ХIокху деношкахь пачхьалкхан «Грозный» телевиденехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директоран Дадаев Ризванан а, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран Умаров Джамбулатан а кхечу регионашкарчу ВУЗийн студенташца «телемост» хилира (Ростов, Саратов, Астрахань, Георгиевск). «Терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал къийсам д1абахьаран гIирс хиларе терра кегийрхой ийманехь, гIиллакх-оьздангаллехь кхетош-кхиор» аьллачу темина лерина дара и.
Баширов Сайд-Мохьмад вара «телемост» дIахьош. Кхечу регионашкарчу ВУЗийн векалш а, студенташ а онлайн зIене бевлира.
«Телемостан» дакъалацархошка маршалла а хоттуш, вистхилира Дадаев Ризван: «Карарчу хенахь уггаре а лазаме тема ю экстремизм а, терроризм а. Халахеташ делахь а, дукха ч1ог1а яьржина ю терроризм а, экстремизм а. ХIокху заманахь кегийрхой даима санна телефонаш ловзош бу, интернета чухула, социальни сеташкахула динах лаьцна харц хIуманашка ладоьгIуш а, «You-tube» чухула видеошка хьоьжуш а бу. Вербовщикех атта Iехало уьш. Т1аккха зуламечу новкъа а бовлу», – элира цо.
«Нохчийчохь хала мур беана хан дика дагайогIу нохчийн халкъана. Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала декъалвойла иза) ша республикин куьйгалле х1оьттича дикачу агIор хийцира нохчийн халкъан дахар. Цо дIаболийна беркате некъ тахана дIакхоьхьуш ву цуьнан кIант Кадыров Рамзан. ХIоранна а боккха лазам бу вайн кегийрхой зуламечу новкъа х1уьттуш хилар. Вайн республикин Куьйгалхочо экстремизмана а, терроризмана а дуьхьал къийсам латторехь беш боккха болх бу», – элира Умаров Джамбулата.
Цул тIаьхьа, кхечу регионашкарчу студенташа экстремизмах а, терроризмах а лаьцна роггIана хаттарш делира Дадаев Ризване а, Умаров Джамбулате а. Масала, «Экстремизм а, терроризм а яьржина хиларан коьрта бахьана хIун ду?», «Кегийрхой хIунда Iехало вербовщикех?», иштта дIа кхин а. Р.Дадаевс а, Дж.Умаровс а кхачам боллуш жоьпаш делира студенташа шайга деллачу хаттаршна.
Р.Дадаевс кхечу регионийн векалшна хаийтира экстремизмана а, терроризмана а дуьхьало ярехь книгаш а, брошюраш а, буклеташ а зорбане йохуш хилар. «Телемостан» болх берзош, цуьнан дакъалацархоша вовшашна баркалла элира оццул лазамечу темина лерина мехала гIуллакх дIадахьарш.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан суьрташ
№136, еара, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де, 2015 шо