Ненан денна лерина дарс

Шуьйтан районан Пхьамтарчу юккъерчу школехь Нанойн денна лерина дарс хилира 8-чу классан дешархошца. Иза дIахьош нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Сапарбаева Лариса яра. Дакъалаца баьхкинера Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан векал Сусханов Мохьмад, Коалици «МОД» проектан векалш, Шуьйтан районан Дешаран отделан векал Баматгириев Мансур, администрацин куьйгалхочун Консультант Абдулвахидов Асламбек, кхиберш. Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон а, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин а гIоьнца вовшахтоьхна гIуллакх дара иза.IMG-20151130-WA0006

Регионан юкъараллин «Коалиция» боламан куьйгалхочо Яхъяев Денис шен къамелехь билгалдаьккхира оцу цхьаьнакхетаран коьрта Iалашо дешархошна шайн къоман мотт, гIиллакхаш, Iадаташ муха хаьа хьовсар а, керланиг царна довзийтар а хилар.

– Матто къаьсттина йоккха меттиг дIалоцу вайн юкъараллин дахарехь. Иза дика хууш волчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана нохчийн мотт Iалашбайта  дуккха  дика гIуллакхаш  дина. Цо динчу гIуллакхех баьлла пайда бу тахана вайн тIекхуьучу къоначу чкъуро схьагойтург. Вайн кегийрхой хIинца мелла а кхиъна богIу нохчийн гIиллакхаш, Iадаташ, ламасташ довзарца. Нагахь вайна вешан мотт биса лаахь, вай массара а къахьега деза цу декъехь, – бохура Д. Яхъяевс – Махках даьхначу  шерашкахь а  вайн культура а, мотт а ларбина вайн дайша. И диц дан а ца деза вай, кегийрхошна дIадовзийта а деза.

Цул тIаьхьа къамелан рагI дарс дIахьош йолчу нохчийн меттан а, литературин а хьехархочуьнга  Сапарбаева Ларисе кхечира.

– Мотт – иза Дала вайна белла бу, кхидолчу къаьмнашна а белла ма-хиллара. Цхьа а мотт бац ирча. ХIора а мотт беза бу. Къаьмнех къам къастош хIора а къомана шен-шена белла Дала мотт. Вешан мотт ларбар – иза вайн декхар ду Далла гергахь а. Бийца а, язбан а хаа деза вайна иза, – элира цо.

Нохчийн меттан дарсехь, дакъалацархошна хьалха  шайн хьехархо юьхькIайчу а хIоттош, чIогIа дика хаарш а гайтира  дешархоша, нохчийн гоьбевллачу поэтийн стихаш а йийшира. Церан хааршка хьаьжча гуш дара Сапарбаева Ларисас шен болх безаш а, бераш дукхадезаш а беш хилар. Дарс муха дIахьо хьожуш леррина ладоьгIуш оццу школин директор Альвиев Iийса а вара.

Цхьаьнакхетар дерзош вайн юьйцучу нохчийн меттан а, литературин а хьехархочунна Сапарбаева Ларийсина регионан юкъараллин «Коалиция» боламан  Сийлаллин грамота а, иштта дешархошна яздархойн Союзан правленис яийтина книгаш а, «Нана» журналаш а делира.

И. МАТАГОВ

№136, еара, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: