«Вайна дахар а, йовхо а луш йолчунна…»

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу пачхьалкхан галерейхь, Ерригроссин юкъараллин «За Россию» Халкъан фронт боламан Нохчийн Республикехула йолчу региональни отделенин гIоьнца «Вайна дахар а, йовхо а луш йолчунна…», – аьллачу кхайкхамца кечбина гайтам схьабиллира. Ненан Денна лерина бара иза.Снимок

Ненан де – иза уггаре а дагах кхетачу дезчу денойх цхьаъ ду. Россехь ноябрь беттан тIаьххьарчу кIирандийнахь билгалдоккхуш ду иза. Нанойн хьуьнар, къинхьегам, майралла, церан шайн доьзалан а, къоман а дуьхьа хьанал бахар билгалдаккхар ю цуьнан Iалашо. Цу денна лерина суьйренаш, цхьаьнакхетарш, гайтамаш, концерташ хилира вайн республикин массо а районехь.

Пачхьалкхан галерейн белхахой а юьстаха ца бисира оцу гIуллакхна. Цара вовшахтоьхначу гайтамехь художникийн О.Эркенован, А.Шамиловн, Р.Автиевн, С.Эльмурзаевн суьрташ дара.

Гайтам схьабоьллучохь дакъалецира республикин интеллигенцин векалша а, лакхарчу дешаран заведенийн студенташа а. Художникаша шайн Дала делла похIма гучудоккхуш гайтина Ненан васт массеран дагах кхеттера.

Галерейн белхахоша дийцира  хIора суьрта тIехь гайтинчу турпалхочун дахарх, кхолламах лаьцна. Царна юкъахь вайн заманхой Кадырова Аймани, Кадырова Медни, Айдамирова Машар, ткъа иштта дика наной хилла ца Iаш, къинхьегаман новкъахь баккхий кхиамаш баьхна зударий а бара.

«Жимачохь дуьйна, ваьш дуьненчуьра дIадаххалц ненан хьоме сибат даг чохь кхобуш деха вай. Вайх уггаре а дика кхеташъерг, вайна даггара къинтIера яла кийча ерг иза  Нана ю. Цуьнан дикаллах, къинхетамах, хазаллех лаьцна хийлаза дийцина дош говзачу поэташа, цуьнан шатайпа васт гайтина художникаша. Цо къам кхиадо, цунна тIе бохам хIоьттича кIелхьара а доккху», –   билгалдаьккхира шен къамелехь галерейн директора Болотбиев ХIарона.

Дуккха а довха, хьакъ долу хаза дешнаш элира нанойн цIарах. Царна лерина иллеш, эшарш лекхира.

Искусство езархойн таро хир ю А-Хь.Кадыровн цIарахчу пачхьалкхан галерейхь болчу гайтаме декабрь бутт юккъе баххалц хьовса.

 

З.ХИЗИРОВА

Авторан суьрта тIехь:  А-Хь.Кадыровн цIарахчу  галерейхь  гайтам    

№136, еара, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: