Вайн махкахь бевзаш болчу яздархойн дахар а, кхолларалла а йовзуьйтуш кест-кеста суьйренаш вовшахтуху С.В.Михалковн цIарахчу Берийн библиотекин белхахоша. Цул сов, библиотекин ешархошца кхетош-кхиоран болх а дIахьо цара. Иштта, дукха хан йоццуш, А-Хь.Кадыровн цIарахчу №1 йолчу гимназехь 3-чу классийн дешархошца «Туьйранийн дуьненахь – коррупци» аьлла урок дIаяьхьира.
Дешархоша сема ладугIура шайна дечу хьехаршна. «Туьйранийн дуьненахь – коррупци» урок берашца дIахьош яра Берийн библиотекин библиотекарь Балатбиева Мадина. Коррупци хаалучу туьйранийн («Теремок», «Айболит», «Дядя Степа милиционер») сценкаш йовзийтира цо берашна.
И урок бахьана долуш, дешархойн таро хилира коррупцин орамаш а, «коррупци» дешан маьIна а довза, коррупцица къийсам латторан бахьанаш хаа а. Мадинас берашка хаттарш дира, масала, «Законехь хIунда ца магийна коррупци?».
Дешархоша шайн кхетаме хьаьжжина жоьпаш делира хаттаршна. Цу тIехь ерзийра «Туьйранийн дуьненахь – коррупци» урок.
З.ХАСИЕВА
Суьрта тIехь: Балатбиева Мадина а, дешархой а
№137, еара, гIуран (декабрь) беттан 3-гIа де, 2015 шо