Нохчийн мотт, литература талларх шайн дахаран къилба динарш

Мациев Ахьмад, меттан Iилманча, вина  1902-чу  шарахь Соьлжа-ГIалахь. Iилманчаша, хьехархоша, журналисташа, нохчийн  маттаца  хьашт  мел  долчара  тахана а шуьйра  пайдаоьцуш  ю цо  хIоттийна «Нохчийн-оьрсийн  словарь». Амма и цхьа болх хилла ца Iа  цо  шел тIаьхьа  битинарг. Ша  дуьненахь  яьккхинчу  хенахь  иза ларийна 30 сов Iилманан  болх  язбан, шайна юкъахь 9 дошам а,  масех  учебник а йолуш.

Царах коьрта  лара догIу:

– Нохчийн-оьрсийн словарь. Соьлжа-ГIала, 1927.

– Нохчийн меттан  терминологически  словарь. Соьлжа-ГIала, 1930. (М.Д.Исламовца цхьаьна).

– Нохчийн  меттан  орфографически  словарь. Соьлжа-ГIала, 1942.

– Нохчийн-оьрсийн словарь. М., 1961.

– Очерк лексикологии современного чеченского языка. Грозный, 1973.

– Русско-чеченский  словарь (А.Т.Карасаевца цхьаьна). М., изд-во «Русский язык».

Нохчийн мотт Iилманца талларна  юкъа  уггаре  йоккха  хазна  йиллинчех цхьаъ ву  Мациев Ахьмад.

Iилманчин кхалхар хилла 1968-чу  шарахь.

 

Арсаханов Исраил, филологин Iилманийн доктор, профессор, вина 1916-чу шеран декабрь беттан 16-чу дийнахь Теркан областан (хIинца Дагестан Республика) Хасавюьртан кIоштахь. Дешна Буйнакскерчу хьехархойн училищехь, Ленинградерчу университетан филологин факультетехь. 1959-чу шарахь дуьйна белхаш бо Нохч-ГIалгIайн Iилманан-талламан институтехь а, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь а (тIаьхьо – университет). Еххачу хенахь оцу институтан вайнехан филологин кафедрин куьйгаллехь лаьтта.

Iилманан дуккха а белхийн автор ву профессор И.Арсаханов. Царах коьрта лара догIу:

– Аккинский диалект в системе чечено-ингушского языка. Грозный, 1959.

– ХIинцалерчу нохчийн меттан лексика. «Известия ЧИНИИИЯЛ» Т. 5, Грозный 1964.

– Чечено-аварские языковые встречи. Тезисы докладов. Махачкала, 1965.

– Чеченская диалектология. Грозный, 1969.

Iилманан белхан лаккхара мах хадош, Арсаханов Исраилна совгIат динера «РСФСР-н Iилманан хьакъволу деятель» сийлаллин цIе яларца.

Iилманчин кхалхар хилла 1989-чу шарахь.

 

Дешериев Юнус, дуьненахь а гоьваьлла  меттан  Iилманча, филологин Iилманийн доктор, профессор, вина 1918-чу шеран 18-чу августехь ТIехьа-МартантIехь. Москвахь  лаккхара  дешар а, аспирантура а чекхъяьккхинчул тIаьхьа дуккха а шерашкахь  болх бо СССР-н Iилманийн академин меттан Iилманан институтехь Кавказан къаьмнийн меттанийн отделан куьйгалхо волуш а, оцу институтан директоран Iилманехула заместитель волуш а. Нохчашна а, гIалгIашна а юкъахь дуьххьара Iилманийн докторан диссертаци  чIагIйина Юнуса.

Iилманан 350 сов белхан  автор ву Ю.Дешериев, шайна юкъахь масийтта йоккха монографи  а йолуш. Царах коьрта лара догIу:

– Сравнительно-историческая грамматика нахских языков и проблемы происхождения и исторического развития горских кавказских народов. Грозный, 1963.

– Современный чеченский  литературный  язык. Грозный, 1960.

– Бацбийский  язык. М., 1953.

Iер-дахар Москвахь хиллехь а, иза цкъа а юьстах ца лаьттара республикин юкъараллин дахарна. Нохч-ГIалгIайн автономи меттахIотторна уггаре хьалха орцахвийлинчех цхьаъ а вара иза, иштта жигара дакъалоцура къона Iилманчаш кечбарехь а. Iилманчин кхалхар хилла 2005-чу шарахь.

 

Джамалханов Зайнди, фольклорист, нохчийн меттан говзанча, вина 1922-чу шеран 9-чу майхь Лаха-Неврехь.

Шен 16 шо бен доцуш, 1938-чу шарахь Зайнди, кхойкхий, балха валаво Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературин Iилманан-талламан институте. Оцу шерашкахь, Н.Ф.Яковлевца цхьаьна, цо дакъалоцу, нохчийн литературни меттан морфологи а, синтаксис а хIоттош. ХIетахь дуьйна нохчийн маттана хьанал вецаш, схьавеара Зайнди. Дукха болх бина З.Джамалхановс нохчийн халкъан барта кхолларалла гулъеш, юккъерчу школина, хьехархойн училищена лерина нохчийн меттан учебникаш, методикин пособеш хIиттош. Нохчийн мотт хаа луучарна чIогIа пайдехь ю цо хIоттийна (И.Алироевца цхьаьна) «Нохчийн меттан нийсаяздаран дошам». Зайнди вевза говза хьехархо санна а – иттаннаш шерашкахь болх бина цо Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн училищехь.

Iилманехь а, дешаран хьаьрмахь а цуьнан хьаналчу къинхьегаман лаккхара мах хадош, Джамалханов Зайндина елла «Нохчийн Республикин сийлахь гражданин» а, «Нохчийн Республикин халкъан хьехархо» а сийлаллин цIерш а. Нохчийн пачхьалкхан университетан сийлахь профессор а, Россин Федерацин яздархойн союзан декъашхо а вара иза. Кхалхар хилла 2014-чу шарахь.

 

Чокаев Кати, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик, вина 1929-чу шеран февраль беттан 29-чу дийнахь Шелахь.

Дешна ГIиргIизойн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетехь. Белхаш бина Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературин Iилманан-талламан институтехь, РСФСР-н серлонан министерствон къаьмнийн школийн институтан Нохч-ГIалгIайн филиалехь, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтехь. Нохчийн Республикин Iилманийн академи кхолларан вовшахтохараллин комитетан декъашхо хиларе терра, жигара дакъалецира 1992-чу шарахь Академи схьаелларехь, цуьнан дуьххьарлерчу декъашхойх (академикех) ву иза.

Iилманан 150 сов белхан автор ву Кати, шайна юкъахь 11 монографи а йолуш («Нохчийн маттахь цIердешнийн кхолладалар», «Нохчийн меттан морфологи», «Вайнехан мотт а, истори а», «Вайн мотт – вайн истори», «Нохчийчоьнан ламанан аларш», «Нахийн меттанаш», «Мичахь ваьхна Пхьармат?», «Нохчийн, гIалгIайн школашкахь оьрсийн мотт хьехаран методика», иштта кхин а). Къаьсттина ала догIу «Вайнехан мотт а, истори а», «Вайн мотт – вайн истори» книгех. Цаьрца авторо чIагIдо нохчийн къам, шен мотт а, шен мохк а, шен генара истори а йолуш, Кавказан орамерчу къаьмнех цхьаъ хилар.

 

Алироев ИбрахIим, филологин а, историн а Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхо-корреспондент, РСФСР-н Iилманан хьакъволу деятель, вина 1934-чу шеран сентябрь беттан 4-чу дийнахь Къилбаседа-ХIирийчуьрчу Моздок гIалахь. Дешна ГIиргIизойн пачхьалкхан университетан филологин  факультетехь (шен халкъаца цхьаьна махках ваьккхинчохь). 1958-чу шарахь, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь хьехархо  волуш дIаболабо хьехархочун-Iилманчин болх. 1972-чу шарахь дуьйна еххачу хенахь юкъарчу меттан кафедрин (кафедра общего  языкознания) куьйгалхо лаьтта. 1962-чу шарахь Гуьржийн Iилманийн академехь чIагIйо филологин Iилманийн кандидатан диссертаци, 1972-чу шарахь филологин Iилманийн доктор хуьлу, 1993-чу шарахь Россин Iилманийн академин Этнографин институтехь чIагIйо историн Iилманийн докторан диссертаци. Iилманан бIе сов белхан  автор ву иза, шайна юкъахь 20 сов маьIне  монографи а йолуш. («Очерки этнографии чеченцев и ингушей», «Язык, история и культура вайнахов», «Становление и развитие вайнахских языков», «Кистинский диалект чеченского языка», иштта кхин а). И.Алироевс дукха болх бора къона  Iилманчаш кхиорехь а. Цо кечвина  филологин Iилманийн 3 доктор, филологин Iилманийн 15 кандидат. Кхалхар хилла 2013-чу шарахь.

 

Чентиева Марем, нохчийн зударех дуьххьарлера меттан Iилманча, филологин Iилманийн кандидат, йина  1916-чу шеран  март  баттахь Хьалха-МартантIехь. 1936-чу шарахь  Москвахь Центральни  Iилманан-талламан  институтехь аспирантура чекхъяьккхинчул тIаьхьа  белхаш бо Нохч-ГIалгIайн  историн, меттан, литературин  Iилманан-талламан  институтехь Iилманан белхахочун, отделан  заведующин, Институтан  директоран декхарш  кхочушдеш.

1939–1943-чуй шерашкахь  Нохч-ГIалгIайн АССР-н  серлонан министр  лаьтта.

Нохчийн  мотт, литература талларна, литература  хьехаран  методикина  леринчу дуккха а Iилманан белхийн  автор  ю иза. Царах  коьрта  лара  догIу  хIорш:

– Нохч-ГIалгIайн  йозанан истори. Соьлжа-ГIала, 1958.

– Нохчийн литературни  меттан  аьзнийн хIоттам а, алфавит, орфографи  шаръеш-тояран  гIуллакхаш а. Соьлжа-ГIала, 1960.

– Нохч-ГIалгIайн литературин  историн очерк. Соьлжа-ГIала, 1963.

– Нохчийн литература хьехаран  методика. Соьлжа-ГIала, 1987.

– 5-чу  классехь  нохчийн  литература  хьехар. Соьлжа-ГIала, 1989.

Кхалхар хилла 2000-чу шеран  юьххьехь.

 

Эсхаджиев Якъуб, филологин Iилманийн кандидат, Нохчийн Республикин  Iилманан хьакъволу  деятель, вина 1936-чу шеран  март беттан 8-чу  дийнахь Грозненски районан Девкар-Эвлахь. Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан  хьехархойн  институтан филологин факультетан къоман отделенехь. Белхаш бина РСФСР-н къаьмнийн школин институтан Нохч-ГIалгIайн филиалан  куьйгалхо, Нохчийн пачхьалкхан  университетан нохчийн  меттан  кафедрин заведующи, профессор, Нохчийн Республикин  дешаран гIуллакхийн  институтан  хьехаран  методикин лабораторин  куьйгалхо  волуш.

Iилманан 40 сов белхан  автор. Царах коьртанаш лара  догIу: 8–9-чуй  классашна  лерина нохчийн  меттан синтаксисан  учебник (соавторшца цхьаьна), «Нохчийн меттан чолхечу  предложенин синтаксисехула  лекцийн  курс», «9-чу  классехь нохчийн мотт хьехар» (хьехархошна лерина методикин  пособи), «5–6-чуй классашна лерина нохчийн маттехула дидактически материал», и.дI.кхин а.

Якъубан Iилманан белхийн  еккъа  цIершка хьаьжча а, гучудолуш дерг цхьаъ ду – цуьнан Iилманан лехамийн коьрта  Iалашо яра юккъерчу а, лаккхарчу  а дешаран  кхерчашкахь  нохчийн мотт хьехаран Iилманан-методикин  бух  кхоллар. Оцу  декъехь  беркате болх а бина  цо.

Iилманчин кхалхар  хилла 2007-чу шарахь.

 

Туркаев Хьасан, литературовед, филологин  Iилманийн  доктор, Нохчийн Республикин  Iилманийн  академин декъашхо-корреспондент, вина  1938-чу шеран май  беттан 10-чу дийнахь Шуьйта кIоштан Лаха-Варандахь.

Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан  хьехархойн институтан филологин  факультетан къоман отделенехь. 1976-чу шарахь чIагIйо филологин Iилманийн кандидатан диссертаци, ткъа 1984-чу шарахь  литературоведенехула нохчашлахь дуьххьара филологин Iилманийн докторан диссертаци  а.

Белхаш бина  Нохч-ГIалгIайн  историн, меттан, литературин Iилманан-талламан  институтехь (1963–1988-гIий  шераш), Нохч-ГIалгIайн  пачхьалкхан хьехархойн  институтехь кафедрин заведующи волуш (1988–1993-гIий  шераш), Нохчийн  пачхьалкхан университетехь кафедрин профессор, заведующи волуш (1993-чу шарахь  дуьйна).   Iилманан 150 сов белхан  автор, шайна  юкъахь 10 сов  йоккха  монографи а йолуш (Масала, «Нохчийн литература  кхиаран новкъахь» (1978 шо), «Нохчийн а, гIалгIайн  а литературин историн  кхолламаш» (1978 шо), «Нохчийчоьнан культура: истори а, вайзаманан проблемаш а» (проектан  автор а,  жоьпаллин  редактор а) (М., «Iилма», 2002, 2006 шо), «Нохчий Россин  исторехь, политикехь, Iилманехь, культурехь» (М., «Iилма», 2008 шо), иштта  кхин а.

Россин Федерацин  Iилманан хьакъволу деятель, Россин яздархойн  союзан декъашхо.

 

Тимаев Апти (Ваха), филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик, вина 1938-чу шеран март беттан  29-чу  дийнахь  Соьлжа-ГIалахь. 1962-чу шарахь тIехдика  дешарца  чекхйоккху Нохч-ГIалгIайн  пачхьалкхан  хьехархойн  институтан филологин  факультетан  къоман отделени. Дешна ваьлча, институтехь  балхахь  вуьту хинволу  Iилманча. ХIетахь дуьйна  цуьнан дахар Нохчийн пачхьалкхан  университетаца  дозаделла  ду.

1967-чу шарахь Гуьржийн  Iилманийн  академин меттан  институтехь  чIагIйо  филологин  Iилманийн  кандидатан  диссертаци. 1984-чу шарахь оццу институтехь  кхиамца  чIагIйира  филологин Iилманийн  докторан  диссертаци а.

1994-чу шарахь Магдебургехь хиллачу  Кавказоведийн  дуьненаюкъарчу Iилманан конференцехь Кавказоведийн  Европейски  юкъараллин  декъашхо  хоржу. 1998-чу шарахь Чикобава Арнольдан  цIарахчу  дуьненаюкъарчу совгIатан лауреат  хуьлу.

Iилманан 100 сов белхан  автор ву В.Тимаев, шайна юкъахь «ХIинцалера  Нохчийн  мотт» студенташна  лерина  учебник а, «Категория  грамматических  классов  в нахских языках» монографи а  йолуш.

Нохч-ГIалгIайн АССР-н Iилманан хьакъволу  деятель (1984 шо) «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца совгIат а дина Iилманчина.

 

Солтаханов Эльбек, хьехаран Iилманийн  кандидат, нохчийн  меттан  учебникийн  автор, вина 1942-чу шеран ноябрь беттан 30-чу  дийнахь Грозненски кIоштан БердкIел юьртахь. Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь.

Цуьнан цIе ца евзаш стаг  дукха хуьлийла дац Нохчийчохь. ДIадаханчу  бIешеран 60-чу шерийн  шолгIачу эхангахь дуьйна  схьа  нохчийн маттахь  юьхьанцара  деша а, яздан а Iамор цо язйинчу  учебникаш тIехь хилла ду.

Iилманан а, дешаран-методикин а 60 гергга белхан  автор ву Э.Солтаханов. Царна юкъахь ю нохчийн школин  юьхьанцарчу  классашна  лерина  программаш, «Абат», 2-4-чуй классашна лерина нохчийн меттан, дешаран учебникаш, методикин  пособеш, йоза  Iаморан кепаш, дидактикин материалийн, диктантийн гуларш.

1962-чу шарахь дуьйна  хьехархойн  говзалла лакхаяккхаран институтехь а, Россин Федерацин къаьмнийн школийн  институтан Нохч-ГIалгIайн филиалехь а болх бо Эльбека. 1992-чу шарахь  дуьйна ша  кхалххалц  йолчу хенахь  болх  бира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан юьхьанцара  Iаморан методикин, педагогикин кафедрин куьйгалхо  волуш.

Кхалхар хилла 2005-чу шарахь.

 

Овхадов Муса, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн  академин  декъашхо-корреспондент, вина  1949-чу шеран  сентябрь беттан  30-чу дийнахь  Юккъерчу Азехь.

1972-чу шарахь, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан  филологин  факультетан къоман отделени  тIехдика  дешарца  чекхъяьккхинчул тIаьхьа,  вайнехан филологин  кафедре ассистентан дарже  балха  дIаийцира иза. Университетехь Iилманча а, хьехархо а санна кхиаран  дерриге а тIегIанех  чекхваьлла Муса: лакхара хьехархо, нохчийн  меттан кафедрин  доцент, юкъарчу  меттан Iилманан  кафедрин  профессор, цу  кафедрин куьйгалхо, говзалла  лакхаяккхаран факультетан декан, дешаран  декъехула  проректор. 1983-чу  шарахь  филологин Iилманийн  кандидатан а, 2000-чу шарахь Iилманийн докторан а диссертацеш чIагIйина.

М.Овхадовн  Iилманан иттаннаш белхашлахь коьрта лара  догIу:

– Чеченско-русское  двуязычие. Грозный, 1983.

– Введение  в нахское  языкознание. Грозный, 1998 (И.Ю.Алироевца, В.Д.Тимаевца цхьаьна).

– Национально-языковая политика и развитие чечено-русского двуязычия. М.2000.

– Социолингвистический  анализ развития чечено-русского двуязычия. Грозный, 2007.

 

Вагапов Iарби, филолгин Iилманийн кандидат, доцент Вагапов Iарби вина 1951-чу шарахь Казахстанехь. Ростов гIаларчу пачхьалкхан университетан физикин факультет чекхъяьккхинчул тIаьхьа физикин хьехархо волуш болх бо Iарбис. Амма и ца хиллера цуьнан даго лоьхург.  1994-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультет кхиамца чекх а йоккхий, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институте балха хIутту. Иштта дIаболабо цо хьехархочун-Iилманчин болх. ХIетахь дуьйна, нохчийн мотт талларх шен дахаран къилба дина, къахьоьгуш схьавогIу Iарби.

1994-чу шарахь зорбане елира цуьнан «Славяно-нахские лексические параллели» монографи. Цу тIехь цо чIагIдо нохчийн мотт индоевропейски меттанашца кIорггера уьйраш йолуш хилар. Цул тIаьхьа цо арахецна Iилманан иттаннаш белхаш, шайна юкъахь дешнийн тайп-тайпана дошамаш, методикин пособеш йолуш. Карарчу хенахь Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн  филологин кафедрин доцент а, лексикографин лабораторин куьйгалхо а ву Вагапов Iарби.

 

Навразова Хьава, филологин Iилманийн доктор, профессор, йина 1952-чу шеран  сентябрь  беттан 9-чу дийнахь ГIиргIизойчоьнан Токмак гIалахь. Дашо  мидалца  Йоккхачу АтагIара №4 йолу юккъера школа  чекхъяьккхинчул тIаьхьа заочни кепара доьшу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан  университетан филологин факультетан къоман отделенехь. Ша дешначу школехь нохчийн  меттан хьехархочун а, тIаьхьа  директоран а белхаш бо. 1989-чу шарахь дуьйна Нохчийн пачхьалкхан  хьехархойн  университетехь болх беш ю, карарчу хенахь университетан нохчийн меттан кафедрин куьйгалхо ю Хь.Навразова.

1995-чу шарахь  кхиамца  чIагIйо филологин  Iилманийн кандидатан диссертаци, ткъа 2005-чу шарахь  филологин Iилманийн докторан диссертаци а. Iилманан 50 гергга белхан  автор, шайна юкъахь «Нохчийн меттан цхьалхечу предложенин  синтаксис» монографи а, кхоъ методикин  пособи а  йолуш. Iилманчас жигара  дакъалоцу  нохчийн меттан, гIиллакх-оьздангаллин хьашташ  дийцаре  дарна лерина  дIахьочу  муьлххачу  гIуллакхашкахь (Iилманан-практикин  конференцеш, хьехархойн семинараш, кегийрхошца  цхьаьнакхетарш…).

 

Халидов Айса (Муса), филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхо-корреспондент, вина 1954-чу шеран ноябран 10-чу дийнахь Казахстанехь. 1960-чу шарахь Даймахка цIа бирзина кхеран доьзал, хIетахь дуьйна Грозненски кIоштан Соьлжехь бехаш-Iаш бу.

1977-чу шарахь тIехдика дешарца чекхъяьккхина Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетан къоман отделени. Цул тIаьхьа доьшу Петрозаводскерчу пачхьалкхан университетан оьрсийн меттан кафедрехь йолчу аспирантурехь. 1981-чу шарахь чIагIйина филологин Iилманийн кандидатан диссертаци, ткъа 1999-чу шарахь кхиамца чIагIйо филологин Iилманийн докторан диссертаци. 1980-чу шарахь дуьйна болх беш ву Нохчийн пачхьалкхан университетан оьрсийн меттан кафедрехь — ассистент, лакхара хьехархо, доцент, профессор. 1993-чу шарахь дуьйна кафедрин куьйгалхо ву. Iилманан 120 сов белхан автор, царна юкъахь ю масех монографи а («Нахские языки в типологическом освещении», «Типологический синтаксис чеченского простого предложения», «Очерки по типологии залога»…). А.Халидовн куьйгаллица кечйина Iилманийн докторан цхьаъ а, Iилманийн кандидатан шиъ а диссертаци. Нохчийн Республикин Iилманийн академехь кечъеш йолчу «Нохчийн меттан грамматикин» авторийн коллективан куьйгалхо. Iилманан белхан лаккхара мах хадош, совгIат дина «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца.

Нохчийн мотт талларехь шайн бIаьрла лар йитина, шайх дош ала хьакъ болу Iилманчаш кхин дуккха а бу: Х.Яндаров, Н.Бибулатов, З.Хамидова, Р.Саламова, Т.Вагапова, А.Карасаев, В.Гиреев, М.Сулейбанова, Иштта билгалдаккха деза вайнехан меттанаш талларехь кхечу къаьмнех болчу Iилманчаша а дукха къахьегна хилар. Масала, П.К.Услар. Н.Ф.Яковлев, А.Чикобава, Д.Имнайшвили, и.дI.кх. а. Церан цIерш евзаш а, йовзуьйтуш а хила еза. Дика хир дара школашкарчу нохчийн меттан кабинеташкахь царна лерина стендаш хилча.

 

№137, еара, гIуран (декабрь) беттан 3-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: