Республикин Берийн С.В.Михалковн цIарахчу библиотекехь «Могашчу дег1ехь теле – могаш са» темина лерина «горга стол» хилира. Иза вовшахтоьхнера библиотекин белхахоша. Цигахь дакъалецира библиотекин ешархоша а, А.-Хь.Кадыровн цIарахчу №1 йолчу гимназин 7,89-чуй классийн дешархоша а, №18, №65 йолчу школийн дешархоша а.
«Горгачу стоьлехь» дакъалецира Россин хьакъволчу тренера, Нохчийн Республикин хьакъволчу хьехархочо П.Умаровс, «Вайнах» ансамблан хелхарчас Галогаев Ислама, Берийн библиотекин директора Сайдумова Зулайс, библиотекин медиатекин заведующис Паршоев Муслима.
Адамийн могашчу Iер-дахарна лерина яра «горга стол». Цигахь йийцаре йира хIара ши тема: «Наркотикийн тIаьхье кхане йоцуш ю», «Нохчийн Республика – терроризм а, экстремизм а йоцуш, маьрша мохк».
Берийн библиотекин директоран заместитела Хажаева Дешис билгалдаьккхира, терроризм а, экстремизм а, адамаш талхош, доккха зулам хилар. Цул тIаьхьа, «горгачу стоьлан» дакъалацархоша роггIана шайна хетарг элира.
«Вайн кегийрхой вайн къоман а, мехкан а кхане ю. Цундела, вайн мехкан дика цIе яккхийтарехьа къахьега деза къоначара. Спортан къийсадаларшкахь толамаш бохуш болчарех масал эца хьовса деза. Дикачу адамех Iама хьажа веза массо а. Школехь дика дешар – иза дешархочун уггаре а коьрта декхар ду. Цул сов, шен деца, ненаца дика хила а, хьехархой лара а декхарийлахь ву массо а дешархо», – элира П.Умаровс кегийрхошка шатайпана кхайкхам беш.
Къоначара цу хьокъехь шайна хетарг элира. Таханлера дешархой кхана лоьраш а, инженераш а, гIишлошъярхой а хилла дIахIитта безаш хиларх лаьцна дийцира цигахь.
Шайн дешарца бала болуш, мукъа хан пайдехь долчу гIуллакхана бен ца йойъуш къонанаш хилахь, корта бахочу маларшка а, наркотикашка а марзлур а бац, бусалба динехь доцучу харц хIуманаш дуьйцучарех Iехалур а бац. Кегийрхоша зулам дича, шайна вуон дина ца Iаш, шайн чуьрачарна а, гергарчарна а бала бо цара.
«Горгачу стоьлан» болх берзош, Берийн библиотекин директора Сайдумова Зулайс, Соьлжа-ГIалин школийн дешархошна юкъахь конкурс дIакхайкхийра. «Ас цигаьрка узур яц хIокху бахьанашца доьзна…» аьллачу темина лерина ю конкурс. З.Сайдумовас хаийтира конкурсан жамIаш тIедогIучу шеран май баттахь довзуьйтург а, цуьнан толамхой билгалбохург а хилар. Цу тIехь берзийра «Горгарчу стоьлан» болх.
З.САНОВА
Суьрташ тIехь: «Горгачу стоьлан» дакъалацархой
№136, еара, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де, 2015 шо