Дукха хан йоццуш Шелковски районерчу Культурин цIийнехь хIора шарахь дIахьош йолу «Оха похIме бераш лоьху» цIе йолу конкурс хилира. Иза дIаяьхьира школел хьалхарчу дешаран учрежденешкахь долчу берашна юкъахь.
акъалецира Шелковски районерчу «Нана», «Теремок», «Жемчужина», «Буратино», «Улыбка», «Ирс», «Беркат» берийн бошмашкарчу бераша. Конкурс кхаа номинацехула хилира: «Илли», «Хелхар», «Сценка».
Бевзаш болчу композиторийн иллеш элира конкурсан дакъалацархоша, «Актерское мастерство» декъехула а шайн хьуьнарш гайтира бераша, тайп-тайпанчу сценкаш юкъарчу турпалхойн васташ а хIиттош. Иштта, бераша хелхарш а гайтира. Конкурсана юкъадогIуш а доцуш, школе дахаза долчу бераша даггара байташ йийшира.
Шелковски районан школел хьалхарчу дешаран урхаллин говзанчас Адамова Яхас билгалдаьккхира цу берашна юкъахь толамхо харжар чолхе гIуллакх хилар, хIунда аьлча, хIора а бер царна шатайпа похIме хетта хиларна.
Лакхахь хьахийначу урхаллин куьйгалхочо Гучигова Заремас элира: «Школе дахале берашна Iамийнарг пайдехь хуьлу, хIунда аьлча хIумма а ца хуучу берана школе дахча хала хиларна. Тайп-тайпана конкурсаш, цхьаьнакхетарш вовшахтохар бахьана долуш, царна дуккха а хIума 1емар ду».
Цул тIаьхьа, конкурсан жамIаш дира. Хьалхара меттиг яьккхира «Нана», «Теремок» берийн бошмаша, шолгIа меттиг берийн «Жемчужина» бешана елира, кхоалгIа меттиг «Буратино», «Улыбка» «Ирс», «Беркат» берийн бошмашна юкъахь йийкъира. Толамхошна совгIаташ луш берзийра «Оха похIме бераш лоьху» конкурсан болх.
З.КУНТАЕВА
№137, еара, гIуран (декабрь) беттан 3-гIа де, 2015 шо