Дийцаре дира мехала диъ гIуллакх

Масех де хьалха Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира Нохчийчоьнан Правительствон Председательца Эдельгериев Абубакарца. Цара цкъа хьалха дийцаре дира бюджетан политика кхочушъярца доьзна гIуллакхаш. А.Эдельгериевс дийцира республикин бюджет кхочушъярехь карарчу шарахь бинчу балхах лаьцна. «Махкахь экономикин декъехь кхолладелла хьал аттачех дацахь а, социальни блокехула бина хилла берриге а тIелацамаш буьззина кхочушбеш ду вай. И дан вайн ницкъ кхочу 2015-чу шарна йолу республикин бюджет ялх миллиард соьмана лахйина хиллехь а. Цул сов, Нохчийчоьно хIокху шарахь кхиамца дакъалаьцна федеральни Iалашонан а, финансийн а ерриге а программашкахь», – элира регионан премьер-министра.tumblr_nyhi9o4eyl1sqhs19o1_1280

    Цо иштта дийцира тIедогIучу шарна бюджет кечйина яьлла хиларх а, чIагIъяйта Россин финансийн министерстве дIаяхьийтарна оьшург дерриге а дина хиларх а лаьцна.

Кадыров Рамзана, правительствос бинчу белхан хьакъ боллу мах а хадош, тидам тIебахийтира Нохчийчоьнан экономика кхиорехь болх барна кхин а алсам ницкъаш тIебахийта безаш хиларна. «ТIедогIучу шарахь инвестицеш регионан экономикина юкъаозор алсамдаккхарца цхьаьна, вай жигара дакъалаца деза федеральни уггаре а санехь йолу программаш кхочушъярехь», – бохура Р.Кадыровс.

Цхьаьнакхетарехь иштта дийцаре дира коммунальни хьаштех пайдаэцарх налогаш дIаяларан низам лардарехь долу хьал. Эдельгериев Абубакара дийцарехь чекхдолучу шарахь боккха болх бина коммунальни хьаштех пайдаоьцучаьргара налогаш схьагулъяран, бахархошца кхеторан болх дIабахьаран декъехь. Оцу балхана юкъаозийна суьдан пурстоьпийн службин белхахой. ХIара шо чекхдалале йист йоккхур ю коммунальни хьашташна декхар болчаьрца долчу гIуллакхан.

Коммунальни хьашташ кхочушдаран дикалла дуьххьалдIа  йозуш ю цунах пайдаоьцуш болчара луш долчу ахчанах. Цундела «бахархой кхето беза коммунальни хьаштех пайдаэцарна декхар хила дезаш цахиларх. Цара шен-шен хенахь схьадала деза газах, электроэнергех, хинах, кхечу хьаштех пайдаэцарна дала догIу ахча. Церан кхетамах, низамах йоьзна хир ю хьашташ кхочушдаран дикалла. Тхайн ницкъ кхочучу кепара адамашна цу тIехь гIо-накъосталла дан хьовсур ду тхо. Республикехь эзарнаш бахархой бу коммунальни хьаштех пайдаэцарна ахчанаш дахарехь гIоленаш еш. Вайна газ, электроэнерги чуйоуьйтуш болчарна хьалха юьхькIам боцуш нисло оцу хьаштех пайдаэцарх вайх ахча дIалуш цахилар. Шена тIехь долу декхар дIатакха деза могIарерчу вахархочунна тIера министрана тIекхаччалц – массара а. ХIораннан а декхар ду коммунальни хьаштех пайдаэцарх дIадала догIу ахча шен хеннахь дIадалар. ТIаккха вайн аьтто хир бу инвестицеш энергетикин комплекса юкъаозо», – чIагIдира Кадыров Рамзана.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо дийцарехь, республикин энергетикин системина модернизаци яр ду дIахьош. Карарчу хенахь йоккха ТЭС (йовхонан электрически станци) ю Соьлжа-ГIалахь еш. Цунна юкъаехкина иттаннаш миллиардаш соьмана инвестицеш. Иза боккха кхиам бу. «Цул сов, Кхокхадой юьртахь Орга хи тIехь жима ГЭС (гидроэлектростанци) йина. Цуьнан таро хир ю лаьмнашкарчу районашна электроэнергица кхачоян. Уьш йоцурш кхин а дуккха а программаш ю энергосистемина модернизаци яран декъехь кхочушъян билгалйина», – бохура Р.Кадыровс.

Цхьаьнкхетар дерзош регионан Куьйгалхочо тидам тIебахийтира бахархошна диспансеризаци яран болх Нохчийчоьнан могашалла Iалашъяран министерствос кхин а тобан безаш хиларна. «Адамаша шайн могашаллин хьокъехь гIайгIа бан беза, иза кхоччуш галъяллалц а ца Iаш. Оцу хьоле кхаьчча чIогIа хала хуьлу дарбанаш лело. Диспансеризаци дIаяхьаро таро лур ю цамгар юьххьехь гучуяккха а, лоьрашка цунна дарба дайта а, стагана могашалла юхаерзо а», – элира Кадыров Рамзана.

Цо хаийтира шо чекхдолуш йоккха кхеташо хирг хилар. Цигахь жамIаш дийр ду ерриге а министерствоша а, ведомствоша а бинчу белхан, цаьрга хьаьжжина церан белхан мах а хадор бу.

 

Д.АНАДЕВ 

 №136, еара, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: