Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон инстаграмехь йолу официальни агIо зуламхойн каракхаьчна. Цу хьокъехь хаам бира министерствон куьйгалхочо Умаров Джамбулата.
– Вайца хаамийн тIом беш болчу вайн мостагIашна вайна тIе йоцу цIе кхоллар, харцдерг дийцар бен, кхин хIумма ца дисна. ГIаддайча, шайна гIуллакхаш деш болчу хакершка (компьютеран, интернетан декъехь зуламхой) социальни сеташкахь йолу вайн агIонаш йохайойту цара. Иштта, селхана буьйсана оцу декъазчу курхалчаша вайн министерствон официальни агIо йохийна. Шайга вайн болх сацалур бу моьттуш бара уьш. Амма царна моьттург бакъ дац…
ХIинца, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хаамийн а, къоман а политикин Стратеги кхочушъяр – дуьненаюкъарчу терроризмана юккъе чу тохар дуй а хууш, оха – Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хакамийн министерствон коллективо – терроризмана, экстремизмана дуьхьал беш болу тхешан болх кхозза дукхах бийр бу, – дийцира министра.
«Хала-м хета, юха а юьххьанца дуьйна болх болабан безаш, делахь а, иштта гIоле ду. Зиэраша тхо мелхо а чIагIдо. Тхан керлачу агIонна язло, доттагIий, вайн юкъарчу Даймехкан мостагIашна цхьаьна дуьхьало йийр ю вай! Маьрша хуьлда Росси! Маьрша хуьлда Нохчийчоь!», – дерзийра Д.Умаровс шен къамел.