Билгалдаьккхира хьехархойн университетан 35 шо кхачар

Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университето арахецна 20 эзар сов говзанча. Тахана Нохчийчохь а, Россин кхечу регионашкахь а школашкахь, ССУЗашкахь, ВУЗашкахь а болх беш бу уьш.

   Республикин коьртачу сцени тIера хьехархошна лерина дуккха а баркаллин дешнаш хезира дIадаханчу шоьтан дийнахь. Истори йоца елахь а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан шен ламасташ а, тIаьхьалонна яккхий таронаш а ю. Юбилейна лерина цхьаьнакхетар дIадолийра   Университетан ректоран Халадов Хож-Ахьмадан декъалдаран дашца. Цо доцца дийцира университетан дахарх а, хьалхалаьттачу Iалашонех а лаьцна.

Тахана нохчийн хьехархойн ВУЗ мехкан ВУЗийн рейтингехь тоьллачу меттигашкахь ю. Цуьнан белхан лаккхара мах хадор лара мегар ду ВУЗана кхушара дуьйна университетан статус ялар а. Библиотекин фондехь 200 000 сов дешаран литературин экземпляр ю. Цул сов, ВУЗан библиотечни-хаамийн туш Къилбаседа Кавказехь тоьллачарех цхьаъ ю. Лекцийн залаш, аудитореш, лаборатореш, компьютерийн классаш оьшучу гIирсашца кечйина ю. Iилманан дарж долчу белхахойн барам 60 процент сов бу.

ВУЗана юкъайогIуш бархI факультет ю. Карарчу хенахь университето уггаре а оьшуш болу говзанчаш кечбо. Иштта жигара дIахьош бу Iилманан а, талламан а белхаш, кхиамца болх беш аспирантура а, магистратура а ю. Россин а, юххерчу а, генарчу а мехкийн дешаран туьшашца юкъаметтигаш а ю лелош. Боккха тидам тIебохуьйту студенташ ийманехь кхетош-кхиорна.

Университетан къаьсттина дозалла ду дешна бевлларш. Царна юкъахь кIезиг бац пачхьалкхан гIуллакххой, Iилманчаш, гIарабевлла бевзаш болу хьехархой.

Университетан белхахой, студенташ, цигахь дешнарш декъалбеш, дош элира Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитела Жамалдаев Шаида, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун заместитела Нагаев Iадлана, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала, Нохчийн Республикин Iилманийн Академин президента Гапуров ШахIрудис, Нохчийн Республикин Парламентан депутата Хазбулатов Бекхана, дуккха а кхечара.

Дешаран заведенин цхьамогIа белхахой билгалбехира министерствийн, ведомствийн Сийлаллин грамоташца а, кхечу совгIаташца а.

Даздарш дерзийра Университетан кхоллараллин тобанаша хIоттийначу йоккхачу концертаца.

(НПХЬУ-н дахарх мелла а шуьйра дуьйцу 2-чу агIон тIехь).

 

И.ХАСАХАНОВ

 

№135, шинара, гIуран (декабрь) беттан 1-ра де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: