(Иллешка дирзина могIанаш)
Даймехкан косташ
Мукъам В.Дагаевн
Шуьга ду маршалла, хьомсара накъостий,
Дехийла, ирс хуьлда, IадIелаш шу ховший,
Шун оьзда гIиллакхаш – Даймехкан безам бу.
Барт болуш гулдалар – сан дагна хаза ду.
ЦIеххьанчу орцано сихонца айвина,
Кхочучу ницкъаца накъостал дан лиъна,
Даймехкан декхаро гIаттийна, вогIу со,
Шен дикчу кIенташка дIаала, боху цо:
Челакха ойланаш шен коьртехь сецаеш,
Чохь чIана эшийна шун дагна вас ца еш,
Массанхьа Iу хилла, шаьш хала кхиийна
И къена шайн дада тергалве, боху цо.
Хеназа самъюьйлуш, меттамотт шун хуьйцуш,
Мерзачу набарна аганан гIожца туьйш,
Доьзалан хьашташа хеназа къежйина –
Хьомсара шайн нана йиц ма е, боху цо…
Де доьхна, Iаьржачу халоно хьовзийнчохь,
Мацалло бIарздина, гIелонна кIелдуьсчохь,
Бохамна, харцонна юьхь дуьхьал хIиттинчохь
Собарах, стогаллех ма довла, боху цо.
Хало тIехIоьттинчохь стогаллех хьо валахь,
Хьайн мехкан сий ларо ахь хьайн дог кхоадахь,
Хьомечу хьайн ненан юьхь-сибат ахь дицдахь,
Ша – Даймохк – къинтIера бера бац, боху цо.
Зама
Мукъам В.Дагаевн
Зама, ма сихло, сан зама,
Цхьажимма некъ бита суна,
Со дахарх Iаьбна вац хьуна,
Сан дисна дезарш ду хьуна:
Таллаза шорта ю ареш,
Яздаза дисна ду иллеш,
Дагара хаийта кхоьруш,
Геннара кехатца езаш, –
Со безам лехна ву хьуна,
Сатуьйсуш къежвелла хьуна.
Хьоьгара собар а лоьхуш,
Со вогIу хьоьца де къуьйсуш…
Зама, ма сихло, сан зама,
Со тахна реза ву хьуна,
Дуьненна кур бетташ вогIург
Сийначу молханца вагош,
ХьагIца цIий Iенадеш вогIург
Готтачу лахьти чохь сецош,
Дажалийн даьIахкийн хIурца
Вайн латта беркатца хьекъош,
Ахь лоьху селхенна нийсо,
ГIелвинчун дог-ойла екхош;
Атта де халонца хуьйцу –
Хийла ден кура дог дегош…
Зама, ма сихло, сан зама,
Цхьажимма некъ бита суна.
Доггаха дош аьлла ваьлла вац,
Дуьненахь ас битна цхьа зил бац.
Со дахарх заздаккха кхиъна вац,
Езачух бIаьрг тоьхна ваьлла вац,
Ма-хетта барт аьлла, Iаьбна вац,
Даймехкан декхарха ваьлла вац.
И суна массарел деза ду, –
ДIа ца луш, кхалхарна кхоьруш ву,
Даймехкан сийлахьчу декхарна
Дуьненахь массо а деха вай.
Шовдане
Мукъам О.Ганаевн
Сесанах тарделла,
Сов сиха лела хьо;
Хьан дато чуьппалгаш
Вовшашца къийсало.
Алахьа соь, шовда,
ХIун дайна дека хьо?
Сан сирла, хIай шовда,
ХIун ала гIерта хьо?
Ас хьуна гуо туьйсу,
И гаре сатуьйсуш,
Алахьа ахь соьга,
Ца яйра и хьуна?
Схьайийца ахь къайлеш:
И бац цо левзина ког?
Хьаьъна хьо кегадеш,
Ца дийци цо шен дог?
Шен хаза кIайн куьйгаш
Хьоьца цо дилирий?
Шен деган къайленаш
Цо хьоьга йийцирий?
Хьо, шовда, ма сихло,
Саз-латтий ма айде…
Ца яьккхи хьоьга цо
Шен дагахь волчун цIе?
Сагатлуш, хьийза со,
Декалахь, сан шовда,
Ойлано гIелви со, –
Ваккха ахь со новкъа.
№137, еара, гIуран (декабрь) беттан 3-гIа де, 2015 шо
