Вер-ваккхар

Атсаламов Идрис

(хиллачух дийцар)

Нохчийн цхьана юьртахь бIе ткъе итт шо хьалха

цIий Iанош, хиллачу цхьана инзаречу хиламах ду хIара дийцар.

 

Окин кIант Рахьма волчу хьошалгIа воьссинера ГIараси.

Масех бутт хьалха шен яйна говр лоьхуш лелачу кху нохчийн юьртарчу Iалатлойн тайпанах волчу Муотин Оьздамарна аренца йолчу цхьана юьртарчу ГIарасин ирзехь карийна хиллера иза.  Дайначу дохнна да тIекхиъча, даьхни юхадерзош ду нохчийн.

Иза хьайн хиларан билгалонаш схьа а йийций, хьайн елахь, говр дIайига, аьлла хиллера хIетахь ГIарасис. Айкхаллина ша кхайкхийна биъ етт схьабалар а тIедожийнера Оьздамара ГIарасина.

– Дин лачкъийна буй хууш ца эцна ас бухкуш волчуьнгара; айса и лачкъийна ца хиларна цIано еш, билггал и хьан лачкъийна сайна цахаарна тоьшалла деш, дуй буур бу, эшахь. Амма ас хьуна  айкхаллина кхайкхийнарг лур дац. Айкхо, шена хаахь, къу вийца веза хьуна, – аьллера ГIарасис.

Оьздамара, ша доккхур ду, аьллера.

Ахь даккхахь, хьан хир ду-кх иза, – ГIарасис а аьллера.

Иштта лаьтташ дов дара цу шинна юкъахь.

Рахьма волчу хьошалгIа веанера ГIараси.

Рахьмица эвла юккъехула вогIучу цунна юьхьа-дуьхьал нисвелира Оьздамар. ДIаолуш-схьаолуш, дош дашера делира, шаьлта баттара а яьккхина, чутасавелира иза ГIарасина. Хьаша ларвеш, дуьхьал а иккхина, Рахьмас, ластийна,  тоьпан бух тоьхна, вожийра Оьздамар.

Ша меттавеана хьала ма-г1аьтти, дIавоьдучу шинна тIаьхьа топ ялийтира Оьздамара. Тоха Iалашо лаьцна кхоьссинехь а, кхеро дагахь кхоьссинехь а, хаац, амма топ ца кхийтира.

Х1ара шиъ сецира. Рахьма юха а вирзина, Оьздамарна дуьхьал волавелира. Шиммо а шаьлтанаш ехира. Йоккха гIовгIа елира. «Орцадáла!» – бохуш, зудчун цIогIа хезара. Iалатлойх масех стаг вара схьахьаьдда вогIуш. Рахьмина а кхечира орцах вешин шиъ кIант а, шича а.  Шина а агIорхьара девнна карзахбевлларш чуччабахара.

Мохь-цIогIа хезна, тIегуллуш дара адамаш.

Вортанна улле шаьлта кхетта, Оьздамар вуьйжира. Рахьмин хадийна пхьарс а бара цIеша буьзна. Леташберш дукха хетара, уьш дукха чехка хьийзарна. Дóлуш герз хезча, зударийн мохь-цIогIано Iадийра и меттиг. Дерриге иэделлера: божарийн яппарш, вовшийн йоху цIерш, хьенех, минех, «ларло», «вожаве», «тIеяхийта»…

Цу дийнахь шен цхьана гIуллакхе вахана вогIучу Окин Девлина йоккха гIовгIа хезира шайн эвла юккъера схьа. Девла эвла йистехь вара.  Цигахьа сихха дIаволавеллачу кхунна хезира шен цIе йохуш. ДевлигIар а, Iалатхой а бу леташ, элира цхьамма.

Хьоькхуш маьхьаьрий, дуьйлу герзаш, доху орца. Дагах чекхдуьйлура, ца дезалора хезашдерг.

Ша ма-валлу чехкачу боларца цIехьа вогIура Девла. Ведда ца вогIура иза. Шен дагахь-м, ведда а ца Iаш, тIомаваьлла ван а резавара иза. Делахь а, кхузткъа шаре ваьлла Девла дахарехь дуккха а гина а, лайна а къонах вара. Цунна товш дацара кху доьхначу дийнахь, кхетамчуьра ваьлча санна, ведда, хьаьдда вар. Олучу хIуманах ларлуш схьавеана иза тахханналц. Тахана а ларлур ву наха аьндолчу вуочух.

Девла, чехка вагIахь а, хууш вацара, девнна тIекхаьчча, ша дан дезарг. Ша хьанна дов дан деза, я мила сацо веза. Амма вогIура иза ша ма-валлу чехка. Летачийн юьхь-сибаташ, аматаш, дIахьаьжча,  къаста а къаьсташ, гергакхаьчнера иза. Инзаре дара гуш долу хьал. Кегий нах бара, чуччабахана, вовшашна шаьлтанаш етташ. Зударийн, берийн маьхьарий, орца доьхучеран кхайкхарш, шаьлтанийн зов.

– ТIетоха!..

– Ма тоха…

– Юхахьажа…

– Хьенех вийна…

– Ма вахийта…

– Топ… патарма…  Топ схьая…

Оцу хезаш долчо а, гушдолчо а тхьузволийна, чехка вогIура Девла. ЦIеххьана, пхьарс лоцуш, сацийра цхьаьннан ондачу куьйго. Хьалхахьа ког боккхучу хьолехь сацавеллачу кхунна вевзира ша сацийнарг.  Иза кхуьнан къоьнгех леташ болчу Iáлатлойн воккхаха – Болатхан вара.

– Девла! – элира Болатхана, синтеме ала мегар долуш юьхь тIера а волуш. – Вайшиъ юкъавала а, тIамца бал баккха а сахьт тIехIоьттина ца хета суна. Цхьана Делан йозанца чуччадахана вайшиннан кIезий. Уьш къасто со а, хьо а гIортахь, шен-шенчуьнан ка дохор бен, тIекхета хIума дац. Дов сацор а, орца а Делехь ду. Охьахаал хьо суна улле, Девла, – олуш ши-кхо гIулч уллехь болчу боккхачу тIулга тIе охьалахвелира Болатхан. ГIенах долуш санна долчу хьолехь волчу Девлас, летачаьрга дIа а хьожуш, Болатхана боххург дира.

Болатханний, Девлий юьстах сацавеллехь а, дукха баккхий нах, тIахъаьлла къонахий, шаьш-шайн ца ларбеш, юкъабевллера дов сацо. Сийдолчу къанойн дехарш, уьш юккъе хIиттар, дуккха а кегийрхоша, схьалоьцуш, дIа ца хоьцуш, шелдала дуьйлира дов.

Оцу хенахь нийсса гуонна юккъехь вара Болатхан а, Девла а.

– ХIей, шу хьере хилларш! ДIасовца! Шайн Деле собар а дехий, дIасовца! – мохь беттара Болатхана. – Вовшийн цIий Iанош, аш диэлий шайтIа, белхий шайн наной, йижарий. Везачу Далла цадезарг дина шу девли. Гушдоцу маликийн тезет дIахIоттий стиглахь. Ткъа хIинца дIасовца. Шаьлтанаш батташка йохка. Тхоьга, къаношка, вайн белларш доIийца бехийта. Лахьте сатесна Iохкурш бохкийта дIа. Царна марчош хьарчийна, докъан ламазаш дайта!

Болатханна уллехь лаьттара Девла.

– Гора яI, къонаха! Ахь олу хIора дош дуьненан мах бу. Дахаран мехаша хьовзаварх, яьIна ца таIош, кхерамна ца тухуш букъ, юьхь-дуьхьал лаьтти-кх хьо, хьуо суна вевзичхьана. Кху киртигах вала а Дала пурба лойла вайшинна, –  эхь-бехках ларлуш, – ойлайора Девлас, цу дийно ши мостагI вина, ша Болатханна уллехь лаьтташ.

 

Хилла дов ирча дара. Дан дезаш доккха маслаIат дара.

И дов хиллачул тIаьхьа доккха даьллачу орцано, цкъа хьалха шина агIорчаьрца дийцарш дира, тезеташ дIадерззалц, цхьа а хIума хьеха ца дан.

Пхи-ялх де дIаделира. МаслаIатан охIланаш шайн болх бан буьйлабеллера.

Цхьана агIор вийнарг – кхоъ вара, ялхханна чевнаш хиллера. Вукха агIорхьара шиъ вийнера, еза чевнаш хилла кхоъ вара; кегий чевнаш хиллехь а, масех дархо вара.

Иштта ирча дара хиллачу девнан жамI.

Iеламнах, шайхаш, наха лоруш, махкахь цIе йоккхуш болу сийдолу къаной – иттех стаг – юккъе а хьаьвзина, барт хилира довхойн, еза чевнаш хиллачарех дерг къастталц, дов хьиэ ца дан.

Берийн ловзарш хезаш дацара цу деношкахь. Шовданан коьртехь соьцуш кегийрхой бацара. Самукъадоцуш яра юрт, дуккха а корашкахь гуш серло яцара. Юьртан пхьоьх1анахь гуллуш вацара масех стаг а. Гулбелларш а ца Iара дукха. Сингаттамо юкъахьарчийнера юрт.

Дов хилла кхоччуш бутт ца баьллера, Сулаймас Рахьме чIир хьееш, стаг ваийтича.

Девнехь хилларш – шина а агIорхьара – ткъех стаг вара. Сулаймас аьллера, шина а агIор шишша стаг велла девнехь, и ца дуьйцу ша. Шен ваша Оьздамар, дов долалуш, Рахьмина дуьхьал хIоьттинчохь, цо йинчу чевнех велла. Иза шайн кхоалгIа ву. Цунна дуьхьал виэ кхачош ву Рахьма. Юьртах вала а, шен са лардан а кхо де хан ю цунна. Кхо де дIадаьллачул тIаьхьа ша нисйийр шен вешин чIир. Лохур ю, Делан пурбанца, чIирхо волу меттиг. Толлур ю цуьнан лар. – Иштта дара Сулаймас аьлларг.

И хабар сихха чекхделира  юьртах. ХIинца массарна а хууш дара Рахьма лурволар. Воккха стаг Девла кхийринарг хилира. Еза чевнаш хиллачарна гIоли-дарба лоьхуш хIорш хьийззашехь, маслаIатан дай гулбала кхиале, схьахьéйинера чIир.

Рахьмас йитира шен юрт.

Масех де даьлча, Iалатлой а, пхьамтой а маслаIатна гулбира мехкан къаноша. Царалахь вацара Рахьма а, Сулайма а. Ший а юьртах ваьллера. Цхьаъ – экханна талла вахана таллархо санна, важа  – таллархочух дедда экха санна.

Шина тайпанна юкъахь хилла хIара зулам дижо некъ лохуш бара дуккха а дика нах.

Iалатлойх воккхаха Сулаймин дешича Болатхан а, пхьамтойх воккха Девла а хьалха а волуш, дуьхь-дуьхьал хIоьттира шина декъе екъаелла ерриге а юрт. Кхечу ярташкара а бара баьхкина нах.

ТIехьарчаьрга совца а аьлла, хьалхахьа масех г1улч а яьккхина, салам луш, сецира Девла.

Iалатлойх ши-кхо стаг а, кхин цхьа иттех Iеламстаг а вара дуьхьалболчарех схьакъаьстина, хьалхаваьлла. Царна юкъара схьаваьлла, Девлина дуьхьал хIоьттира Болатхан.

– Дала туойойла вайн юкъаметтиг, Девла, – элира Болатхана, Девлига куьг кховдош. ТIаккха и шиъ  Iеламнахана тIевахара. Вовшашка доцца салам-маршалла а аьлла, къамелаш дира Солса-Хьаьжас, наха лоручу къаноша, хьаьжоша, шайхаша а. Цара массара а билгалдоккхура зуламан эрчалла а, маслаIат-машаран сийлахь дозалла а. Хилларг тешнабехк, ямартло Iалашо лаьцна хилла дац; шен довхо гича, цуьнца дерг оьздангаллица ца догIучу кепара къасто гIоьртина цхьаъий, хьешан сий лардеш важий, дуьхь-дуьхьал хIоьттина, вовшашца бийца кхетаме мотт а ца карийна, вовшах ца кхетарна тIера доладелла ду; юкъадаьллачу шайтIанна луург хилла, дуьйцура цара.

– Хилларг хилла даьлла. Беллачарна Дала гечдойла, царах Дала къинхетам бойла! Лазийначарна Дала маршалла дойла! Шен вешин чIир хьееш, Сулаймас цIиэмэра ваьккхина Рахьма. Шиннан а  декъаза кхаж баьлла. Тахана кхузахь лаьттачу дерриге а халкъо девнан шина а агIор болчаьрга доьхург, тхьамданийн барт хилларг  – девнан дакъалацархой, вовшийн къинтIера а бовлуш, куьйге бахар ду. Дала тIаьхье бертахь а, мерза а йойла вайн!

Болатхий, Девлий кхин цкъа а, вовшийн куьг лоцуш, маракхийтира. Цул тIаьхьа шина агIорнаш, ши могIа бина, дуьхь-дуьхьал бахара, куьйгаш а лоьцуш.

Хиллачу доккхачу девнан чевнаш ерзош цхьа муо бара иза. КхидIа дерг Сулайминий, Рахьминий диснера. Цхьа Дела вар-кх хууш верг, хIун некъаш гездийр ду Рахьмас а, иза шен тоьпан Iалашоне лоьхучу Сулаймас а.

Лураллин беза мохь лоьхуш ца кхочу. Ца лехна и Рахьмас а. Амма шен сих дIадоьлла хьешан сий лардар. И лардан дезачохь, эхь-бехкан сийлахь терза лестачохь, тIаьхьенан еш ойла яц къонахчо. И ойла цу меттехь еш верг къонах а вац. Ишттачу меттехь оьшуш ду ларвалар кIезгалла гайтарх, шен са а, дегI а кхоийна осалаваларх.

Сатоссуш веара Девла волчу юьртара Дударкъий, МIаьштиггий, кхин цхьаъ а волуш шайца, лула юьртара. МаслаIатна сагатдеш лелара уьш.

– Девла, вай ца ларий нах вовшахтоха, хIара зулам дерзорна орцадаккха сихо ян. Iáлатлошна дехар эцна нах т1екхачале, сихо йи Сулаймас луралла хьедан.  Иза хIинца ша а вац, лехча, карош. Сулайма цIа веана меттиг нисъелча, Делан пурбанца, нахе орца а аьлла, сихонца адамаш гулдина, цуьнан керта дахана, и доккха дехар дийр дара вай цуьнга. Нахана массарна а дазделла, халахетта, доккха зулам ду хилларг. Иза дижо шайн хирг дийр долуш бу вайн нах. Массара доьхур ду: божаоша, зударша, къаноша. Iилманан дай, шайхаш лаьттар бу, схьабаьхкина, эшахь, жоп даллалц, Сулаймас диканца.

Дахарехь хилларш, лелларш дуьйцуш Iийна, дIавахара веана кхоъ. Ткъа кхано суьйренца юхавеара и кхоъ.

– Девла, – элира царах цхьамма, – тхан хьоьга ала а, дагадовла лиъна а кхин цхьаъ дара. Кху гIуллакхан тIаьхье беркате хиларе сатесна ма дуй вай. Хьан йоI Белита, Сулаймина хIусамнана лерина, цуьнан цIа дIайигар къобалди оха. Девла, хьо тхох нийса кхеталахь.

Цу дешнаша мелла а вохийра Девла. Цхьа шатайпа йовхо хьаьдира дагера хьала коьрте. Девлин кхетамехь къаьсташ сурт хIоьттира хиллачу девнан.

ХIетахь, цу доккхачу дийнахь, Болатханна улле тIулга тIе ша охьалахлуш, геннара шена вевзина шен уггаре а жимахволу ваша Чиракх, шаьлта а буйнахь, Iуьллура, меттаххьовш а воцуш. Юха сихха Оьздамаран амат хIоьттира бIаьргашна дуьхьал. Сулаймин вешин. Хаза куц долуш, самукъане а, гIиллакхе а жимастаг вара Оьздамар.

– Девла, – элира Дударкъас. – Сулаймин ваша велла Рахьмин карах. Ткъа хьан ваша Чиракх, хьеннан карах веллехь а, Сулаймина дуьхьалхIоьттина ца хилар бакъду. Хьан чевнаш хилла Iуьллу шиъ кIант а,  вайна хууш, гIоле хуьлуш ву. Царна Дала маршалла дойла!

Шачул а чIогIа ойла йина а, дуьстина а, бохий, хиира Девлина шега бохург. Цхьана метте шен хьажар доьгIна Iачу Девлас, гIеххьа синтемечу озаца элира:

– Ткъа оьцур юй цара, кху юккъехула, вайн йоI чу?

– Тхуна хиъна, Сулаймин нана РебаIат шайн нахе дов дерзийта бохуш юйла. Цо хьан йоI ара а йоккхур яц. Ткъа ахь ма-бохху, кху юккъехула,  и хьехочохь вац цхьа а. Рахьмин лар толлуш, вешин чIир эца ойлаеш лелачу Сулаймина догIур дац-те дага, декъаза лураллин кхаж баьллачу шен девешина йоьлхуш, Делан дикане сатуьйсуш,  шеца декъал хиларе догдохуш, маслаIат-машарна шех сагIа дан резайолчу къоначу йоьIан ойлаяр а?

– ХIей! Хезий хьуна? Мичахь ю хьо? – аз айдеш, вистхилира Девла, кхойкхуш. Хьешийн буьйса дика еш, чоьхьаелира Девлин хIусамнана Малдат. – Зуда! Оцу йоIе ахь хIун алий? – элира Девлас, хIусамненан юьхьдуьхьал хьожуш а воцуш. – Далла лаьий, Сулаймин зуда хир, ткъа нагахь, Делан йоза а хилла, сан ваша Рахьма… –  аз дегийра Девлин, логе шад хIоьттира. ТIаккха а, сихха къурдбеш, доккха са а даьккхина, мелла а паргIатчу озаца, бен доцуш санна, элира: – ХIокху кхаа стагаца дIагIо ала ахь Белите. Ас боху, ала.

Иза а аьлла, ша Iачуьра хьала а гIаьттина, чухула масех ког баьккхира Девлас.

Шен нанас – «Лекъаш дина х1оа ду  сан Белита», – бохуш, хьоьстуш кхиош яра йоI. Хаза хиларал сов, эсала а, самукъане а яра иза. Цуьнан хIинца а дацара пхийтта шо дуьзна а.

Нанас шеца къамел дича, цецъяьлла Белита, къаръелча санна, лаьттира,  хIумма а хезаш доцуш. ТIаккха нанас, ша тIе а озийна, шен корта маракъевлича, мелла а меттаеара.

– Нана! Дадас хIун де боху? Оцу нахаца мича гIо боху соьга дадас. ХIа! – къаьрззина хьаьжира иза шен нене, цуьнан жимчу коьрто схьалаьцнарг дика кхеташ дацара. «Хьайн деваша ца вейта, Сулайме маре гIо», –  шега нанас бохуш тарделира эххар а.

– Яло гIо, сан Белита. Хьайн дена луург де.

Шен нанас караелла жима ларча буйна а лаьцна, ша хьокхуш хилла нуй кхин дIа чекх а ца боккхуш, дIаяхара Белита цу буса, оцу кхаа стагана тIаьхьа а хIоьттина. ХIетахь цунна хIара дерриге а дахар цхьа тамашийна гIан тарделира.

Дан а дара кхидIадерг баккъал а гIан.

Шен вешин чIиръэцар Iадатехь догIуш, нийса сацам лору Сулаймас. Вер-ваккхар хиллачул тIаьхьа, нийсо ю ян езарг. Бехк хьеннан хиллехь а, бахьана муьлхха хIоьттинехь а, чIиръэцар бакъонан некъ бу. Къонахчун декхар ду иза. ТIаьххьара шен дахаран сахьт хIотталц цул доккха а, маьIне а кхин хIумма а дац нохчичунна. Вешин чIиръэцна а йоцуш, пхьоьх1ана хIиттар, шовданехь сецар, нийсархошца сакъоьручохь охьахийшар – иза хила йиш яц яхь йолчу кIентан.

Шена Девлин йоI Белита ялийна аьлла, лула кIотарарчу накъоста дийцича, дикка воьхнера Сулайма. Кхунна масехазза а гинера Белита. Иза кхарна дукха генахь ехаш а яцара. ХIинцца кхиъна йогIучу хазачу йоIе, хабар тоьхна а, цкъа хийисте кхайкхина а, вист ца хиллера хIара. Амма кхуьнан бIаьрг тIехIоьттина-м яра Белита. Шел дукха жима хиларна, бегIийла ца хетара, хазахетий, хаийта.

ХIинца ца дезаделлера кхунна шена хезнарг.

– Ой, хьерабевлла-м хир ма бац и нах?! Нускалх Iеха а велла, вешин чIир ца лохуш Iийр ву-м, ца моьтту царна?

Цкъа дог хилира, сихха цIа а вахана, шен нахе, Белита дIайига, ала. Кхуьнан ойла ша ешча санна, кхуьнга хьоьжуш Iачу накъоста элира:

– Сихалла дика яц, Сулайма. Кху юккъехула Белита хьехор хьуна догIуш дац. Иза, цкъа делахь, оьздачу нехан йоI ю. Жима ю. Цхьаьннан а ян куралла йоцуш. ШолгIа делахь, ахь хьайн вешин чIиръэцахь, йоI ДевлигIара дIайига тарло. «Лоьхуш хилла дац дов. Виэ лууш стаг ца вийна». Тхуна дезарг гергарло ду», – бохург ду, яла а йина, иштта йоI чухIоттор. Цул сов, хIинца а хьоьца мах бина, хьан долаяьлла а яц Белита.

«ХIá-хIа, сайн хIусаме гIур вац со, цкъа Рахьма карролц», – ойла чIагIъелира Сулаймин даг чохь. ХIумма а ала-м ца элира цо шен накъосте.

Иштта дIабелира ворхI бутт.

Де а, буьйса а цхьаьна ийнера, къаста а ца луш. Сулайма мичахь ву хууш яцара РебаIат а, Белита а. Иза кху керта вогIуш вацара.

Сулаймин буора дин хедош бара лаьмнийн аьрцнаш, гездеш бара дуккха а некъаш. Мел дукха йолчу говрийн лараш юкъахь а евзар яра цунна Рахьмин Iаьржачу динан лар. Цо иза лоьхура. Лоьхура дийнахь а, буса а. Хийла лаьмнийн юрт цо суьйренца я Iуьйренца геннара ларйи, юьрта воьду-вогIург тергалвеш.

Цкъа Келойн лам боккхуш, Шаройн Орга хадош, Нуйха кхечира Сулайма. Юьрта чу вогIуш кхин шиъ а кхетта, цаьрца, луьйш-олуш, схьаоьхуш, керла лар гира Сулаймина. Рахьмин динан лар евзира цунна. Цхьа бехказло ялийна, юьрта чу ца воьдуш, юхавирзира  иза. Кхунна евзина лар Лаьшкара-юьрта йоьдура. Цу суьйранна, Iаржъяллалц, юьстахо хьулвелла, лаьшкархойн эвлайистера некъ ларбира Сулаймас. ТIаккха, Iаржъелча, Нуйха охьа а веана, дуьххьара тIекхаьчначу цIа чу хIоьттира.

Хьаша вина хIара тIеэцна хIусаман да кегийчу нахах стаг вара, шен йоккхастаг-нана а кхобуш Iаш. Шена хьошалла деш сихвелла хьаьвзинчу кIанте хIокхо элира, жима къонаха,  ахь сагатдан ца оьшу. Вайна хан яьлла хан ю. Говр дIаIалаш а яй, охьадийшийта вай. Кхана дукха хьалхе ваха веза ша, аьлла.

Iуьйранна, сахилале, Iодикайира Сулаймас хIусамден. Iуьйранна де даллалц, суьйренца Iаржъелла тIаьххьалц, лаьшкаройн эвлайистехь юьрта богIу некъ ларбира Сулаймас.

Иштта – масех дийнахь.

Лурвоьллачунна ларвала дуккха а атта дуй-те, аьлла а хеталора Сулаймина, чIирхо лахарал а. Юьрта чохь вевзаш стаг велахь а, вацахь а – цхьатерра догIуш дацара ша чIирхо лоьхуш ву алар. ЧIирхо лохуш накъосталла-м муххале а дийр дацара, мелхо а шайн юьртахь стаг ца вейта а, тIевеана стаг ларван а кийча вара массо а.

Цкъа Зумса юьртахь хьаша лаьцна сацавелла, масех дийнахь гуонахара некъаш лардеш лелачу кхуьнан тидам бинчу цхьамма хаьттинера кхуьнга, ахь стенна сагатдо, хьанна кIело ян гIерташ лела хьо, аьлла.  –Дера бац цхьана а маьршачу стагана шегахьара кхерам, Сулаймас аьлча, – хьуна ца хаахь а, аьлла боху ша, Зумсахь, маьрша волуш-воцуш, тIевеана стаг вийна, олуш хезна дац шена цкъа а, аьлла хиллера юьртахочо. Лурвоьлла стаг а – хьаша ву, шайн юьртахь хьаша вийча, юьртана а тIе эхь догIу, бохург дара и.

Шуьйта кIоштарчу Мулкъахь, ТIерлахь масийттазза билгалъелира Сулаймина Рахьма волу меттиг. Амма тоьпан 1алашоне иза лаца аьтто ца болура.

Цкъа, пешхойн цхьана кIотарахь Рахьма буьйса йоккхуш а ву, Iуьйранна дIаваха лерина а ву, аьлла, дийцира кхунна ларамаза-а цхьана къонахчо, хIара оцу эвла чу вогIуш, лар а лаьцна.

– ХIокху лорах веанарг сайн накъост вуй-те бохуш, вогIу со. Хьуна дуьхьалкхийтирий-те иза? – хаьттинера цуьнга Сулаймас. Дагахь кхин хIума а доцуш, вукхо жоп деллера:

– Тхан эвларчу Лечин цIе яьккхира цо, иза шен хьаша ву аьлла. Iуьйранна гича, Леча а вара, шен вáн везаш хьаша ву, ТIерла гIур ву бохуш.

– ХIá-а, Дела резахуьлда. Иза ву хьуна сан накъост, –  аьлла, Сулаймас кечам бира Iуьйренна.

 

***

 

Гена доццуш долчу жимчу ирзехь говр яжийра цо, беттаса къайладаллалц. ТIаккха дин кечбира, нуьйр къовлуш. Герз а хьáдира, мел оьшург дуй хьожуш санна.

Iуьйкъа-хан хиллачу хенахь, некъа-бере вогIий хуур долуш, тата дара новкъахь.

Сулаймина шерра къаьстира новкъа вогIург. Шá цхьаъ вара говра-бере. Бода хиларна, генара стаг вевзар вацара, дикка улле ца кхаьчча. Рахьмин аматаш шена дика девзар дуй хууш, дина хиира Сулайма. Юьйлинчу тоьпаца дин хьабира  цо, вогIучунна дуьхьал бохуьйтуш.

Ткъа дуьхьал вогIург-м вацара башха ларлуш. Чехкачу боларца вогIу иза, ийза ца луш, схьатIевеара. Улле ша кхаьчча, салам-маршалла хоттуш, динара воьссира. Иза Рахьма вацара. – ХIара меттиг «шайтIанийн гу» олуш ю, шайтIанаш  къахкаде ша, аьлла, ирх а ерзийна, топ кхоьссира беречо.

Сулайма кхийтира: некъ толлуш вогIуш хиллера бере. Тоьпан татано бинарг хаам бара тIаьхьавогIучу шинга.

Дийнахь хьажа вахча, карийра Сулаймина Рахьмин динан ларш. Топ йолу хезча, ши бере, цу некъа тIера дIа а ваьлла, бай тIехула, лар йойъуш, дIа а вахана, меллаша, цхьана кхечу новкъа ваьллера.

 

***

 

Иштта, де а, буьйса а ца лоьруш, чIирхо лоьхуш Сулайма лела, ворхI бутт сов зама яьллера.

 

***

 

Цкъа суьйранна МартантIе веанера ДевлагIеран генара гергара стаг. Кхузахь шена гича, Сулайма вевзинера цунна. ТIаккха, къайлах, хIара мичахь сецна, хьаьжнера иза. Джаммирзин Iиса волчохь сецна хиллера Сулайма. Цул тIаьхьа дукха сиха юьрта а веана, хаам бинера маслаIат лоьхучаьрга. Вукхара сихо йира, гIовгIа йоцуш, нах вовшахтоха.

Iуьйкъана дIадуьйладелла адамаш – говрахь, гIаш, ворданашкахь, уллерчу кIотаршкара а, МартантIера а – дукха нах гулбеллера Сулайма буьйса яккха сецначу МартантIерачу гендарганойн тайпанах волчу Джаммирзин Iийса волчу керта. Сахилла а дацара, Iийсин уьйтIе а, урамнекъ а дIалаьцна, нах дIахIиттича. Iуьйренца арабевллачу Iисин доьзалшна гира арахь дукха адамаш.

ХIусаман да, сихха ара а ваьлла, тIевахара гулбелла лаьттачу нахана.

– ХIай дика нах, аш стенна сагатдо? Шу хIунда гулделла? – элира цо, воьхна, Iуьйре дика еш, маршалла а хаьттина, хьалха лаьттачу мехкан баккхийчу нахе. Церан яххьаш Iадийна яра. Церан бIаьргаш чохь хаттар дара, цхьаберш боьлхуш бара.

– Iийса, хьан кертахь беркат лаьттийла даима а, ца хедаш. ХIара халкъ лууш ду хьан хьаша Сулайма шайна дуьхьалхIотта. Деш долчу дехаре цо ладогIа лууш. ЛадоьгIна, собарца, шайна жоп далар доьхуш.

Сулайма ара ца волура.

Къанойх масех стаг чувахара Сулайма волчу. Цара дехха дийцира.

Сулайма ара ца волура.

Эххар а шена тIебаьхкинчу къаношка, ойлаян а, шен баккхийчех дагавала а хан еза шена, элира цо.

Цу хенахь схьакхечира Iалатхойн воккхахволу Болатхан.  Иза схьавало а бахана хиллера нах. Цуьнца дийцарш динчул тIаьхьа, кхин цкъа а, Болатхан цхьаьна а волуш, дийхира къаноша, чу а бахана, Сулайме, нахана дуьхьалхIоттахьара аьлла.

– ДIа арахьажахьа корах. Гой хьуна, гIа санна, и адам. Къонахий бу боьлхуш, хьоьга къонаха воьхуш. Миска нах доIанца Деле кхойкхуш бу, шун юьртахь хилла ийман а, синтем а юхалохьа бохуш. Доьху къаноша, молланаша, ц1е йоккхучу наха.

– Бехк-гуьнахь доцу шайн бераш ловзарех хадийна, кораш Iарждина, гIайгIане болчу нанойн бáла байбиэхьа, Сулайма.

– Хьаша-да ларвар доьзалшка кхуьйлуш, эхарте бирзинчу къонахийн дуьхьа; стиглара маликаш цецдохуш,  шайн къоьжачу  кортошкара хьакъдолу сийлахь корталеш маслаIатан сийнна даьхначу къеначу цу нанойн дуьхьа, маслаIат синхьашто хилла, шайн синош шаьш доьхуш санна, дехаре баьхкинчу къанойн юьхь яй, жоп лохьа нахана, Сулайма, – доьхура наха.

Йиллинчу неIарх ара д1ахьаьжначу  Сулаймин бIаьргкхийтира, зIар а диллина, чубогIучу нахах. Хьалха богIучийн белшаш тIехь, верта тIе а тесна, барма бара.

«ЭхI, хьо боккха болх… ворхI баттахь дийнахь а, буса а лехнарг… кхарна ма сиха а карий-кха… – ларамаза ойла еара Сулаймин коьрте.

Сулаймина ца хаьара, хIара тIаьххьара ши кIира доккхуш, Шуьйтахь, хьаккой болчохь, Рахьма хиллий а, сийсара Девлас цига геланча вахийтина хиллий а.

ХIинца Сулаймина гира ша волчу чувогIу Болатхан а, цуьнан пхьаьрса тIе тийжаш, хало вогIу – ша чохь волчу шен накъостан Iийсан да – къена Жаммирза а.

Арахьа белхарш дара, олуш назма а яра.

 

Хьо воцург дала вац,

Хьо воцург диэха вац,

Къинхетам бехьа ахь,

Йа АллахI-Дела.

 

Назма тIаьхьара айъинчеран аз коьртан хьехех хьерчара, массо а чо ирахIиттош.

– Iуьйре дика йойла, Жаммирза! – вистхилира Сулайма.

– Далла везийла, Сулайма! Цхьана бусалба стеган дог цадохор мел деза дуьйцу-кх Делан жайнашкахь. Дала ша мел кхоьллинчу хIуманал – малхал, баттал, чохь са долуш а, доцуш а мел долчу хIуманал хаза кхоьллина адам. Ткъа бусалба стеган юьхь леринарг, цуьнан сийдинарг – иза АллахI везнарг ву. Вало, дуьхьалхIотта оцу нахана. Къовла дог, доьналлин шад бай.

Хьажар Болатхане дерзийра Сулаймас. КхидIадерг Болатхана шена тIелецира. Жаммирзин пхьарс дIа а ца хоьцуш, нахана тIе дIаволавелира иза. Сулайма цу шинна тIаьхьахIоьттира.

– ХIей нах, – мохь туьйхира Болатхана…

– Цу Аллах1-Дала сийдойла шун!  Г1овттийша хьала. Везачу Далла дезаш ду масла1ат дар. Эхарта бирзинчу вайн дайша т1аьхьенга  весет деш, дитина машар, масла1ат лахар. Кхузахь долчу аш тхоьга доьхург а ду иза. И сийлахь масла1ат. Сийлахь бу, вай сийдо лоьхучийн машар. Шун Дала сийдойла! Диканца бекхамбеш, шун дегнаш хьоьстийла Дала. Везчу вайн Делан дуьхьа, къоман сий лардеш эхарта бирзинчу вайн дикачу дайн а дуьхьа. Шайн синош доьхуш санна г1айг1ане эгна, кхузахь лаьттачу шу – нехан дуьхьа, к1ентийн ага техкош ирсе сатийсинчу вайнехан нанойн а дуьхьа, Рахьмин карах велла Оьздамар вити оха, ч1аг1о еш, ца лаха ч1ир. Г1аттаве Рахьма. Барма д1а а эца.

Ши жимха лаьттачарна юкъара схьакъаьстина т1евахара бармахь 1уьллучу Рахьмина. Т1ехула тесна верта д1аийцира. К1айн шаршу схьа а оьцуш, шимма, ши пхьарс а лоцуш, г1аттийра Рахьма. Гуш дара, Рахьма шина кога т1ехь дика лаьтташ цахилар. Мокхачу хуьтан к1адийнах дина коч-хеча, дихкина доьхка доцуш хецна коч. Ворх1 баттахь башаза корта, маж йолуш, хьалха хиллачух тера воцуш, г1елвелла, худавелла  вара иза. Жимма, д1а ца хоьцуш, охьабахийтина корта а болуш, Болатханна хьалха д1ах1оьттира Рахьма.

– Аллах1а гечдойла хьуна, Рахьма! Дегочу озаца элира Болатхана. – Тхо къинт1ерадевли хьуна.

Жимма д1анехьо лаьттачу Сулаймас, Рахьма шена хьалхахьа сацийча, халла хезачу озаца:

– Д1авига иза. Д1абаша корта, – элира. Сулаймин дагахьдерг хууш цхьа Дела вара. Хетарехь, цунна велха лаьара. Декъаза кхаж баьллачу Рахьмина а, цуьнан карах веллачу шен вешина а. Амма цо иза ца дира. Цхьа ши ког боккхуш, Болатханна т1ехьа лацавелира.

 

***

 

Ши куьг юьхьа тIе а диллина, йоьлхура Белита. Цо шен елхар къийла ца къуьйлура, хIинццалц санна. ХIинца цуьнан елхар дара, халахетарца цхьаьна хазахетар ийна.

ХIокху тIаьхьарчу ворхI баттахь, наггахь бен чуьра ара ца йолуш Iийнера Белита, хIокху беа пена юкъахь, юкъа-кара хIара йолчу йогIучу кхуьнан накъоста дохьура кхунна арахьара керладерг.

– Хьан дада волчу тахана молла Iумар а, кхин цхьа воккха стаг а веанера. Сулайме хьо маре яла шена пурба дийхира моллас. ТIаккха уьш дIабахара, – дийцира йоIа.

Цунах хиира Белитина, ша Муотин Сулаймин зуда юй тахана дуьйна.  Ткъа хIара чохь Iен биъ пен Сулаймин бара. ВорхI бутт хьалха еанера хIара кху чу, юьйхина гIабали йоцуш, тиллина кIайн тапта а доцуш, иштта, ша цIахь-арахь лелочех цхьа коч, ши йовлакх, ши пошмакх кортали юккъе а хьарчийна. И гIийла ларча кара а лаьцна, ур-аттал шена тIера коч а ца хуьйцуш, юьртахь воккха волчу Мурдална тIаьхьа а хIоьттина.

ХIетахь дуьххьара хIара чуеача, кхунна дуьхьалаяьлларг Сулаймин нана РебаIат яра. Кхин цхьа а вацара. ХIара шиъ хIетахь йилхира, вовшашна тIеттIа а таьIна. Ехха йилхира, ма елха олуш, стаг а вацара.

Мурдал сихха дIавахара хIетахь, кхуьнга чугIо а аьлла, РебаIате лохха вист а хилла. «Нускале» хьажа а, кирхьа олла а стаг вацара. Цул сов, хIара кху чу хIунда еана а, хьанна оьшу хууш а вацара стаг. Кхин ван а вацара цхьа а кху чохь а, кертахь а х1ара шиъ йоцург.

Ша Сулаймин зуда юй кхунна хиъна ши кIира даьллера. Суьйранна 1аржлуш хан яра, Сулайма шен нана йолчу чоьхьаваьлча. Сихха т1евахана нана марайоьллира цо. Логехь шад сецош, халла элира: «Нана, къинт1ераялахьа».

К1ентан некха т1е юьхь а та1ийна, йоьлхура нана. Ткъа Сулайма шен б1аьрхиш лачкъо г1ертара ненах.

– Дела ву-кх гечдендерг массарна а вайна, – элира нанас. – Лаьмнийн халачу хьелашкахь хьо дуьхьалтуьйсуш, т1аккха гуш Рахьма барзо хьош. Ахсамах, ахг1енах дуьхьалво1гий, Оьздамара хьоьстуш, набарха юьйлуш. Инзаре мел дерг дуьхьалтуьйсуш, яьккхи ас х1ара барх1 бутт зама. Со 1ехо, садетта суна Аллах1а елла Белита. Иза соьца ца хиллехь, со елла хир яра тоххара. Со къинт1ераели хьуна, сан к1ант. Ахь елхорах Рахьмин нана, суна-м дацара йоьлийла, данне а. Ца лоьхуш, ца йоьхуш деанарг  Делан 1ожалла ю.

Реба1ат, ша хьалха дуьйна ма-хьовззара, кад-1айг хьадеш, хьаьвзира. Т1аккха и дерриге а дуьтуш, сацаелира. – Х1а, Белитас чу деана хингалш диъна 1аш ма ю со. Кху чохь-м дац дуучух х1умма а.

Дагахь а доцуш иза чоьхьаваьлча, йогучу цIаре хьоьжуш, пеша хьалха Iен Белита, хьала а гIаьттина, къаьрззина Сулайме хьаьжначохь йисира, йоха а йоьхна. Цкъа кхуьнга схьахьаьжна, юха шен хьажар лаьтте дерзош, сацавеллачу Сулаймас элира цхьа тамашийна паргIатчу озаца:

– Чуван мегар дуй со?

ТIаккха, хIара кхин йист ца хилча, элира:

– ХIинца хьуна луъург дийр ду-кх вайша, Белита. Кхин дIа со мостагI вац Девлин. Хьуна лаахь, ваша а хилла, хьайн дада волчу юьгур ю ас хьо. Лаахь, Iе кху хIусамехь, цIенана а хилий. Харжам хьан бу.

– Хьо марша вогIийла, – лохачу озаца элира Белитас. – Кху чоьнах дIайоьлла со-м.

 

 

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: