Имам Шемалан наибах Гуьнарчу Гехех лаьцна

Гехех лаьцца вайн къоман исторехь яздина охьадиллина кIезиг ду. Цундела, вай хIара могIанаш яздеш пайдаоьцур бу вешан дайшкара ваьшка кхаьчначух (полевой материал).IMG_1407

   Гуьнарчу Бугаев Даков-Хьаьжис а (90 шо долуш волчу), Хьаьжин-Эвларчу Пайзулаев Мохьмада а (60 шаре ваьллачу) дийцарехь Геха дуьнен чу ваьлла 1820-чу шерашкахь Гуьнахь.

Ша жима волуш дуьйна, хьекъалца, кхетамца, гIиллакхца, дешарца, доьналлица шен хенарчу берех къаьсташ хилла. ХIара жима а волуш, хьалхе кхелхина цуьнан да Гуммалт. Амма девашас, Iабдуллас буо ца вуьту жима Геха. Шен доьзалца цхьаьна, бертахь везаш кхиаво. Хьуьжарехь деша аьтто а бо. Гехин деда ГIирма-Хьаьжа вайн махкахь дика вевзаш бусулба стаг хилла. ГIирма-Хьаьжис ХьаьжцIа ваханчохь ворхI шо хан йоккху, хIора шарахь хьаьж а деш. Маккахь цунна евза Iаьрбийн культура, Iема церан мотт. Цигахь бевза цунна Кишин-Хьаьжин дай (Дала къайле тойойла цуьнан).  Къаьсттина, цуьнан гергарло чIагIло Кунта-Хьаьжин дедеца Аманца. Амас ГIирма-Хьаьжина хоуьйту шена вайн махка Iан-ваха ван лууш хилар.

Оцу гергарлонна тIетевжий АмагIар ДегIастана бахка новкъабовлу. Амма уьш кIеззигчу ханна ГIумхахь (жIайхойн юрт) совцу. Цул тIаьхьа АмагIар ГIоьрдала богIу. ХIокху деношкахь карийна Амин а, Шовхалан а кешнаш цу юьртахь. Цо чIагIдо уьш цигахь баккъал а Iийна а, баьхна а хилар.

ГIоьрдалара Мелч-хе, цигара Иласхана-Юьрта, цигара Гуьна кхочу Кишин-Хьаьжин доьзал, ГIирма-Хьаьжех даьллачу беркатца.

ГIирма-Хьаьжин кIант хилла Iабдулла, ша вехаш волчу кIоштахь бакъонна тIехь ву аьлла цIе а яхана. Оцу шерашкакхь, хIинца санна дозанаш ца къасталуш хилла, имам Шемална цатарна кхоьруш, бакъдерг дийца нах баьхьаш ца хилла. Бакълен ваьхьачарах ву, аьлла нохчашний, жIайхошний  (суьйлашний) юккъехь доза къасто вигна хилла имам Шемала Iабдулла (бохуш дуьйцура Марзой-Махкарчу Iабдуллин кIентан Кериман кIентан кIанта Сайд-Iалвис, шен 86 шо долуш кхелхина 1978-чу шарахь).

Цо и доза ма-дарра къастор тайначу Шемала шен наиб хила веза хьо, я хьан  кIант, олий дарж кховдадо Iабдулле. И деза дарж тIеэца ша вокхахилла, шен кIантал хьуна гIолий хир волуш шен вешин, Гуммалтан воI ву, доьналлехь а волуш, тIеман гIуллакх а девзаш, дешна, Iелим а волуш, и воуьйтур ву ша хьуна аьлла хилла.

И тайначу имам Шемала 1840-чу шерашкахь, Веданна юххехь долу латтанаш а лой, Гехех шен наиб во. Оцу даржехь имам Шемал вохаваллалц (йийсар ваххалц) лаьтта Гуьнара Геха. (Нохчи оьрсийн а, кавказахойна тIамехь изд. «Седа» «Грозный» ш. 1998 ш., агIо 212). Хажаев Далхана а, Гапаев Iабдуллас а яздо Эвтархойн Ахьмада, а гунойн Гехас а 1847–1848-чуй шерашкахь паччахьан эскарна дуьхьал бинчу тIамах лаьцна (циггахь агIо 257).

25 шарахь оьрсийн пачхьалкхаца бина тIом чекхболу 1859-чу шарахь. Шемал цу Iедална каравахарца. Веданахь а, кхийолчу кIошташкахь а санна паччахьан Iедал дIахIутту. Оцу Iедало цхьа хан яьлча, Гехица болу халкъан ларам шайна гучабаьлча, цуьнга шайца болх бар доьху. Оцу дехарна, шайн нахаца дага а волий, Гехас жоп ло. Иза Веданахь долчу Iедалан векал хуьлий дIахIутту. (циггахь агIо.212).

И хан Кишин воI Кунта-Хьаьжа (Дала къайле тойойла цуьнан) нахана баккъал вевзина хан ю. (1847-чу шарахь гIалгIашна шуьйрра бусулба дин довзийтина, нохчийн къоман зуькаре безам кхоьллина и. дI.кх.) Иласхан-Юьртара Гуьна хьала а веана, шегара беркат гуношна а, кхиболчу нахана а довзийтина.

Цхьана дийнахь хIинца йолчу Хьаьжин-Эвла юккъехь шен цIенна юххехь лаьтташ хиллера Кунта-Хьаьжа а, цуьнан доттагIа воккха Керим а бохуш дуьйцу Гуьнарчу Гехи некъах волчу Анзора.

Шен говрахь Ведана балха ваханчура цIавогIуш хиллера Геха. И гинчу Хьаьжис аьллера: «Говре са а даIуьйтуш, охьавоссий, Веданарчу Iедало хIун боху дийцахьа», – аьлла. Цигарчу Iедало хьо хитти шега, нах вовшах бетташ, Iедална дуьхьало яре кхойкхуш лелаш ву боху хьо. «Ахь хIун элира?» – хаьттина Хьаьжас. Ша хьо гIийла, миска стаг ву элира, цхьанна а новкъа вац, нах дикане кхойкхуш ву элира, тIамна дуьхьал ву элира. Иштта хьо хилар чIагIдеш кехата тIе куьг а таIий ша церан дехарца, аьлла хилла. Вайна ма-гарра, оцу халчу хенахь паччахьан Iедална хьалха Гехас Хьаьжин агIо лоцу. И шена хиъначул тIаьхьа Хьаьжис аьлла бохуш дуьйцура юьртарчу баккхийчу наха: «Геха, тахана суна а, паччахьна а юкъара хили хьо, кхана хьуна а, Далла а юкъара хила дош ло ас» («Назманаш» 2003 ш. агIо I.Джанаралиев).

Геха, ша хьаьким ву аьлла ца Iаш, шен юьртахошца а, кхиболчу нахаца а чIогIа гIиллакхе, къинхетаме хилла бохуш вуьйцу. ГIиллакхах ца воха нехан хоттала яхана говр ойъуш гIо деш лазар а иккхина валар хилла Гехин 1862-чу шарахь.

Юьртарчу бакхийчара дийцарехь, Геха велча, цунна маха (стаг велча деш долу 70 эзар зуькар) Кишин-Хьаьжис (Дала къайле тойойла цуьнан), гуношна имамалла дан валийначу Элистанжарчу Дебич-Моллас хьалхара а олуш кешнашкахь бина. Маха бинчул тIаьхьа юьртахошна юккъехь хеттарш дуьйладелла хилла. Хьаьжис ша Гехиний Даллий юкъара хир ву а ма аьллера, и кхузахь ма вац, бохуш.

Оцу хенахь Кишин-Хьаьжа схьакхаьчна, цо иза лахьтичу а виллина, цул тIаьхьа барза тIе куьг а хьаькхна аьлла боху: «Хьан тIаьхье воьалгIачу дега кхаччалц сайн яIни тIе леци ас», – аьлла (Цхьаболчара тIехьайогIу ерриг тIаьхье тIелаьцна бохуш а дуьйцу).

Иштта дIаделира имам Шемалан наибан Гехин дахар. Делахь а, иза вицвина вац гуноша. Тайпана юккъехь цуьнан некъех нах бу шаьш оьзда а, гIиллакхе а, доьналлехь а болуш.

 

Ибрагимов Мовсур,

историн Iилманийн доктор

№136, еара, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: