Нохчийчоьнан Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира регионан прокурорца

Цхьа а шеко йоцуш, вайн дерриге а халкъан коьрта лазам хилла дIахIоьттина терроризман а, экстремизман а идеологаша хIокху дуьненахь даржош долу питанаш а, зуламаш а. Цундела ларамаза дац Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана оцу зуламна дуьхьал къийсам дIабахьаран декъехь деш долу а, дан дезаш долу а гIуллакхаш бакъонаш ларъяран, динан, юкъараллин организацийн векалшца, кхечаьрца кест-кеста дийцаре дар.0b85d5009c649ff506b8474121cd4656

   Иштта, масех де хьалха Нохчийчоьнан прокурорца Абдул-Кадыров Шарпуддица хиллачу рогIерчу цхьаьнакхетарехь хиллачу къамелехь Кадыров Рамзана коьрта тидам тIебахийтира терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал къийсам дIабахьарехь оцу ведомствон куьйгалхоша а, белхахоша а дIахьош болчу къийсаман жамIаш дийцаре дарна.

Бакъонаш ларъяран органаша зуламаш дарна дуьхьал дIахьош болу болх цхьаьна балош, оцу тIехь сема терго латтош волчу регионан прокурора дийцира тIаьхьарчу цхьана шарахь терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал къийсам дIабахьарехь а, профилактика ярехь а динчу гIуллакхех лаьцна. Цуьнца доьзна дийцаре дира «ИГИЛ» террористийн организацех дIакхета вайн республикера кегийрхой дIаэхар сацорехь дан деза гIуллакхаш. Ш.Абдул-Кадыровс дийцарехь, Шемахь болчу Нохчийчуьрчу кегийрхойн цIерш евзаш ю. Царах хIораннан гIуллакх толлуш ду. Прокурора чIагIдарехь кху шеран (ноябрь) лахьанан бутт тIекхочуш 311 стагана 292 уголовни гIуллакх долийна. Пачхьалкхан Iедалан органаша а, меттигашкахь шаьш урхалла даран органаша а маьждигийн имамашца, районийн къеданашца цхьаьна кегийрхошца кхеторан болх дIабахьар бахьанехь тIаьхьарчу хенахь хаалуш дац вайн кегийрхой Шема дIабахана хилар.

Шен къамел дерзош, Кадыров Рамзана билгалдаьккхира оцу декъехь беш болу болх кхин а чIагIбан безаш хилар, белхан эвсаралла лакхаяккха езаш хилар. ХIунда аьлча Курчалойн районехь хиллачу бохамо гойту терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал дIахьош болу болх а, къийсам а кхачаме цахилар. Цул сов, цо прокурорана тIедиллира антитеррористически комиссин рогIера йоцчу кхеташонна оцу гIуллакхан хьокъехь доклад кечъяр. Кхеташо дIахьур ю Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана куьйгалла а деш.

 

Д.АНАДЕВ

№135, шинара, гIуран (декабрь) беттан 1-ра де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: