Цхьа-ши дош…

Иракехь карийна цхьанаметта алссам езидаш дIабоьхкина меттиг. «Иблисан пачхьалкхан» гIеранаша байъина бу уьш. ХIокху деношкахь террористаша кхин а цхьа теракт йина Багдадехь. Цигахь виъ стаг вийна.

***

   Шемахь долчу Россин кеманаша тIаьхьарчу шина дийнахь «Иблисан пачхьалкх» террористически организацин иттаннаш мехкадаьтта доккху скважинаш а, тIеман объекташ а йохийна.

***

   Камерунехь шина зудчо-террориста, шаьшшиъ а оьккхуьйтуш, теракт йина. Оцу бохамехь пхи стаг кхелхина, 15 стагана чевнаш хилла.

***

   США-рчу масех штатехь хиш дестар а, шийла догIанаш дахкар а бахьанехь 14 стаг кхелхина.

***

   Хонкарарчу Анкара, Истамбул, кхечу шахьаршкахь яккхий митингаш хилира масех де хьалха вийначу адвокат-бакъонаш ларъярхочун сийнна. Урамашка бевллачара лоьхура куьг бехкениг лахар а, цунна хьакъ доллу таIзар дар а.

***

   Мексикерчу хьехархоша забастовка йира. Цара дIахьедира шаьш дешаран реформина дуьхьал хилар. Забастовке арабевлла хьехархой бIаьрг белхочу газаца дIасалаьхкира полицин белхахоша.

***

   Парижехь дIаяьхьира экологин хьал дийцаре дарна лерина дуьненаюкъара саммит. Цигахь билгалдаьккхира гуонахара Iалам бехдеш хилар бахьанехь Iаламан бохамаш хилар алсамдолуш хилар.

***

   Брюсселехь дIаяьхьира Евросоюзан а, Хонкаран а саммит. Цигахь дийцаре дира мигранташ Европин мехкашка схьаоьхуш хиларца кхолладелла кхераме хьал.

***

   Дагестанехь леррина операци дIахьочу хенахь виъ террорист хIаллаквина. Царах цхьаъ Шемара ведда схьавеана хилла.

***

   Ханты-Мансийски автономни округехь вертолет дохар бахьанехь цу тIехь хилла виъ стаг кхелхина, цхьаъ лазийна.

 

№135, шинара, гIуран (декабрь) беттан 1-ра де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: