Дукха хан йоццуш Нохчийн пачхьалкхан университетехь Гуьржийчуьра Къоман Iилманийн Академин президент Квеситадзе Георгий коьртехь а волуш делегаци хилира.
Хьешашна юкъахь вара Тбилиссин пачхьалкхан университетан Гуьржийчоь комплексни кхиоран гIуллакхаш талларан туьшан директор Метревели Леван а, Гуьржийчоьнан мукъачу студентийн Союзан председатель Метревели Николоз а.
Нохчийчоьнан пачхьалкхан университетан ректорца Саидов Заурбекца цхьаьнакхийтира уьш. Цигахь дешаран хьокъехь къамел хилира церан. Хьешаша лаккхара мах хадийра Нохчийчохь дешаран системин кхиоран.
Иштта, юкъарIойлин комплексе хьовса бахара делегацин декъашхой. Цул тIаьхьа, Гуьржийчоьнан Къоман Iилманийн Академин президент Нохчийн пачхьалкхан университетан студенташца цхьаьнакхийтира. Квеситадзе Георгийс доклад йира. Студенташа цунах боккха пайдаийцира.
«Нохчийчу тхо дахкаран коьрта Iалашо ю вайн къаьмнашна юкъара гергарло чIагIдар. Кхузахь сан таро хилира университетан ректорца а, студенташца а цхьаьнакхета. Со тешна ву, вайн гергарло кхидIа а чIагIлург хиларх», – элира Г.Квеситадзес.
З.ХАСИЕВА
№136, еара, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де, 2015 шо