Дагестанан нанойн форум
МАХАЧКАЛА. ХIокху деношкахь кхузарчу ДоттагIаллин цIийнехь дIаяьхьира «Граждански юкъараллехь Дагестанан халкъийн гIиллакхаш Iалашдар а, оьздангаллин-эстетикин принципаш кхиор а» аьлла йолчу темина лерина йолу Дагестанан нанойн шолгIа форум.
Цуьнан болх дIаболош форуман дакъалацархошна хьалха ша динчу къамелехь Дагестанан Куьйгалхочо Абдулатипов Рамазана билгалдаьккхира 2013-чу шеран апрелехь дIаяьхьна хиллачу нанойн хьалхарчу форумехь республика кхиаран некъ билгалбаьккхина хилар. Аш дина хиллачу тIедахкарех дукхах дерш хIинцале кхочуш а дина, бохура цо. Оцу хенахь билгалдина хилларг дерриге кхочушдан ницкъ ца кхаьчнехь а, диначун тIаьхьенаш бIаьрла гуш ю – битаме ялийна школаш, больницаш, социальни декъан а, культурин а, кхийолу а объекташ, некъаш. Уггаре а коьртаниг – хийцаделла шаьш адамаш. Шун хьалхара форум хиллачул тIаьхьа берийн бошмашкахь хьалха дIадаханчу 20 шарахьчул алссам берийн меттигаш кхоьллина. Вайн республикехь йина керла 50 школа, дарбалелоран 50 гергга учреждени. Наношна чIогIа мехала ду экономика цхьанаэшшара кхуьуш хилар, шайн берийн шуьнехь токхо хилийтар. Хьалха хиллачу цхьаьнакхетарехь аш «Ненан кост» дира хьалхарчу рогIехь Дагестанан халкъийн кхерамазаллина кхачояр доьхуш. Делан пурбанца иза кхочушдина – ши шо чекхдаьлла вай долчохь терроризман акташ йоцу, лахделла зуламаш дар. БIаьрла гайтамаш хиларе кхаьчна регионан экономикехь. Оцу дерригено а гойту республика денъяла гIерташ хилар, цо дикачу хийцамашка сатуьйсуш хилар.
Доьзалан гIиллакхаш чIагIдаран, гуманизман, патриотизман, лаккхарчу син-оьздангаллин ойланехь тIекхуьуш долу чкъор кхиорна йоккха хазна юкъайилларна хьакъ боллу мах хадийра форуман цхьамогIа дакъалацархойн. Иштта, «Дагестан Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» орденца совгIат дира архивин гIуллакхан ветеран йолчу Джамбулатова Разиятана. Дагестанан Куьйгалхо волчохь йолчу къанойн кхеташонан декъашхо йолчу Гамзатова Хаписатан а, Гунибски районан Нижнекегерски школан директоран Максудова Задин а хьуьнарш билгалдехира «Хьомечу лаьтте безам хиларна» мидалца. ЦхьамогIа совгIаташ дира хьехархошна, дарбалелоран белхахошна, кхечарна.
Латталелорхойн толам
МАЙКОП. Карарниг баккхийчу толамийн шо хилла дIахIоьттира Адыгей Республикин латталелорхошна. Дерриге а гулдина буьртиган ялта, кхоьийн культураш, хьаьжкIаш, дуга 677 эзар тоннан барамехь хилира – дIадаханчу шарца дуьстича 127 эзар тонна алсам. ТIаьххьарчу 15–20 шерашкахь дуьххьара кху шарахь регионехь гулдина 38 эзар тонна дуга, 138 эзар тонна хьаьжкIаш, 92 эзар тонна гергга маьлхахIуш.
Юьртан бахаман министра Петров Юрийс чIагIдарехь, цхьайолчу майданашкахь хIора гектара тIера 80 центнерал алсам буьртиган кенан ялта (ткъа цхьайолчу меттигашкахь-м и терахь 100 центнерал лакхара а хилира), 100 центнерал алсам дуга. Цуьнан коьрта бахьана Iилманчашца тIеттIа чIагIлуш йолу зIенаш, цаьргара кхочуш долу лаккхарчу дикаллин хIу лору цо.
Кхеташ ма-хиллара, оцу кхиамехь коьрта маьIна адамашна кхачахь а, республикехь мехала лору юьртан бахамна кхузаманахьлерчу лаккхарчу эвсараллин техникаца кхачояр – кху шарахь, масала, цигарчу аренашкахь гIуллакх деш яра 600 комбайн а, иштта оццу барамехь машенаш а, юьртан бахам кхиорна тIехьажийна пачхьалкхо доккха гIо деш хилар. ДуьххьалдIа хIокху цхьана шарахь оцу Iалашонна лерина къастийна ахча 700 миллион соьман барамехь дара. Цо таро хилийтира минеральни удобренешца, ягоргаца кхачоян.
Дийнна схьаэцча кху шеран исс баттахь республикехь 13,3 миллиард соьмана юьртан бахаман сурсаташ гулдина.
Харжаш алсам йолу бюджет
ЭЛИСТА. ТIаьххьарчу шерашкахь дуьххьара 2016-чу шарна шена тIехь харжаш алсам билгалйина бюджет тIеэцна ГIалмакхойн Республикин Халкъан Хурало (парламенто). Бакъду, тIедогIучу шарахь билгалйина харжаш хинболчу пайданел алсам елахь а, кху шина шеран гайтамашца галморзахалла йолуш дац бюджетан юкъарчу гайтамийн терахьаш. ТIедогIучу шарахь тIебогIу болу пайданаш билгалбина 7,6 миллиард соьман барамехь (кху шарахьчул 6 процентана кIезиг), ткъа харжаш – 7,8 миллиард соьман барамехь. Аьлча а, харжаш 190 миллион соьмана алсамъевр ю тIебогIу болчу пайданел.
Регионан куьйгалхочо Орлов Алексейс дийцарехь, бюджетан политика нийса дIаяхьарна тIехьажийна динчу гIуллакхаша таро хуьлуьйту тахана кризис йолчу хьолехь а экономика кхиорехь тешам боллуш хьалхахьа гIулчаш яха. Цунна хетарехь, гIалмакхойн экономика толуш дIагIур ю, тIаьххьарчу шерашкахь тIеттIа алсамдовлуш схьадогIуш долу АПК-на деш долу юкъадахкарш аласамдахаран чоьтах.
Депутаташ юьстах ца бисира
МАГАС. ГIалгIайчоьнан Халкъан кхеташонан депутаташа а, регионан парламентан аппаратан белхахоша а дакъалецира пачхьалкхан гIуллакххошна юкъахь ГТО-н комплексан нормативаш дIаялар меттигерчу школехь-лицейхь вовшахтоьхначу хенахь. Халкъан векалех хIораммо а ша стенна хьуьнаре ву гайтира оцу дийнахь.
Республикин парламентан вице-спикер Гагиев Руслан коьртехь волуш хиллачу командо спортан дезачу дийнахь кхочушйира ГТО-н комплексан хIораннан хене хьаьжжина билгалйина тесташ. Ша аьлча, кхо эзар метрана а, 100 метрана а бевдира, геналле кхийсабелира. 700 грамман барамехь йозалла йолу спортан снаряд геналле кхоьссира, 100 метр гена йозалла дIаяьхьира. Иштта кхочушйира цхьамогIа кхийолу упражненеш а.
Хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ
№136, еара, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де, 2015 шо