Иштта яра дукха хан йоццуш Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствехь хиллачу хIора шарахь дIахьош йолчу берийн конкурсан цIе. Иза вовшахтоьхнера Соьлжа-ГIалин мэрица а, «Къона доьзал» социальни реабилитацин туш» региональни юкъараллин организацица а цхьаьна вай лакхахь хьахийначу министерствос.
Конкурсехь дакъалоцуш яра тайп-тайпанчу берийн бошмашкара тобанаш. Цара шайн байташца, хелхаршца, иллешца самукъадаьккхира хьовсархойн. Бераша бинчу кечамийн мах хадочу жюрина юкъахь бара: Нохчийн Республикин Парламентан председателан хьехамча, Нохчийн Республикин КВН клубан цхьаьнатоьхначу командин куьйгалхо Мамергоев Ислам, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон доьзалан политикин а, бераш социальни лардаран а отделан хьаькам Насугаева Iайшат, «Къона доьзал» социальни реабилитацин» туьшан председателан заместитель Салтымурзаев Мохьмад-Султан, школе дахазчу берийн дешаран департаментан школе дахазчу берийн дешаран а, кхетош-кхиоран а отделан коьрта говзанча Шавлаева Раиса, «Къона доьзал» Республикин социальни реабилитацин» туьшан белхахо Хатуева Аза.
Насугаева Iайшата баркалла элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчина Кадырова Зарганна хIара тайпа цхьаьнакхетарш вовшахтохарехь гIодарна.
– Кху конкурсийн Iалашо ю похIме бераш довзийтар, церан кхидIа а къахьега лаам кхоллабалийтар. Иштта бераш вайн республикехь дуккха а ду. Цуьнан тоьшалла ду таханлера конкурс, – элира цо.
Конкурсан жамIаш динчул тIаьхьа, толамхошна Сийлаллин грамоташ а, мехала совгIаташ а делира. Цигахь жигара дакъалаьцначу берийн бошмийн куьйгалхошна Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон Баркаллин кехаташца совгIаташ дира.
З.САГАЕВА
Суьрта тIехь: конкурсан дакъалацархой
№137, еара, гIуран (декабрь) беттан 3-гIа де, 2015 шо