Цунна шен бералла дага ца йогIу. Иза дукха къаьхьа хиларна дагаяийта а ца лаьа. Малика, дукхах болу нийсархой санна, вайнах махках баьхначу муьрехь дуьнен чу яьлла Казахстанехь, Талды-Курганан кIоштан Уштобехь 1952-чу шеран 24-чу майхь. Иза дуьнен чу яьлла дукха хан ялале нохчашна цхьа боьха дош аьллачу оьрсийчух лата а летта, да чувоьллира. Ткъа нана шен гергарнаш болчу дIаяхара. ЙоI цо шеца дIайигира. Амма вайнехан Iадаташца догIуш ма-хиллара, девашас тIаьхьа а вахана, вешин йоI шена хьалха хьалакхиъча бегIийла хета аьлла, денана йолчу схьаялийра. Хала хан яра иза. Денана ша яра ялх бераца йисина Iаш. Маликин да воккхах верг вара. Даа дацара, мала дацара. Берриге а вайнах санна, Iедало схьакховдийначу харцонан хало, гIело Iовшуш бара Маликин дехой а. Делахь а, цкъа а Делан диканах дог ца дуьллура цара. Тамашийна нуьцкъала амал йолуш яра Маликин денана Забана. Цкъа а йоьхна, йоьлхуш ца гойтура цо ша чохь болчарна, дIоггара самукъадаьлла цкъа а ца хиллехь а. «Кестта цIа гIур ду, тIаккха дерриге а дIанислур ду!»- олура цо сих-сиха. Жимачохь Малика цец йолура денанас иштта аьлча. «Кхо хIун цIа дуьйцу-те, кхузахь Iаш хилча» – дагадогIура йоIана. Амма, денанас цхьа лекха лаьмнаш, сийна хьаннаш, шийла шовданаш дуьйцура. УьйтIахь болу мерза Iаж буьйцура, налха санна долу кертара латта хьехадора. Маликина кхета хала хIуманаш дара денанас дуьйцурш. Амма 1958-чу шарахь Казахстанера цIа дирзина, Хьалха-Мартанахь даха хевшича, хиира Маликина и уьйтIара Iаж мел мерза хилла. Аганара гIоттушехь денанас гIуллакх дан Iамийна йолу Малика, уьйтIа нуй хьокхучу хенахь цу Iожа тIе кхаьчча садаIа хIуттура, шекар санна мерза Iаж кхоллуш. Ма ирсе зама хиллера иза, берзинчу когашца бералло идо хан. Сиха дIа ели-кх. Маликас Хьалха-МартантIерчу №3 йолчу школехь доьшуш чекхъиккхина хан санна. Юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина, Хьалха-МартантIехь йолчу №1 йолчу школе пионервожати балха яхара Малика. Шен балхаца дика ларош яра иза. Цу муьрехь пионервожати мехала болх бара, школехь доьшуш болу кегийрхой кхетош-кхиоран декхарш хуьлура дукха хьолахь пионервожатешна тIехь. Ткъа цу декхаршца Малика дика ларош яра. Иза ша яра бераллехь дуьйна Даймохк, нохчийн къам, хьанал къинхьегам беза Iамийна. Делахь а, кхин цхьа беркате агIо яра халонашка къар ца еллачу Маликин нуьцкъалчу амалехь. Яьккхинчу ирхенех тоам беш яцара иза цкъа а. Даима хьалхахьа дIагIерташ яра. Цундела, масех шарахь пионервожатин болх бина, иза деша яхара Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университете. Бераллехь дуьйна нохчийн мотт а, къоман барта кхолларалла а дукхаезаш яра иза. Дукха хьолахь жимах йолчу дейишица Човкица йижар-гIаттар хуьлура Маликин. Ткъа цо бус-буса цхьацца туьйранаш, хIетал-металш, забаре дийцарш дуьйцура. Нанна хьалха йоцуш хьалакхуьучу Маликина йоккхах йолу йиша хилла чекхъяьлла ю Човка. ХIинца – вешин берашна, йишин берашна децIа хилла. Шен дахарехь Iаламат йоккха гIортор хета Маликина дейиша. Хетарехь, цуьнга болчу лерамна хаьржира цо нохчийн меттан а, литературин а хьехархочун говзалла. Дешар заочни кепехь хилира Маликин, балхана юкъара ца йолуш. Амма хьалхарчу курсашкахь доьшуш йолуш дуьйна цуьнгахь нохчийн мотт, литература Iамош шина сменехь классаш яра. Дуккха а шерашкахь Хьалха-МартантIерчу №1 йолчу школехь хьехархочун болх бира цо. Ненан меттан хьехархойх республикехь а тоьллачарех цхьаъ ларалуш яра иза. Амма, чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 80-чу шерашкахь Iан-яха Соьлжа-ГIала охьаяр нисделира. ТIаккха берийн бешан куьйгалхочун балха яхара иза. Болх массанхьа а цIенчу даггара, хьанал, шех тешийна меттиг цIинъеш, бора цо. Цундела, даима сий-ларам хуьлура цуьнан дахарехь.
Пхиъ доьзалхо вара Маликин. Виъ кIант, цхьа йоI. Царах йоккхайийна ца йолура иза. Ненах хьоьгуш шен бералла чекхдаларна, цхьа хIума ца оьшуьйтуш, бераш хьалакхио а гIертара. Амма къинхетамза вайн махка хьаьвзинчу тIамо, массеран а санна, дог Iовжийра Маликин а. ТIепаза вайра цуьнан воккхах волу кIант — Iимран. ЙоI марехь яра. Важа кхо кIант хиллачух кхета жима вара. Цхьаллехь Iовша бийзира Маликин и къаьхьа бала, дисинчу берийн дог ца дохо. Цул совнаха, Делан диканах дог дилла ца лаьара. Дагахь доцург хуьлуш лаьттачу кху дуьненахь вайначу кIентан рицкъа цIа дерзаре са а туьйсура. Цуьнан сингаттамо хаддаза латточу хорамаша шен садукъдича, шолгIачу тIамехь махках елира Малика, доьзал буьрса кхехкачу тIамах кIелхьарбаккхаран бахьана хIоттийна. Ткъа баккъал а Маликас юьхьаръерзийна Iалашо вайначу кIантах цигахь мукъане а цхьаъ хазаре сатасар яра.
ГIалгIайчуьрчу Плиево юьртахь ханна дIатарбелира Маликин доьзал. Мукъалло ша хIаллакьярна кхераелла, балха ара-м елира иза. Цу юккъехула жимах волчу кIантана охьатохарх лата Iама дага деара. Юьхьанца Маликас тергал ца дора жимах волчу кIанта дуьйцург. ГIалгIайн махкарчу цхьана спортан секце дIа-м велира цо иза, мукъалла волавелла лелачул цхьаъ Iемар ду-кх аьлла. Амма тIаьхьо гучуделира кIентан дукха башха хьуьнар хилар. Хьехархочун болх бина йолу Малика сихха кхийтира цунах. Цул совнаха, Маликин деваша Эпендиев Iалаш вара охьатохаран латарехула йолу спортан кеп езаш. Кест-кеста къийсадаларшка воьдуш, дика спортсмен хилла схьавогIуш вара Iалаш, амма некъахьовзам бахьанехь Iожалло дIавигира иза. Цуьнан безамна а шен кIанта спортан и кеп хаьржина чIогIа хазахийтира Маликина. Цхьана Iалашоне кхача дина нигат долуш шен кIант дIагIерташ вуйла хиъначул тIаьхьа, Маликас даима шен семачу Iуналлехь латтайора Исламан тренировкаш. Юучуьнца, молучуьнца цхьа раж латтайойтура, садаIаран, вижар-гIаттаран раж ца йохайойтура. ГIалгIайн махкахь кхара даьккхинчу масех шарахь дика Iемина вогIура Ислам, ханна жима велахь а. Москвахь а тидаме ийцира хьуьнаре спортсмен, гIалгIаша дозалла дан долийра шайн цIарах къийсамашкахь хьуьнарш гойтуш волчу кIантах. Ткъа Маликин самукъа ца долура нехан махкахь кIанта гойтучу хьуьнарех. Цунна хаьара ша цIа ерза езийла. Амма цIенош тIамо дохийнера, школехь доьшуш волу кхо кIант, цомгаш волу хIусамда эцна цуьнан чуяха меттиг яцара, мах луш нехан хIусамашкахь хене яла кисанахь ахча дацара. И бахьанаш дара доьзалан нана ГIалгIайчохь сецош дерш. Шен кIант Альбиев Ислам олимпиадина кечвеш вуй хиъча, чуяха цIа дацахь а, доьзал охьахао кхерч бацахь а Альбиева Малика Нохчийчу цIайирзира. Хиндерг цхьанне а ца хаьара. Амма, Делан къинхетам хьалха а баьлла, Олимпиадехь толам баккхар Исламе кхачахь а и толам нохчийн цIарах хилийта лиира нанна. Цу муьрехь дукха жима вара Маликин кIант. Шен спорт йоцург цунна гуш хIумма а дацара. Шеначул вуон-дика девзинчу Маликина тIамо Iовжийна шен къам гора, дуьнен чохь хила боьгIнехь массо мерза кхаъ а нохчашка кхача лаьара цунна. Цундела цIа йирзира иза Нохчийчу. Дог хьаста хIума дацара цIахь. Къизачу тIамо дохийна, охьааьтта цIенош, лазаро йийсаре лаьцна хIусамда, цхьана ханна Iедало еллачу вагон чу берзийна доьзал. Делахь а, «шен цIа–цIен цIа» баьхна вайн дайша. Шен дай баьхначу лаьтта тIехь яра Малика. Нохчаллех къилба дина дерриге а дахарехула чекхъяьллачу цунна Iаламат мехала дара иза. Iуьйранна, суьйранна нохчийн мотт хазар, цхьанна а хьеставала ца дезаш шен кертахь хилар, вайначу кIантах хезаш цхьана кепара хабар дацахь а, дисина бераш могаш-маьрша хилар. Iаьржачу бохаман шийла тIам кхетта деган цхьа ах лазаман йийсарехь елахь а, дисинчу берийн кхиамаша мелла а сатедора ненан. Къаьсттина йоккхаера Малика Исламан кхиамех. Пхийттара валале охьатохаран латарехула йолчу спортан кепехь мехкан чемпион хилира цунах. ТIаккха, мегарг садаьIна валале, вадийна цхьана дуьненан йистехула дIавигина Европин чемпион ву аьлла цIа валийра. Эххар а дуьненан чемпионатехь хьалхара меттиг яьккхина, чемпион хилира цунах. Ислам цхьана чемпионате ваха новкъа волуш, сиха деттадала долалой цуьнан дог, могаш-маьрша иза шена юха юьхьдуьхьал хIотталц, кхин хийцам боцуш, садууш хуьлура. Яьржий, масийтта декъе екъалой дIайоьдура ненан ойланаш: нийсархошца дош дашера дели-те, лазий-те, меже кагйи-те, масане ду уьш, ненан садуу хаттарш. 2008-чу шеран аьхка Чинехь хиллачу олимпиадин къийсамашкахь Ислама хьалхара меттиг яккхаран кхаъ схьакхаьчча, охьахиъна, ши ког дIахецна, йилхира Малика: «Нана яла хьан, ма атта ца кхечи хьо цу дикане», – аьлла. Цу муьрехь 19 шо кхаьчнера Альбиев Исламан. Дуьненна гуш, жима вара иза. Ткъа нанна гергахь-м хIинцца аганара гIаьттина бер дара кIант, Олимпиадин чемпион велахь а. Маликас хала кхиийнера шен бераш. Цкъа а дIахецна ца буьтура. Шена ца юуш а, царна кхалло гIертара. ВорхIара бовлале хIоранна ламаз Iамийнера. Вижар-гIаттар даима Далла хастам бечу доIанца дойтура. Цундела кхиъна Маликин бераш ийманехь. Оьздачу вайнахехь хила хьакъдолу гIиллакх, собар, доьналла ду цаьрца. Олимпиадин чемпион вара аьлла, цхьана а кепара куралла яц Исламаца. Шега воккханиг вист хилча, хIинца а, йоI санна, цIийло. Цхьа тамашийна жима стаг ву иза. Цкъа а юьхьдуьхьал ца хьожу, воккхачуьнца къамел деш. БIаьрга тIе бIаьрг хIоттийна, тIевогIавалар-м аьттехьа а дац. Чинехь хиллачу Олимпиадехь толам баьккхина Ислам цIа вирзина дукха хан ялале, нанас нускал далийра цунна. Хаза, бертахь Iаш бу къона доьзал, хIинца хьалакхуьуш шиъ бер ду. Амма, цхьана а адамана ца гина воккханиг волчохь Ислам шен бере ур-аттал дIахьожуш а. Ненан шурица цIийх йоьлла оьздангалла ю иза. Бакъдерг дийцича цуьнан йиш ца хуьлу цIахь берашна юкъа хиина Iан. Иза даима сборашкахь ву, я спортан къийсамашкахь дакъалоцуш ву. 2015-чу шеран 6-7-чуй ноябрехь Москва гIалахь дIадаьхьначу Европан кубок къовсарехь а хьалхара меттиг яьккхина Альбиев Ислама къегина хьуьнар гайтина. Амма, дуьнене а мохь бетташ кхайкха-м ца дира цо иза.Ша дина диканаш зурманахь кхайкхадар къонахчуьнгахь товш ца хеташ. Маликин массо бер а хьаналчу къинхьегамца напха лаха Iамийна ду. Ткъа Альбиева Малика къахьоьгучуьра ша цкъа а сецна яц. Мел чолхе киртигаш дахарехь тIехIиттарх, нуьцкъалчу амалца уьш иэшош даима хьалхахьа дIагIиртина иза. Цундела, Веза-Воккхачу Дала дагахь доцчу дикане кхачийна. Иза тахана вайн махкарчу берийн спортан школехь болх беш ю. Цуьнан самукъадолу спортан школехь долу бераш тренировкашкахь вовшех тийсалуш. Цунна шен кIентан Исламан спортехь яьхна дуьххьарлера гIулчаш карлайовлу цаьрга хьоьжуш. Маликас дегайовхо кхобу хIинца ша Iуналла дечу берашна юкъахь а алсам дуьненна бевзаш спортсменаш бевриг хиларах. Нанас санна, церан хIораннан дола деш, хьанал къахьоьгу цо.
А.ГАЗИЕВА
№135, шинара, гIуран (декабрь) беттан 1-ра де, 2015 шо