Диссертацин Советан хьалхара кхеташо

Дукха хан йоццуш  Нохчийн пачхьалкхан университетехь «Даймехкан истори» корматаллехула йолчу диссертацин Советан декъашхойн хьалхара кхеташо хилира.

    Оцу Советан председатель хаьржина историн Iилманийн доктор Осмаев Iаббаз, цуьнан заместитель – историн Iилманийн доктор Гапуров ШахIруди, Iилманан секретарь – историн Iилманийн кандидат Магомадова Тамара.

Университетан хьалхарчу проректора З.Киндаровс ректоран З.Саидовн цIарах декъалбира диссертацин Советан декъашхой. Шен къамелехь цо элира:

«И тайпа Совет кхоллар бахьана долуш, Iилманан болх жигарабаккха таро хир ю. Иштта, ВУЗ-ийн Iилманан белхаш алсамбахарна а дика Iаткъам бийр бу аьлла  хета суна. Советан декъашхошна тIехь дерг доккха жоьпалла ду. Iилманан декъехь белхаш беш болу говзанчаш (Iилманчаш) вовшах а кхетта, цхьана коллективехь цара болх бича, вайн таро хир ю докторийн а, кандидатийн а диссертацеш хьакъ ма-дду чIагIъян».

Билгалдаккха деза диссертацин Совет Россин Федерацин дешаран а, Iилманан а министерствон омрица 2015-чу шеран 14-чу октябрехь вовшахтоьхна хилар.

«Диссертацин Совет вовшахтохархьама дуккха а къахьегна вайн Iилманчаша. Цу юкъахь вайн республикера Iилманчаш хилла  ца Iаш, Москвара а, Астраханера а, Ростовера а, Дагестанера а, Кисловодскера а, Къилбаседа ХIирийчуьра а Iилманчаш бу. Цундела, хьалха санна, луларчу регионашка диссертаци чIагIъян лела дезар дац вайн аспирантийн. ХIинца, диссертацин Совет вовшахтоьхна хилар бахьана долуш, вайн республикехь диссертаци чIагIъян аьтто хир бу аспирантийн», – элира  Советан председатела Осмаев Iаббаза.

 

З.ЛОРСАНОВА

№137, еара, гIуран (декабрь) беттан 3-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: