«Башлам» – Йоккхачу АтагIахь
ХIокху деношкахь Берийн республикин эшарийн а, хелхарийн а «Башлам» ансамбло концертан программа елира Йоккхачу АтагIарчу Эсамбаев Махьмудан цIарахчу Культурин цIийнехь
Йоккхачу зала чохь гулбелла дуккха а хьеший бара: Грозненски администрацин куьйгалхо Хасиев Бекхан, иштта хьехархой, дай-наной, кегийрхой. Берийн хIора а сцени тIе бовлар дехха тIараш деттарца тIеоьцура хьовсархоша.
Ансамблан дакъалацархошна баркалла а олуш, Б.Хасиевс билгалдаьккхира кегийрхоша дешарехь, спортехь, иштта культурехь доккха дакъалоцуш хилар а, республикин куьйгалло царна кхиарна а, шайн ницкъаш зерна а кхоьллина дерриге а хьелаш хилар а.
Нохчийчоьнан къона музыканташ – Махачкаларчу фестивалехь
Соьлжа-ГIаларчу къоначу музыканташа дакъалецира Махачкалахь дIаяьхьначу XVI-чу Воронова Иветтан цIарахчу Къоначу музыкантийн регионан фестивалехь
Фестиваль дIаяьхьира Дагестанерчу ГIумкийн театран залехь. Махачкалара, Каспийскера, Избербашера, Дербентера, ГIизларара, Элистара, Соьлжа-ГIалара 250 къона артист вара цигахь дакъалоцуш.
Цигахь шайн музыкин хаарш зуьйш бара СССР-н халкъан артистан М.Магомаевн цIарахчу школин дешархой.
Фестивалан берриге а дакъалацархой сцени тIе бовлура Камерный оркестран солисташ санна. Царна дипломаш а, мехала совгIаташ а дира.
Л.ДАУТОВА
№136, еара, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де, 2015 шо