ДIадаханчу кIирандийнахь билгалдаьккхира Ерригроссин ненан де. Цу денна лерина тайп-тайпана даздарш дIадаьхьира Нохчийн Республикин гIаланашкахь, ярташкахь. Цхьа а культурин кхерч юьстах ца бисира оцу балхана.
Шен нана а, берриге а наной а дезачу денца декъалбира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана инстаграмерчу шен агIон тIехь.
«Хьомсара наной! Дала декъалдойла шу дезачу денца! Даима барт, ийман, ирс, беркат хуьлийла шун доьзалшкахь!
Уггаре а довха, даггара дешнаш ала лаьа суна сайн хьомечу нене Айманига. Цуьнан дахарехь дуккха а халонаш, баланаш, зераш нисделла, ондда собар, ницкъ, ийман, доьналла долу стаг бен чекхвалалур вацара царех. ХIора а ненан, кIентан, йоьIан лазамах кхеташ, дог лозуш а ю иза. Кхелхинчу полицин белхахойн доьзалшна, цомгашчарна, мискачарна, къеначарна денна гIо до цо. Цкъа а цуьнгара вуон дош хезна дац суна цхьаннах лаьцна а.
Хьомсара нана, лараме зударий, могаш, ирсе дехийла шу!» – яздинера Р.Кадыровс шен декъалдарехь.
Гуьмсерчу Культурин кхиаран туьшахь йоккха концерт хилира Ненан денна лерина. Цигарчу даздарехь дакъалецира Нохчийчоьнан промышленностан, энергетикин министра Таймасханов ГIаласа, Гуьмсан районан куьйгалхочо Хизриев Заура, Россин МВД-н Гуьмсан районехула йолчу отделан хьаькама Герзелиев Зеламхас, кхечара. Белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу бакъонаш ларъяран органийн белхахойн наной дезачу денца декъал а бира, царна совгIаташ а делира З.Хизриевс. Цул тIаьхьа наношна лерина концертан программа гайтира туьшан белхахоша.
Наношна лерина даздарш хилира Нохчийн Республикин пачхьалкхан учрежденешкахь, ведомствошкахь. Коллективера зударий Ненан денца декъалбира республикин финансийн министран заместитела Аддаев Абубакара а (ведомствон куьйгалхо Рассуханов Iусман белхан гIуллакхашца республикел арахьа вара). Иштта кхийолчу министерствийн, ведомствийн куьйгалхоша а дезачу денца декъалбира шайн коллективашкара зударий, наной.
А.СУЛИМАНОВА
№135, шинара, гIуран (декабрь) беттан 1-ра де, 2015 шо