Дуьненан тайп-тайпанчу мехкашкахь экстремисташа а, террористаша а цIий Iенош, деш долу зуламаш марсадевлла хиларо а, цара Iехош, тIеттIа алсам кегийрхой шайн ардангашна юкъаийзош хиларо а лоьху церан оцу ямартчу некъашна дуьхьал деш долу гIуллакхаш жигарадахар.
Цунах а кхеташ, вайн республикин куьйгалло хаддаза шайн коьртачу тидамехь латтабо вай долчохь экстремизм а, терроризм а яржарна дуьхьал беш болу болх. Кегийрхошна йовзуьйту Шемахь а, цхьамогIа кхечу мехкашкахь а законехь долчу Iедалшна дуьхьал тIемаш беш, уьш дIалоьцуш, Iедалан коьрте хIитта гIерташ, террористийн «ИГИЛ» организацерчу экстремисташа лелочу зуламийн Iалашонаш. Республикин маьждигашкахь, культурин кхерчашкахь, адамаш гуллучу кхечу меттигашкахь нахаца, къаьсттина кегийрхошца, дIахьо ийманехь, гIиллакх-оьздангаллехь кхетош-кхиоран болх. Царна хоуьйту зуламхой динан, халкъан хьашташ лардеш цахилар, уьш шаьш дIалоьцучу мехкашкара маьIданаш шайн доладаха, цигахь Iедалш дIалаца гIерташ хилар.
Халахеташ делахь а, вайн республикехь а нисло экстремистийн «хазачу», хабаршка ла а дугIий, Шема тIом бан баха лууш берш, хьалхачул уьш дуккха а лахбеллехь а. Оцу хьолехь кхолла деза и санна берш бехке баран, царна наьIалт кхайкхоран хьал. Хаийта деза уьш халкъан мостагIий хилар, цара республикин а, нохчийн халкъан а сий-ларамна доккха зен деш хилар.
Нохчийн халкъах волчу цхьана а стагера экстремизман, терроризман зулам ца далийтархьама, и гIуллакх хаддаза шен семачу тидамехь а латтош, боккха болх дIахьо Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо юкъараллера, бакъонаш ларъяран органашкара лоьху экстремизман а, терроризман а гучудийларшца латтош болу къийсам мал ца беш, хаддаза дIабахьар.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан рогIера цхьаьнакхетар хилира республикин МВД-н куьйгаллица а, командни белхахошца а.
Чоьхьарчу гIуллакхийн министра Алханов Руслана дийцира республикехь долу хьал цхьанаэшшара дика лаьтташ а, экстремизманий, терроризманий дуьхьал оперативно-профилактически гIуллакхаш кхиамца дIахьош а хиларх лаьцна. Цо билгалдаьккхира дIахьош долчу дуккха а гIуллакхаша кегийрхой Шемарчу тIаме эхаран меттигаш дуккха а лахъян таро хилийтина хилар.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо тидам тIебахийтира соцсеташкахь кегийрхой зуламхойн тобанашна юкъаийзор сацорна хIинццалц деш хиллачу гIуллакхашна, билгалдаьккхира цIабахка луучарна гIо дина хилар, церан мел бехк бу а хьовсуш. Амма вай девр дац гуттар а дехарш дина а, къинхетам бина а», – элира цо.
«Беламе ду уьш Iехийна бохург. Билггал кхерам гучубаьлча, массо а кхетта. Оцу кхетарх теша хала ду», – элира Кадыров Рамзана.
Цхьаьнакхетаран дакъалацархошна цо тIедиллира само яр, республикин МВД-н берриге а белхахойн тидам терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал дIахьочу къийсамна тIеберзор.
С.ЛАЛАЕВ
№136, еара, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де, 2015 шо