Кху деношкахь Нохчийн пачхьалкхан университетан медицинин институтехь дIадаьхьира «Consilium» аьлла интеллектуальни ловзарш. Уьш вовшахтоьхнера оццу институтан 5-чу курсан студенташа. Ловзарш шина турах лаьтташ дара. Цигахь дакъалоцуш бара 4–5-чуй курсашкара студенташ. И дика гIуллакх дIадахьарехь къийсадаларийн дакъалацархоша зийра шайн хаарш. Царна хаа дезаш дара клиникин дисциплинехула долчу хаттаршна жоьпаш дала. Самукъане а, пайдехь а карийра студенташна шайн цхьаьнакхетар. Цара дика хаарш гайтира цу къийсадаларшкахь. Цхьаьнакхетар дерзош, толамхошна Сийлаллин грамоташца совгIаташ дира.
З.ЛЕЧИЕВА
Суьрта тIехь: медицинин институтан студенташ
№137, еара, гIуран (декабрь) беттан 3-гIа де, 2015 шо