Цхьа-ши дош…

Францерчу Ле-Бурже шахьарахь дIахьош ю гуонахара Iалам талхор сацорехьа гIуллакхаш дарна лерина йолу дуьненаюкъара конференци. Цигахь дакъалоцуш бу бIе сов пачхьалкхан векалш.

                    ***

    Ле-Буржехь Россин Президент В.Путин цхьаьнакхийтира США-н Президентаца Б.Обамица, Израиалан премьер-министраца Б.Нетаньяхуца, цхьамогIа кхечу пачхьалкхийн куьйгалхошца.

                   ***

   Хонкарна дуьхьал экономикин санкцеш юкъаялийна Россин Правительствос. Уьш хьакхаелла туризмах а. Таханлерчу дийнахь оцу махкахь садоIуш ву 919 россихо.

                   ***

   НАТО-н куьйгалло дIахьедина ОвгIанан Iедалан эскарна ахчанца гIо дар 2016–2020-чуй шерашкахь а дIахьуриг хилар.

                   ***

  Шемахь дуьххьара «Земля-Земля» ракеташца стигала даьлла СУ-37 тIеман кема. Дийнна куп «дIашаръян» ницкъ болуш ю и ракеташ.

                  ***

   Польшерчу Мелеце гIалахь бохийна Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман шерашкахь Польша фашизмех паргIатйоккхуш эгначу советийн салтийн сийнна хIоттийна хилла хIоллам.

                  ***

   Шемахь вийначу Россин летчикан, Россин Турпалхочун дакъа тIехь долу кема охьадуссуш цунна дуьхьал веара мехкан оборонан министр С.Шойгу, ВКС-н главком В.Бондарев. Турпалхо Липецкехь лахьте верзор ву.

                ***

   Чинехь дуькъа дохк а, къахь а хилар бахьана долуш 40 гергга машен вовшахкхетта. Оцу некъан бохамехь 4 стаг кхелхина, лазийнарш кхин а дуккха а алсам бу.

                ***

 

 Казахстанах ВТО-н юьззина бакъонаш йолу декъашхо хилла. Цуьнца доьзна оцу пачхьалкхан Президента Н.Назарбаевс тIедиллина ерриге а банкашкахь ревизеш дIаяхьар.

                ***

  Украинехь хьалхарчу декабрехь дуьйна баьпкан мах тIекхетта. Керлачу шарахь дазлур ду кхачанан кхидолу сурсаташ а.

                 ***

   Украинин Iедало тIедогIучу шарахь а дIахьур ду Къилба Iаьрбийн Республикера  кIора эцар. ДуьххьалдIа цхьана январь баттахь эца леринарг 170 эзар тонна кIора бу.

№136, еара, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: