Кадыров Рамзан: «Хонкаран куьйгалло Исламан халкъаш а, мехкаш а хIаллакдан гIо до»

Хонкаран куьйгалла террористийн гIоьнча ю, цо гIо до бусалбанаш хIаллакбарехь. Инстаграмехь йолчу шен агIон тIехь цунах лаьцна дIахьедира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

   «Россехь 30 миллион гергга бусалбанаш бу. ХIара тхан Даймохк бу! Хонкаран кемано дохийна долу кема а тхан ду! Летчик а тхан ву! Шуна хаьара Россехь миллионаш бусалбанаш буйла, тIаккха США-с а, Малхбузено а омра дарца тхан кема хIунда дохийна аш, бусалбанаш ларбеш, ИГИЛ-ца тIом беш волу тхан летчик хIунда вийна аш? Шу реза а долуш, аш гIо а деш, Малхбузено хIаллакйина Иран, Шема, Ливи. ХIинца алал соьга со Исламана дуьхьал ву бохуш, со бехкеван хIун бахьанаш ду шун? Со Ислам лардеш ву! Ткъа Хонкаран куьйгалло гIо до Исламан халкъаш а, мехкаш а хIаллакдан. Самадовла!», – яздина цо.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира Хонкара даима а нохчийн халкъана гIо деш хилла хиларх лаьцна, Хонкаран шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь а, социальни сеташкахь а яздеш хилар. Цо иштта билгалдаьккхира Исламана дуьхьал гIуллакхаш дарехь а, мунепакъашна гIо дарехь а ша бехкеван уьш гIерташ хилар. Цо дийцарехь, и хабарш цхьа а бух боцуш ду.

«Со билггал бакъонца дерг дезаш ву, цундела ас хоьтту Нохчийчоьнна а, сан халкъана а Хонкаро маца, мичахь, стенца гIо дина? Гайтийша Нохчийчоьнна гIоьнна йина цхьаъ мукъане а школа, больница, берийн беш, маьждиг! Цхьа масал даладайша! Бакъду, аш гIо дина вахабиташна, террористашна, царна ахча а гулдина. Дарбанаш а лелийна, садаIа тIе а эцна удуговгIар, умаровгIар, басаевгIар. Цара а, церан гIоьнчаша а теракташ йина, нохчийн халкъ хIаллакдина. Иза дуй шун гIо? ХIХ-чу бIешарахь Хонкаро  Iехийна дIабигира иттаннаш эзарнаш нохчий. Аш царна къиза хьелаш кхоьллира. Цига дIабаханчарех пхеа шарахь ах кхелхира. ЦIабахка гIортар герзаца сацадора», – билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо тIетуьйхира Хонкаран куьйгалла «Иблисан пачхьалкхаца» къийсам латтош доцуш, ткъа, мелхо а, эзарнаш бусалбанаш бойъуш болчу террористашна гIо деш хилар.

«Тахана Хонкара террористаш гулбаран а, уьш Шема дIахьежоран а туш хилла дIахIоьттина. Хонкарехула цига дIаоьху дерриге а дуьненара бандиташ. Наггахь бен цхьа а саца а ца во. Хонкара ИГИЛ-ца къийсам латтош яц! Иза цаьрца бизнес еш ю, цаьргара мехкадаьтта оьцу, эзарнаш бусалбанаш бойъуш болчу Исламан мостагIашна ахчанаш латтадо», – билгалдаьккхира цо.

Кадыров Рамзана дIахьедира «Дуьне сийна цIе летта догуш хилча а», Исламана дуьхьал ша цхьа а гIулч йоккхург цахилар, террористашна дуьхьал тIом бан ша чIагIо йина хилар.

«Кхин а! Парижехь Мухьаммад Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) яьхначу карикатурийн авторийн эхь ца хеташ гIо хьан лецира? Ткъа ас луьра бехкедира и наьIалт хилла журнал, Соьлжа-ГIалахь вовшахтуьйхира миллион сов стаг, цара дерриге а дуьненна хозуьйтуш, дIахьедира шаьш и журнал сацам боллуш бехкедеш хилар! Со вахабитийн, хариджитийн, террористийн мостагI ву. Ас чIагIо йина дерриге а дахарехь цаьрца тIом бан! Цхьана а хIумано соьга и сацам хуьйцуьйтур а бац», – яздина цо.

С.ЛУНАЕВ

 

№136, еара, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: