Дешаран керланаш

Экзаменийн керла кеп

Пачхьалкхан жамIан аттестаци (ГИА), 9 класс чекхъяккхаран экзаменийн керла форма, 2002-чу шарахь дуьйна а Россин тайп-тайпанчу регионашкахь юкъаялийна. Стохка дуьйна а Нохчийн Республикин школашкахь а 9-чу классерчу дешархоша дIалуш ю леринчу бланкаш тIехь, тестированин кепара  оьрсийн меттан а, математикин а экзаменаш. Дешаран а, Iилманан а министерствон юкъарадешаран декъан куьйгалхочун заместитела Джаубатыров Iийсас дийцарехь, вайн республикехь а 9-чу классан дешархой декхарийлахь бу коьрта пачхьалкхан экзаменаш дIаяла оьрсийн меттан а, математикин а, нохчийн меттан а предметашкахула, кхин шиъ харжа еза шайн лаамца, ерриге а пхиъ ю. Хьалхарчу шина экзаменан тIедахкарш федеральни центро кечдина, ткъа нохчийн меттан экзамен кечъеш ю Дешаран проблемийн институто, республикин Iилманан Академино, белхахойн корматалла лакхаяккхаран институто Дешаран а, Iилманан а министерствоца цхьаьна. Цо дийцарехь, экзамен дIаяхьаран къепенан болх чекхбалаза бу.

29012013

КхитIе долчу дешаран болх

кхачаме хиларан мах 23 гайтамаца хадор бу, аьлла тIечIагIдина Дешаран а, Iилманан а министерствос.

– И гайтамаш шен-шен хир бу кхитIе долчу дешаран учрежденин, цуьнан куьйгалхочун, белхахочун, – дийцира дешаран министран заместитела Усманов Ахьмада.  ХIинццалц кхоллараллин цхьаьнатохарш а, тайп-тайпана кружокаш а алсам хилар кхитIе долчу дешаран учрежденийн болх кхачаме хиларан гайтам хиллехь, хIинца дуьйна цуьнца цхьаьна лорур ю экспериментан майданаш а, Iилманан-талламан болх а, компьютерни зIе хилар а, интернет-сайтан болх а, берийн корматаллаш а, цара конкурсашкахь, олимпиадашкахь дакъалацар а, хьехархойн, белхахойн говзаллаш а. Ишттачу гIуллакхийн мониторинг яро цхьана агIор учрежденийн ледара агIонаш гойтур ю, вукху агIор таро хир ю кхитIе долчу дешаран ерриге а учрежденешкахь кхачаме гIуллакхаш цхьабосса дика хилийта, – билгалдаьккхира А.Усмановс.

Т.АЛИЕВА

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: