«Пенсионерийн союзан» декъашхой цхьаьнакхийтира

«Россин пенсионерийн союз» юкъараллин организацин Нохчийн регионан отделенехь  рогIера йоцу жамIашдаран-харжамийн конференци  хилира.пенсионерийн

    Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин куьйгалхочун заместитела, правительствон республикин йоцучу организацийн регионан Союзан председатела Муцаев Мамис, Россин адвокатийн ассоциацин вице-президента Абдулкадыров Якъуба, «Россин пенсионерийн союзан» нохчийн регионан отделенин куьйгалхочо Иналов Iаьрбис, оццу союзан Соьлжа-ГIалахь а, ТIехьа-Мартан, Соьлжан, республикин кхечу районашкахь а йолчу отделенийн векалша.

Конференцехь Иналов Iаьрбис гулбеллачарна «Пенсионерийн союзан» регионан отделенин болх бовзуьйтуш, жамIашдаран доклад йира. Докладехь билгалдаьккхира 2011-2012-чуй шерашкахь вайн махкахь хиллачу харжамашкахь регионан отделенис жигара дакъалацар а, 2014-чу шарахь Россин Президентан а, Правительствон Председателан а пенсионерашца хиллачу цхьаьнакхетарехь (ма-ярра йолчу эфирехь) отделенин векалш а хилла  хилар а. 2011-чу шарахь Ерригроссин халкъан фронтана юкъаяхна «Пенсионерийн союзан» нохчийн регионан отделени.

Коьртачу балхахь болу кхиамаш а, кхачамбацарш а билгалдохуш, I.Иналовс тидам тIебахийтира хене бевллачу нахана компьютер йовзийтар (уьш цу тIехь болх бан Iамор) а, пенсионерашка дакъа а лоцуьйтуш регионан  а, ерригроссин а спортан къийсадаларш вовшахтохар а мехала хиларна.

Конференцин дакъалацархоша доклад йийцаре йира. Пенсица кхачояран г1уллакхашкахула кхетамбаларан белхаш дIабахьарна а, кхечу юкъараллин организацешца цхьаьна гIуллакхаш дарна а тидам тIебахийта безаш хилар билгалдаьккхира Союзан декъашхочо Л.Джабраиловс.

Цул тIаьхьа, йиллинчу кепехь, кхаьжнаш тесна, «Россин пенсионерийн союз» ерригроссин юкъараллин организацин регионан отделенин Правлени хаьржира. Цу юкъа вахара Россин адвокатийн ассоциацин вице-президент Абдулкадыров Якъуб а, иштта Союзан республикин районашкахь йолчу отделенийн куьйгалхой а. Отделенин председатель массара а цхьабарт болуш Иналов Iаьрби хаьржира, председателан заместитель – Л.Джабраилова.

Пенсионерийн дахаран хьелаш тодарехь «Пенсионерийн союзан» регионан отделенис баьхна кхиамаш билгалбохуш, I.Иналовс Правленин цIарах Баркаллин кехаташ делира организацин жигархошна.

ЖамIашдаран-харжаман конференци ерзош, «Россин пенсионерийн союзан» нохчийн регионан отделенин болх кхачаме хилар билгалдоккхуш, меттигерчу отделенийн балха тIехь Iуналладар чIагIдаран а, спортан, могашаллатояран гIуллакхаш вовшахтохарна къаьсттина тидам тIебахийтаран а хьокъехь сацам тIеийцира Правленин декъашхоша.

 

А.ХАСБУЛАТОВА

Авторан сурт

№136, еара, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: