Берийн дог хьаьстира

Вайн юкъараллин уггаре а экаме дакъа ду бераш. Уьш лардар, Iалашдар, кхиор, церан гIайгIа бар, церан дахар самукъане, ирсе, зовкхе дар вайна – баккхийчарна тIехь ду. Дахаран кIуркIаманехь вайна наггахь иза дагара далахь а, хаддаза уьш дагахь латтош, церан гIайгIа беш бу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан белхахой, уггаре а хьалха оцу департаментан директор Дадаев Ризван.вкруеру5кп

Вайн регионан Куьйгалхочун лаам кхочуш а беш, иза кест-кеста цхьаьнакхета берийн, кхиазхойн, кегийрхойн организацийн, учрежденийн, цхьаьнакхетараллийн векалшца. Къаьсттина тидам тIебохуьйту могашалла ледара йолчу берийн дог-ойла хьастарна. Цунна бIаьрла тоьшалла ду кху деношкахь могашалла ледара йолчу берийн а, кхиазхойн а И.С.Тарамовн цIарахчу реабилитацин туьшахь долчу берашца Дадаев Ризванан хилла цхьаьнакхетар. Бераша даккхийдерца тIеийцира хьаша. Уьш хьоьстуш, церан догоьцуш вистхилира Iеламстаг. Цаьрга хьал-де хаьттиира. Юха, говза, къамел бусалба динна тIе даьккхира, динан хазаллех лаьцна дийцира, ламаз-марха хьахийра.

Цул тIаьхьа Р.Дадаевс къамел дира туьшахь долчу берийн дай-наношца а, белхахошца а. Коьртачу декъана иза хьакхалуш дара: бераш, кхиазхой ийманехь, оьзда, гIиллакхе кхетош-кхиорах. Дала вайна хьехначу цIеначу, нийсачу некъа тIехь хила деза да-нана. Цара лардан деза АллахIан фарзаш а, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннаташ а. ТIаккха царна шайн бераш Iамо, царна нийса некъ хьеха атта хир ду. Цул совнаха берашна шайн дай-наной дикачунна тIехь масал а хир ду. Цунах лаьцна а дийцира департаментан директора кхузарчу белхахошна а, берийн дай-наношна а.

Делахь а хIокху цхьаьнакхетарехь коьрта тидам Дадаев Ризвана берашна тIебахийтинера. Уьш кхунна тIегIерташ а кхуьнца уьйр йолуш а, кхунна уллехь хила лууш а дара. Дагна хьаам беш дара и сурт. «Делах тешаш хиларо, ийманехь хиларо гIо до цамгар а, муьлхха а зер а лан, дикане сатийса», – бохура Р.Дадаевс. Цундела берашна цунах дерг довзуьйтура цо, аьхначу, кIедачу маттаца, церан кхетаме дIакхочур долчу дешнашца. «Нагахь санна цомгаш хиллачо, шен лазарна собарца са а тоьхна, ийманах ца вухуш оцу зерах хьалха валахь, АллахIера йоккха ял хир ю цунна, АллахI резахилар хир ду цунна. Амма Делан диканах, къинхетамах дог диллина, иза гIайгIане хилахь хIокху дуьненахь а эшам хир бу цунна, къемата дийнахь АллахIан къинхетамах вала герга а ду иза», – тIетуьйхира Iеламстага.

И санна бакъдерг лазарца волчу жимачунна а, воккхачунна а хаар чIогIа дика ду. Делахь-хIета иза царна хаийта деза. Лазар а Делера ду, гIоле яр, дарба хилийтар а Делехь ду. Цуьнга деха деза вай дарба хилийтар. Бусалба стеган герз доIа ду баьхна-кх вайн дайша.

Иштта берашца, церан дай-наношца, туьшан белхахошца хилла мерза цхьаьнакхетар а дерзийра Дадаев Ризвана берашна могашалла ялар, маршалла дар доьхуш, массара а тIаьхьара «Амин» а олуш, Деле доIа дарца. Дала жоп лойла оцу доIина.

 

Д.САИДОВ

№136, еара, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: