Юкъаралла кхиарна новкъарло еш долу зулам

Тахана шуьйра яьржина ю коррупци.  ХIора стагана шен хIора дийнахь хаало иза. Коррупци пачхьалкхана кхераме ю. Кхаьънаш оьцуш болчаьрга хьуьйсуш бу хIора гIулч яькх-яьккхинчохь: стеган дахарехь шен гIуллакх эцна тIевоьдучу дешаран, дарбалелоран, кхечу  заведенешкахь. ТIедаьхьина гIуллакх кхочушдийриг кхаъ бала беза. Цундела, социальни декъан белхахойн дерриге а гIуллакхаш тIехьовсийна ду бахархой социальни ларбаран декъехь коррупцих бахархой а, церан бакъонаш а, хьашташ а лардарна.

   Коррупцица къийсам латторан Дуьненаюкъарчу денна лерина дан билгалдинчу гIуллакхийн планаца нийса а догIуш, къинхьегаман, социальни кхиоран Шеларчу отделехь хIокху деношкахь дIаяьхьира белхан тобанан рогIера йоцу кхеташо. Цигахь дийцаре дира ши гIуллакх: «Коррупци, цуьнца къийсам муха латто беза». Шайн белхан декхаршца доьзна совгIаташ-кхаьънаш эца мегарг цахиларан хьокъехь коллективаца кхетаман болх баран хьокъехь». Хьалхарчу гIуллакхах лаьцна къамел дира Шелан районан къинхьегаман, социальни кхиоран отделан хьаькама А.Вахаевас. Цо дийцира коррупцис мехкан экономикина а, политикина а доккха зулам деш а, правительственни программаш талхош а, юкъараллехь долчу хьолана доккха зен деш а, бахархойн тешам д1абоккхуш а, нийсонца, бекхам баран принцип талхош а хиларх лаьцна.

Ерриге а заманашкахь дуккха а пачхьалкхашкахь коррупци демократически баххаш талхош, махкахь долу хьал цхьанаэшшара дика латторна новкъарло еш болу кхераме хилам хилла, – дийцира А.Вахаевас. – ХIокху тIаьхьарчу хенахь Россехь а, вайн республикехь а жигара къийсам латтабо коррупцица. Цунна кхоьллина вовшахтохараллин а, бакъонийн а баххаш. Коррупци шеца хаддаза къийсам латто безаш долу зулам ду. Иза даьржина ду, хIунда аьлча, дукхах долчу адамаша, нийсо ца лоьхуш, ахча хилча, дерриге а цуьнца кхочушдалур шайга муьлхха а г1уллакх далуш санна хета. Бахархой социальни ларбаран системин орган а йолуш, вайн учрежденис лардо бахархойн хьашташ, гIо до законца царна догIуш долу социальни г1одаран къепенан а, хьелийн а, цуьнан барамийн а хьокъехь болу хаамаш цаьрга дIакхачорехь. Вайн балхахь къаьсттина доккха маьIна долуш бу коррупцех долу уголовни жоьпалла довзуьйтуш, отделан белхахошца белхан тобанан декъашхоша беш болу болх.

ШолгIачу гIуллакхах лаьцна къамел дира отделан коьртачу инспектора С.Гапаевас. Цо дийцира коррупцин хьокъехь хьашт долчу органашка сихха хаам бан бахархойн таро хуьлуьйтуш долу дерриге а хьелаш отделехь кхоьллина хиларх лаьцна: хаам бан телефон, учрежденин сайта тIехь электронни адрес, кехаташна а, аьрзнашна а лерина яьшка ю. Учрежденехула долчу омрица хIоттийна коррупцица къийсам латторан балхах жоп луш волу стаг. ХIора кварталехь (чийрикехь) графикца дIахьо белхан тобанан кхеташонаш. Цигахь ладугIу планехь дан билгалдина гIуллакхаш кхочушдарх жоп луш волчу стаге, коррупцица къийсам латторехь дечу гIуллакхе. Шо доладелчахьана Шелан районан къинхьегаман, социальни кхиоран отделехь социальни белхахошкара коррупцин хиламаш гучубовларан хьокъехь бахархошкара цхьа а хаам а, арз а ца хилла.

Кечйинарг – С.МАГОМАЕВ

 

№136, еара, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: