Гихтарчу АхметхановгIеран доьзале шеца хаза кхаъ бохьуш деара 2014-гIа шо. Ламаст хилла дIахIоьттина спортсменийн доьзалехь керлачу шеран каникулашна шайн Даймахка бахкар. Вуьшта Москвахь Iаш бу уьш.
Москван уллерчу Раменское гІалахь паргIатчу кепара охьатохархлатарехула дIадаьхьначу ерригроссин къийсадаларшкахь хьалхара меттигаш яьхна вежарша АхметхановгIара Рахьмана, Рахьима, Рукъмана. Билгалдаккха деза, Россин спортан исторехь кхаа вешех цхьана чемпионатехь цхІамоггIа чемпионаш хилар цкъа а хилла дац. КIентий Москвахь Iаш а, доьшуш а бу. Ткъа каникулашна хIорш цхьабогIуш Гихтахь доккха той хIоттийнера. АхметхановгIеран кхерчахь гулбеллера тайпан баккхий нах, хьеший, юьртахой. Цхьаьнакхетарехь хиллачу Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Хьалха-Мартан муниципальни районехула йолчу чоьхьарчу гIуллакхийн отделан куьйгалхочо Махмутхажиев Аслана шайн юьртахойн толамех шаьш даккхийдеш хилар хаийтира.
«Ерригроссин турнирехь вежарша АхметхановгІара Рахьмана, Рахьима, Рукъмана цу тайпа кхиамаш бахар юьртана, районна хилла ца Iаш, ерриге республикина а дозалла ду. Ерригроссин хьовха, дуьненаюкъарчу спортан майданашкахь а цара кхиамаш бахарна сатийсар ло церан карарчу толамаша», – элира А.Махмутхажиевс.
Чемпионийн девашас дийцира шайн доьзалехь божарша даима спортаца гергарло лелийна хиларх. «Вешин бераша дакъалоцу къийсадаларш дIахьочу хенахь со леррина хьожура цаьрга, са а гатдора, уьш толаре са а туьйсура. Тхуна доккха хазахетар хилира цара кхааммо а Россин хьалхеяккхарехь толамаш баьхна, царех чемпионаш хилча. Цара дукхазза баьхна толамаш тайп-тайпанчу турнирашкахь, къийсадаларшкахь. Даима тренировкаш еш хиларна, шайн Iалашоне кхача лаам хиларна, лаккхара жамIаш гайтина кIенташа. Уьш-м хIинца а къона бу, церан дахаран некъаш хIинца бен дуьйлалуш дац. Ас дозалла до тхайн нашхойн тайпанан тIаьхьенах. Со тешна ву, вешин бераша тхо цкъа юьхьIаьржхIиттор ца хиларх а, шаьш юьхьарлаьцначу новкъахь уьш хьакъ ма-дду чекхбевр хиларх а. Вайн сийлахьчу махкахойх Бисултанов Асламбеках, Хасимиков Салманах, Вараев Iадланах, кхиболчарех а терра, дерриге а къомана юьхькIам болуш спорстменаш кхуьур-хиларе сатуьйсу ас Рахьманах, Рахьимах, Рукъманах», – элира цо.
Москвахь Iаш дукха хан хиларе хьаьжна доцуш, нохчийн къоман Iадаташца а, ламасташца а дог1уш кхиийна Ахметханов Асламбека а, цуьнан хIусамнанас Заремас а шайн доьзал. Вайна ма-хаъара, Москвахь Iаш дуккха а гIарабевлла махкахой бу вайн. АхметхановгIара цаьрца зIе латтайо даима. Царех цхьаъ ву Россин спортан охьатохарх латаран организацин вице-президент Вараев Iадлан. Цо шен ницкъ ма-кхоччу гIо до нохчийн спортсменашна. Бераш кхиа доладелча, шайн могашалла ца талхош, дахарехь хьакъдолу некъ лелош, хила ма-безза къонахий царех кхиийта уьш мича дIалур бар-те аьлла ойлане ваьллера доьзалан да Асламбек. Цул сов, спортсменийн гІоьнча хилла ца Іаш, шенаш кхиорехь масал хилар а хоуьйту цуьнан дикачу кІентийн кхиамаша. Вараев Iадлана хьехна, паргIатчу кепара охьатохарх лата Iамо дIабелира цо шен кIентий, Калаев Ислам бохучу тренере. Замано гайтира харж нийса хилла хилар. Таханлерчу дийнахь воккхахволу Рахьман Россин хьалхеяккхаран шозза чемпион ву.
…Дехха лаьттира АхметхановгIеран кхерчахь хIоьттина цIей. Кегийрхошна лерина боккха синкъерам вовшахтоьхнера цара. Иштта, нохчийн эстрадин артисташа эшарш лакхарца самукъадаьккхира хьешийн.
Билгалдаккха деза, «Юг-нефть» компанин президент волчу доьзалан да Ахметханов Асламбека Россехь спортан тайп-тайпанчу кепашкахула дIахьочу кегийрхойн турнирашна харжашца накъосталла деш хилар. Ткъа «Юг-нефть» компани паргIатчу кепара охьатохархлатарехула йолчу Ерригроссин кегийрхойн турниран гуттарлера спонсор хилла дIахIоьттина. Шен гIоьнца А.Ахметхановс доккха дакъалоцу мехкан кегийрхошна юкъахь спорт, физкультура яржорехь а, кхиорехь а. Иштта, вайн махкахошна дозанал арахьа долчу къийсадаларшка дIасаэхарехь накъосталла до цо.
Ш.ЯКУМОВА