Мила ву техьа яздархо? Муьлхачу адамах олуш ду те иза? Муьлха корматаллаш гучуйовлий кхоллало техьа цуьнан кхане? Нохчийн къоман юкъахь дуккха а хилла, хIинца болуш а бу шайх дозалла дан мегар долуш яздархой. Вайн махкахь церан цIерш ца евзаш цхьа а хир вац. Царах хIоранан шен дахаран а, кхолламан а некъ хилла. Цхьаволчун беха, тийна хилла иза, вукхуьнан боца хиллехь а сирла, къегина хилла. Муьлхачу новкъа вогIуш ву те тахана къона поэт Докаев Ваха?
Гуьйре. Шийла мох дегIах чекхбуьйлу. Дерзо бIаьрхишца елхайо макхъелла стигал. Адамаш хебна, хьаьрчина, сихачу боларца шайн гIуллакхе кхача гIерта. Амма, Михалков Сергейн цIарах йолчу берийн библиотекина тIебогIучу новкъахула вогIуш волу Вахин юьхь серлаяьккхина велакъажаро. Гуьйренан сибатех лаьцна байташ вовшахтуьйсу цо шен ойланашкахь. Цунна хетало, мажделла, хьийзаш, когаш кIел оьгу гIаш шена дуьхьал уьдуш, маршалла хоьттуш долуш санна. Шело хаалуш яц Вахина. Цуьнан бIаьргашна хьалха ерг деших, детих кхелина еана, тайп-тайпанчу беснашца хийцалуш, къайленех юьзна хаза гуьйре ю. Цунна иза ша тайпа, беркате, ирсе, экаме го.
Докаев Ваха вина Хьалха-Мартан районерчу Iалхан-Юьртахь, 1968-чу шеран 10-чу августехь. Чекхъяьккхина юьртара №2 йолу юкъара школа. Бераллехь дуьйна а шен нийсархойх тера вацара кIант. Цуьнан ойланаш гена йовлура берийн ловзарех, тIома йовлий, ирахъойий, стигал хьалавоккхура цара иза. Хеталора цунна ша баккъала цхьана генарчу паналлера хIара дуьне хаздан, Iаламан а, адамийн а дагара хаа ваийтина воккха хьаша волуш санна. Кхетам ловзаболий, корта хьаьвзий, са тIомадолий, шена хилларг хIун ду ца хууш, гIеххьа кхералуш зама йогIура Вахина. Дукха хьалхе кхийтира иза, ша кхечарех къаьсташ хиларх. Цунах кхеттачул тIаьхьа мокъа хан шега хIоьттина хьал довзарна тIеяхийтира цо.
Уггаре а коьрта лаам книгаш ешар бара цуьнан. Цаьрга болу безам, ларам мехалчарех цхьаъ бара ДокаевгIеран доьзалехь. Вахин да школехь хьехархо вара, ткъа нана библиотекарь. Бераллехь дуьйна кIентан довха гергарло тасаделира книгица. Кхийтира иза массо а некъ гойтург, массо а къайленна тоьхна догIа достург шена дарба хин дерг Iилма хиларх.
Делахь а, кхехка синкхетам синтеме богIуш бацара. Хаьара кIантана цхьа ша тайпанна керла хилам шен дахарехь кхоллабала безаш буйла. Шен ойланашна тIехь болх бан волавелира иза, шен амалш йовза, уьш Iамо хIоьттира, шен лаамашка ладогIа а, уьш шена нийса хетачу хорша берзо а. Боккха хилла а ца Iаш, инзаре боккха болх бара цо шена тIехь бинарг. ЖамIаш кеста гучудевлира. Дуьххьара кера къолам схьаэцча кхийтира Ваха шен синтем кхачийнарг хIун хилла а, муьлхачу шовкъехь хьийзаш шен сабIарзделла хилла а. Иштта дIаболабелла цуьнан кхоллараллин некъ. Хьехархошна сиха гучуелира Вахин корматалла, цо язъеш йолу стихаш ерриге а школин дозалла хилла екара.
1991-чу шарахь Докаев Ваха деша вахара Нохчийн Пачхьалкхан Университетан нохчийн а, юкъарчу а философин институте. Цхьа а де эрна ца дохуьйтура цо, цуьнан дерриге а дахар дIалаьцнарг кхолларалла яра. Кхетамехь нийсачу могIаре нисделла лаьттара цо хьалха хIиттийна даккхий декхарш. Къахьегарций, доггахлеларций ша хаьржинчу новкъа вогIура иза, воккхаверца адамашца йолу юкъаметтиг, зIе шен кхоллараллица чIагIъян Iалашо а йолуш.
Делахь а вайн дахарехь дерриге а цхьанаэшшара дац. 1999-чу шарахь Нохчийчохь юха а баьллачу тIамехь ларамаза чов хилла вожийра иза. Лазийнарг уггаре а экаме меже яра – корта. Делан боккха къинхетам хилла, дийна висира иза, амма цунах юха а кхоллараллин стаг хир ву аьлла сатуьйсийла яцара. Хетарехь, Вахин дахарехь уггаре а беха а, хала мур а бара иза. Юха а когавахана дIаволавала масех шо ийшира. Сица яздархо хиларна ницкъ кхечира цуьнан мел хилла бохамаш, халонаш, лазамаш букъа тIехьа буьтуш, керлачу дахаран новкъа, байн ког ловзуш, вала. Шен болх дIаболийра цо. Юха а дуьненан чам хаа волавелира: бIаьстенан хьожанаш, стигланан сийналла, маьлхан зIаьнарш, догIанан гIовгIа, гуьйренан де… Таханлерниг санна гуьйренан шийла де. Самукъадаьлла вогIу Ваха шен балха. Ненан гIуллакхан тIаьхье ю цо тахана юьхьарлаьцнарг. Библиотеке болу безам ненан цIарца, ненан йовхонца ийна бу, тахана иза шеца цахилар уггаре а боккха эшам хета цунна.
Докаев Ваха тахана ша язйинчу «Клинок предков» произведени тIехь кинофильм яккха гIерташ къахьоьгуш ву. Интернета чохь ю цуьнан иза а, дуккха а кхийолу а произведенеш. Прозехь а, поэзехь а къахьоьгуш ву иза. Интернетах пайда оьцуш болчарна дика а евза уьш. Ваха оьздангаллех, гIиллакхах вуьзна кIант ву. Цхьа къеззиг хан цуьнан къамеле ладугIуш яьккхича хаало цуьнан тамашийна дог-ойла, кхоллало иза кху дуьненара воцуш санна. Дийцарш дуккха хир ду. Ма ярра Вахин кхолларалла йовза, цуьнан хазалла, хьалдолу корматалла ган, иза ша вовза а, цунах кхета а, цуьнан тийначу, цIеначу озе ладогIа а деза.
Иштта хуьлий те яздархо? Кхолларалла ца хилча ша ах адам бен ца хеташ верг? Ша ойланашца, цIийца, сица, яздархо хераш верг? Цуьнан дахар ду и, дахаран гуш йоцчу кханене боьду некъ. Муха хир те и? Тийна, цхьанаэшшар? Сирла, къегина, цIеран алу санна марсабаьлла? Амма цхьа а шеко яц и некъ мухха нислахь а, кхачам болуш шен Iалашонашна тIекхача Вахин ницкъ тоьарг хиларх.
Аьтту хуьлда хьан Ваха! Даима сирла хуьлийла хьан дахаран а, кхоллараллин а некъ!
М.МАГОМАЕВА
№136, еара, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де, 2015 шо