«Терек» – «Зенит» – 4:1!

Премьер-лигин командашна юкъахь Россехь хьалхеяккхаран 2015–2016-чуй шерийн чемпионатан 17-чу турехь Соьлжа-ГIалара «Терек» 28-чу ноябрехь шен цIахь «Ахмат Арена» стадионан майданахь цхьаьнакхийтира Санкт-Петербургерчу «Зенитца». «Терек» оцу дийнахь шен цIахь тIаьххьара ловзуш яра хIокху шарахь. Цундела вайн футболисташ шайгара дика, чулацаме ловзар гайта хьаьвсира. Юьххьехь ала догIу: цу тIехь церан боккха аьтто а белира. Хьовсархойн дог Iабош, сатийсамаш кхочушбеш левзира соьлжагIалахой.

    Цхьаьнакхетаран хьалхарчу миноташкахь дуьйна ира тIелатарш дора «Терекан» футболисташа, тешам боллуш дика ловзура защитникаш а. Хьалхара тайм юккъе яханчу хенахь табло тIехь вайна юьхькIам болу терахьаш догура – 2:0. Ерриге а командин говза ловзаран жамI дара Митришев Мохьмада а, Рыбус Мацис а, «Зенитан» кевнна чу тоьхна буьрканаш.

Бакъду, «Зенитан» футболисташ а бацара Соьлжа-ГIала эша дагахь баьхкина. Цара а ира тIелетарш дора. Царах цхьаъ гол тохарца дерзийра похIмечу футболиста Халка. Оцу кхиамах уьш баккхийбина бовлале, юха а церан дог дохийра Митришев Мохьмада. Цо тоьхна буьрка схьалаца ка ца делира санктпетербургхойн вратаран – 3:1.

Хеталора, цул тIаьхьа   хIусамдай счет ларъян буьйлалур бу, цара тIелатарш лахдийр ду аьлла. Царна и дагадан меттиг ца йитира коьртачу тренера Р.Рахимовс а, хьовсархоша а. Цара команда йохье йохура, тIелатаре кхойкхура. Ткъа «Зенитан» футболисташ шайн рогIехь кIоршаме ловза буьйлабелира, шаьш тоьларг хиларх болу тешам лах мел бели а. Церан гуттар а чIогIа дог дохийра М.Рыбуса тоьхначу йоьалгIачу буьркано – 4:1.

Оцу жамIаца дирзира цхьаьнакхетар. РогIерчу турехь, 3-чу декабрехь Нохчийчоьнан коьрта команда хьошалгIахь Саранскерчу «Мордовица» ловзур ю.

Турниран таблицехь «Терек» 5-чу меттехь ю, ткъа «Зенит» – 4-чу меттехь.

А.ТУРШИЕВ

 

№135, шинара, гIуран (декабрь) беттан 1-ра де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: