Докка бохучу цIарца вевзаш ву эвлаяъ Нохчийчохь а, цул арахьа а. Иза Зандакъойн тайпанах ву. Девкар-Эвла йиллинчарех бу цуьнан дай. Доккин деда ГIойтакъ хилла, цуьнан да ГIойти, цуьнан да Бетар, цуьнан да Бешар, цуьнан да Кхахка хилла. Iабдул-Iазиз (Докка) дуьнен чу маца веана билггал хууш дац. Герггарчу хьесапехь ХIХ бIешеран шовзткъе уьтталгIачу шерашкахь дуьнен чу ваьлла олуш схьадеана иза. Доккин нана ГIиста ю, ткъа да Шептукъ ву. Ден цIарха кхоллаелла цуьнан фамили.
Шептукъ кIорггера дешна Iеламстаг хилла. Цунна тIехдика хууш хилла Iаьрбийн мотт. Къуръан дика доьшуш а, цу тIерачу суратийн, аятийн маьIна дан хууш а хилла. Девкар-Эвлахь а, гуонахарчу ярташкахь а къеда хилла Шептукъ. Цуьнан кIанта – Доккас хьуьжар Гуьмсана уллехь йолчу Энгел-Эвлахь чекхъяьккхина. Цунна дика хууш хилла Iаьрбийн мотт. Шен дегахь санна доккха Iилма а хилла цуьнгахь.
Доккин устаз хилла ЧIаьнти-Юьртара Элах-Молла. Цуьнга боккха лерам хилла Доккин. Эвлаяана-устазана иза а чIогIа везаш хилла. Цундела, цунна гIо дина Дела везарехь соввала, шен Iамал-Iибадат тодан. Церан уьйр-марзо хадон ницкъ ца кхочу меттанаш деттачу нехан. Элах-Молла меттанаш деттий, лоций, набахти чу вуллу. Юха Сибрех дIахьажаво. Ша новкъаваккха баьхкинчаьрга цо дIахьедо шен метта ша Докка вуьтуш хилар. Цунна ницкъ ца бар а, иза дукха хьийза ца вар а доьху цо (доIанаш де бохуш).
Элах-Молла каторге дIахьажийначул тIаьхьа Девкар-Эвла Докка волчу веана Таьшкичуьра Абу а, Апти а. Цаьршимма дийцина шаьшшиъ цуьнга Моллин мухIар дIадала веана хиларх лаьцна. Элах-Моллас весет дина хиллера Аптига а, Абуга а шен мухIар цуьнга дIа а ло, шен метта вуьсуш верг и вуй цуьнга дIа а хаийта аьлла. Делахь а Доккас, шена къинтIера довлар а дехна, мухIар дIа ца эцна. Моллигара шена цхьа а хаам ца хилла, билгало а ца хилла, иза ца хилча шен бакъо яц аьлла цо мухIар схьаэца.
ХIетте а Абус а, Аптис а нуьцкъаха цуьнга пIелгах диллийтина мухIар, иза Камил-Шайхан Элах-Моллин некъ дIакхоьхьуш верг хилар чIагIдеш. Цул тIаьхьа а шина шарахь Iийна Докка нахе тоба ца дойтуш, накъшбандин тIарикъатехь болчу нахана хьалха ца волуш. Делера шега хаам хиллачул тIаьхьа бен ца хIоьттина иза оцу новкъа.
Докка-Шайхан дуьхьарлера мурд ТIога хилла. Цкъа ТIога чIогIа цомгаш хилла. Массарна а моьттуш хилла цунна дарба хир дац, иза оцу цамгарх кхелхар ву аьлла. Иза цомгаш хилла хилар хиъна Доккина. ТIаккха цунна гучувала вахана иза. Эвлаяъ дIакхочучу хенахь ТIогин гергарнаш тезет хIотто кечлуш хилла. Оццул гIийла хилла иза, хIинций-хIинций дIаволу бохуш. Циггахь тIекхаьчначу Доккас цомгашчунна марздина чай луо аьлла. Массо а цецваьлла цо и аьлча. СадоьIуш хаалуш воцчу стага чай мер ду бохург аьттехьа дуьтуш ца хилла цара. Дукха хан ялале цуьнга дIакховдийна чайнан кад. Иза дIамеллачул тIаьхьа ТIога шен меттахь охьахиъна, цул тIаьхьа дукха хан ялале меттара хьала а гIаьттина, то а велла, дIавахана…
Доккас аьлла хIокхунна вала хьалхе ду, кхин а 15 шарахь вехар ву иза. Цомгашниг волчу веана, цу хенахь цу чохь хилла ИбрахIим, халкъалахь шех «Кхойкху ИбрахIим» аьлла цIе яхана волу. Цунах иштта олуш хилла иза мохь тоьхнна хабар дуьйцуш, аз чIогIа долуш хиларна. Сара гIаш юккъе а буьллий, говрахь ву ша бохуш лелаш хилла ИбрахIим. Эвлаяан дакъа долуш, Дала караматаш делла, дика стаг хилла.
Доккас ТIога кхин а пхийтта шарахь вехар ву аьлча, шен «говр хаьхкина» ТIогин нана йолчу веана, цуьнга кхаъ баьккхина хьан кIентан Iожалла пхийтта шарна юхатеттина аьлла. Дийцарехь, цул тIаьхьа нийсса пхийтта шо даьлча кхелхина ТIога.
Iабдул-Iазизан хIусамненан цIе ХIушти хилла. Иза Аьхкинчу-Борзера хилла. Цу шиннан ши кIант хилла – Iусман, Хасуха цIерш йолуш, кхо йоI а хилла – Бани, Меси, ХIали цIерш йолуш. Iусамас Элах-Моллин йоI Зайнап ялийна. Доккин йоI – Меси Iеламстагехь Эду-Хьаьжехь марехь хилла.
Докка, халкъалахь шен боккха сий-ларам хиллехь а, эхь-бехк лоьцуш, оьзда, гIиллакхе, тийна-таьIна лелаш стаг хилла. Шен и дан таро хиллехь а, цо цкъа а шена хьал-бахам а, аьтто а ца лехна. Цуьнан шен хьер хилла. Ши пхьарс хьалабинна къаьхьоьгуш хилла цо даима а. Къахьегар, болх бар къобалдеш хилла. Иза вевзаш хилла шен комаьршаллица а. Шен бахам гIийла-мискачарна дIабоькъуш хилла цо. Цхьанна говр луш, вукхунна етт луш, кхоалгIачунна эса луш. Къамел деха деш Iедал ца хилла цуьнан. Шеггара хIума ца олуш, Элах-Моллас аьлла, дийцина, олий, цунна тIетевжаш хилла.
Аьхкинчу-Борзерчу Дуки-Моллас хаьттина хилла Докке: «Устазах хIун пайда хир бу мурдана къемата дийнахь», – аьлла. Оцу хаттарна жоп луш Доккас аьлла: Къемата дийнахь устаза АллахIе доьхур ду шен мурдана гечдар; Делан пурбанца, къемата дийнахь устаза шен мурдана гIо дийр ду ерриге а халонаш лан; Делан пурбанца, къемата дийнахь устаза шен мурдана гIо дийр ду дерриге а зерех чекхвала а, Суьрта-тIайх дехьавала а; Делан лаамца, Таьшкичуьра Абу а, Апти а хьалха а волуш, устаза мурдана гIо дийр ду вайн Элчанан – Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) байракха кIел хIотта; АллахIан къинхетамца, устазан ницкъ кхочур бу шен мурд къемата дийнахь дIанисван; устаза мурдана ден долу гIо доьзна хир ду оцу мурдан ийманах, хьанал хиларх, дика хиларх, цIена хиларх. Шен дахарехь лелийначунна хьакъ йоллу ялсамани кхочур ю хIоранна а.
Доккас ца баьхна шена ма луъъу лелла мурд устаза шен тIома кIел лоцур ву. Хьаналчу дахарца, гIуллакхца, Iамал-Iибадатца яккха езаш ю ялсамани. Шен дахарца, леларца иза гайтина Доккас. Вовшашна дезаш хилалаш, бертахь хилалаш, доьзалехь а, нахана юкъахь а баьхна цо. Нохчашка вовшашца а, Теркан гIалагIазкхашца а бертахь, машаре хила баьхна.
Докка-Шайхан шен хIусамнана а, кIентий а кхалхаран къахьо лан дезна. Цуьнан хIусамнана ХIушти 1910-чу шарахь кхелхина, Iусама а, Хасуха а 1911-чу шарахь кхелхина. Докка а, Бамат-Гири-Хьаьжа а цхьана дийнахь ваьлла дуьнен чу. Бамат-Гири-Хьаьжас (Iовдас) даима а олуш хилла боху Докке: «Вайшиъ цхьаьна дийнахь веана хIокху дуьнен чу, цхьаьна дийнахь хIокху дуьненчуьра дIа а гIур ву». Цо ма-бохху хила а хилла. 1914-чу шеран 13-чу сентябрехь Девкар-Эвлахь тезет хIоьттина, Докка-Шайх дIаваьлла аьлла. Оццу дийнахь Калугера хаам кхаьчна (телеграмма) Бамат-Гири-Хьаьжа дIаваьлла хилар хоуьйтуш.
Докка Девкар-Эвлахь дIавоьллина. Тахана а цигарчу даккхийчу кешнашкахь ду цуьнан къуб чохь йолу зерат. Хаддаза адамаш лаьтта цигахь. Доккина (цо хьехна) вирд доккхуш, цуьнца тоба дина дуккха а мурдаш бу Нохчийчоьнан дуккха а ярташкахь. Эвлаяан тIаьхьенах болу нах, коьртачу декъана, Девкар-Эвлахь а, Горачеводскехь а Iаш бу. Уьш ШаптукаевгIар а,БаудиновгIар а, ЗияудиновгIар а, ХасуевгIар а, МухадиновгIар а бу. Шаьш Доккин тIаьхьенах хиларе терра гIиллакхе а, оьзда а, ийманехь а, эхь-бехк долуш а, комаьрша а нах бу уьш. Церан лерам бо юьртахоша а, махкахоша а.
Зорбане кечйинарг – С.ХАМЗАТОВ
№136, еара, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де, 2015 шо