Россин Президента В.Путина Литературин ду аьлла дIакхайкхийна ду 2015-гIа шо. Цунна лерина цхьаьнакхетарш, литературин ешарш, конференцеш ю вайн пачхьалкхан массо а маьIIехь дIахьош. Цу мехалчу гIуллакхна юьстах лаьттийла дац Нохчийн Республикин а. Литературин шарна лерина алсам цхьаьнакхетарш ду Нохчийчохь а дIахьош. Царах цхьаъ дара 2015-чу шеран 25-чу ноябрехь Нохчийн Республикин Iилманийн академехь дIаяьхьна конференци. Вайн махкарчу Iилманан а, дешаран а министерствоца цхьаьна Нохчийн Республикин Iилманийн Академис вовшахтоьхна яра иза. Конференцин тема яра оьрсийн сийлахь-воккхачу яздархочун Лев Николаевич Толстойн дуьнене хьежамех таханлерчу хьолехь пайдаэцар.
Конференци баьхкинера гуьржийн махкара хьеший. Цигарчу Iилманийн Академин президент Квеситадзе Георгий коьртехь волуш, йоккха делегаци яра Нохчийчу еанарг.
Конференци схьайоьллуш, Нохчийн Республикин Iилманийн Академин президента Гапуров Шах1рудис баркалла элира баьхкинчу хьешашна. КхидIа шен къамелехь цо дийицира бIешерашкахь Кавказана а, Россина а юкъахь лаьттинчу буьрсачу тIамах долчу оьрсийн яздархочун Л.Толстойн йозанашца долчу беркатах лаьцна.
Оьрсийн литературо кавказхошна бинчу тIеIаткъамах лаьцна къамел дира Нохчийн Республикин яздархойн союзан председатела, Россин пачхьалкхан премин лауреата, яздархочо Ибрагимов Кантас.
Конференцин коьрта доклад ларалуш дара философин Iилманийн доктора, профессора, академика Акаев Вахитас дина къамел. КIорггера Iилманан бух балош, Акаевс билгалдаьккхира оьрсийн яздархочун Л.Толстойн а, шайхан Кишиев Кунта-Хьаьжин а дуьненан хьежамаш цхьаьна богIуш хилла хиларх лаьцна.
Алссам Iилманчаш бара конференцехь дакъалоцуш. Царах дукхах болчара чулацаме къамелаш дира, конференцин мехалла лакхайоккхуш.
А.АРАПХАНОВА
№135, шинара, гIуран (декабрь) беттан 1-ра де, 2015 шо