталла до шайн дай дIабигначу доьзалшна.
ТIаьхьарчу масех шарахь тIепаза байначеран гергарчеран ДНК-н анализаш гулъярехь белхаш бина организацис. И анализаш схьаэцначарна генетически паспорташ делла. Оцу анализашца 4 стаг карийна. Уьш бусалба динехь бохка ма-беззара дIабоьхкина шайн гергарчара. Уьш дIабохка аьтто хилар а синпаргIато ю, цундела Iаламат мехала ду и тайпа болх дIахьош организаци хилар. Цу халачу балхахь организацина гIо-накъосталла деш ю «Инарлин Лебедь Александран цIарах йолу маслаIатдаран мисси» а, Нохчийн Республикин юкъараллин а, экономикин а кхерамазаллин Совет а, Россин Федерацин Талламан комитетан Нохчийн Республикехула йолу урхалла а, иштта республикин могашаллаIалашъяран министерствон суьдан медицинин экспертиза яран бюро а.
Шайн терго йинчу Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентах Кадыров Ахьмад-Хьаьжех лаьцна дуккха а дийцира Т.Кагировас: «Цкъа а дагара ца долу суна, организаци йиллале хьалха, тхайн гергарчийн кхолламах дерг хаа лууш гулделла лаьтташ, машенахь тIехволуш волу Кадыров Ахьмад-Хьаьжа, машенара охьа а воьссина, тхуна тIе а веана, хIора нана мара а юллуш, «Дала мукъ лахь, куьг бехке воцург цIаверзор ву шуна вай, шу шаьш дац шуна, сайн ницкъ ма-ббу вайн къонахий цIаберзо хьожур ву шуна со», – бохуш, тхуна юккъехула чекхвалар. Цуьнца къамел динчул тIаьхьа сапаргIатдолура тхан, теша лаьара, Делан къинхетамца, цо ма-бохху иза хирг хиларх. Даггара вара Ахьмад-Хьаьжа, шен махкахойн деган лазамах кхеташ а, хьожуш а. Дала декъалвойла иза. Дала гIазот къобалдойла цуьнан».
Адамийн бакъонаш, паргIато ларъярехь организацин декъашхоша къахьегар билгалдоккхуш республикин Куьйгалхочо баркаллин кехат делла «Т1епаза байнарш лахар» организацина. Иштта Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама а билгалбаьккхина вайн республико Дагестанца вежараллин юкъаметтигаш латторехь организацис беш болу болх.
Шайн мехала гIуллакхаш цхьана а минотана ца сацош, болх беш ю организаци. Нах гуллучу меттигашкахь, новкъахь, офисехь нохчийн къоман баьччас, Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана беш болу болх а, республикехь мел болу дика хиламаш а билгалбоху цара шайн хуьлучу дуккха а цхьаьнакхетаршкахь.
Хь.АВХАДОВА
№135, шинара, гIуран (декабрь) беттан 1-ра де, 2015 шо