2015-чу шеран 1-чу декабрехь 125 шо кхочур дара советийн союзан дуьххьарлерчу пхеа маршалх цхьаъ волчу Василий Константинович Блюхеран. 1890-чу шарахь Ярославски губернина юкъайогIучу Барщинка юьртарчу къехойн доьзалехь дуьнен чу ваьлла вара иза. Василий Константинович цIена оьрси ву. Цуьнан ден Константинан деда 1853-1856-чуй шерашкахь хиллачу гIирмин тIамехь дакъалаьцна, цигахь майралла, доьналла гайтина ву. Иза долахь хиллачу хьоладас аьлла цунах Блюхер, дукха совгIаташ дохьуш, толамца бIаьхо гIирмин тIамера цIавирзича. Ткъа Саксонера схьаваьлла фельдмаршал Блюхер Гебхард Леберехт Фон 1813-чу шеран 15–19-чуй октябрехь Лейпциг гIалина уллохь Наполеонан эскарх майра летта, французаш охьааьтта Пруссин бIобаьчча ву. Майраллин масал хилла, исторехь йисина цуьнан сийлахь цIе. Ткъа иштта майра, доьналлех вуьззина лай шен долахь хиларх воккхавечу оьрсийн хьоладас (помещик) цкъа юьхьанца забаренна аьлла толамхочух Блюхер. Амма заманан йохалла тIаьхьарчу тIаьхьенашна фамили хилла дIаяхана и цIе.
Ша дуьнен чу ваьллачу Барщинкехь юьртарчу килсехь ши класс чекхйоккху вайн Блюхера. Къелло кхидIа деша таро ца хуьлуьйту цуьнан. Дейтта шо кхачале дас Петербурге валавой, дIахоьцу, йоккхачу гIалахь бепиган юьхк яккха атта хиларе сатесна. Тайп-тайпана ду Петербургехь цо дина белхаш. Юьхьанца долахь йолчу туьканахь хьадалчин болх бина. ТIаккха – Путиловн заводехь. Россехь дуьххьарлера революци йолуш митингашкахь дакъалацарна балхара дIавоккху кIант. Iедалх водий Москва кхочу. 1909-чу шарахь Мытищехь йолчу вагонаш ечу заводе балха хIутту иза. Амма, цигара а митингашкахь жигара дакъалацарна дIавоккху. Йоццачу ханна чувуллу. 1913–1914-чуй шерашкахь Москварчу цIерпоштнекъа тIехь болх бо.
Дуьненан хьалхара тIом болабеллачу деношкахь эскаре вуьгу Блюхер. Костромарчу полкана юкъайогIучу 1-чу батальонан йоьалгIачу ротера бIаьхо волуш, Польшехь хиллачу тIемашкахь дакъалоцу цо. Майралла, доьналла гайтарна шиъ Георгин жIар ло Блюхерна, унтер-эпсаран чине воккху. 1914-чу шеран 28-чу ноябрехь гайтина турпалалла бахьанехь Георгин мидал ло цунна. 1915-чу шеран 8-чу январехь Тернополехь хиллачу тасадаларшкахь еза чов йо Блюхерна. Настарш, пхьаьрсаш кегдо цуьнан. Иттех гериг йоккху лоьраша цуьнан чевнаш хиллачу дегIаха. Велла хеташ, лоьраша шозза морге ваьхьна охьавиллина иза. Амма, аттачу балхах къарлур волуш ца хиллера бIаьхо. Чевнаш дIайирзича Самаре кхочу иза. Заводе балха хIутту. Цигахь вевза цунна Валериан Владимирович Куйбышев. Цо юкъаозаво Блюхер революционни балхана. 1917-чу шеран октябрехьлера революци дIайолалуш Самарерчу тIеман- революционни комитетан декъашхо ву Василий Константинович Блюхер. Цо жигара дакъалаьцна граждански тIамехь. Къилба Уралехь шайн олалла дIахIотто гIерташ хиллачу гIалагIазкхашца тIемаш бина. ТIемаш беш Челябинске кхаьчна, большевикийн партис омра дина цигарчу ревкоман коьртехь лаьттина. Туркменистанехь тIемаш бина. Граждански тIом хьахочохь цIарна цIе яхана юьйцучу Каховкехь толам баьккхинарг Блюхер ву. Инарла Колчакан эскарца тIом бина цо. Ма-дарра дийцича сийна Сибар Колчакан эскарх дIацIанйинарг Блюхер ву. 1920-чу шеран 4-чу июлехь ГIирмин ахгIайри тIе хьажаво Блюхер Врангелан эскарца тIом бан. Бехха лаьттинчу тIемашкахь толам боккхий, 1920-чу шеран 15-чу ноябрехь ГIирма кIайчу эскарх дIацIанъяр чекхдоккху майрачу бIаьхочо. 1921-чу шеран 27-чу июнехь Генарчу Малхбале хьажаво иза. Цигахь карзахаъевлла кIайчу эскаран тIаьхьенаш хIаллакьян. Шина шарахь гергга луьрачу хьелашкахь цигахь а белхаш бо Блюхера пачхьалкхан низам дIахIоттош. 1924-чу шарахь советийн куьйгалло Чине хьажаво Блюхер. Кхаа шарахь къахьоьгу цо Чан Кайшинан тIеман хьехамча волуш. 1927-чу шарахь цIавоьрзу Блюхер. Амма мукъа Iен йиш ца хуьлу цуьнан, хьалха тIемашкахь хиллачу чевнийн карзахйийлар хаалахь а. Иза цкъа Украине хьажаво. ТIаккха, цигара схьавоьхий, юха а Малхбале дIахьажаво. 1938-чу шеран 1-чу июлехь малхбалерчу фронтан куьйгалле хIоттаво Василий Константинович Блюхер. Ткъа 29-чу июлехь Халхин Голехь, Хасан цIе йолчу Iоман уллехь тIемаш дIабуьйлало. Советийн Iедало кечам ледара бина хиларе терра юьхьанца цIечу эскарна Iаламат боккха ницкъ хуьлуш, дукха салтий хIаллакбеш дIаболабелира японхошца болу тIом. Цхьана баттахь сов, цIен эскар бIаьрг белла ца дуьтуш дийнахь, буса герз тIедеттара японхоша. Эххар а Жуков Георгий Константинович схьакхечира 1938-чу шеран 10-чу августехь. Цунна герз деллера Сталина мел оьшу. И паргIатонаш Блюхерехь яцара. Цул совнаха, дукха хан яра чоьхьарчу гIуллакхийн нарком волу Николай Иванович Ежов Блюхерна церг хьекхош волу. Доцца аьлча, 1938-чу шеран гуьйранна эскарна куьйгалла дан ца хуург вина, даржера вохийра маршал Блюхер Василий Константинович. Цул тIаьхьа Адлерехь тIеман госпиталехь вара иза, тIемашкахь хиллачу чевнашна дарба дойтуш. Амма и дарба чекхдаллалц госпиталехь ца витира. 1938-чу шеран 22-чу октябрехь лаьцна Москварчу Лубянке схьавалийра. Набахтехь берхIитта де даьккхинера цо. Етташ ницкъ бинчух тера дара. Маршалан куьйга яздина дисина йозанаш ду бехк цо шена тIелоцуш. Ткъа цуьнга дIакхийдош хилла «бехк» иза ша японхойн шпион хилар даре дар хилла. Хаттарш деш Лаврентий Павлович Берия хиллера. 1938-чу шеран 9-чу ноябрехь 48 шо кхачаза волу маршал Лефортово набахтехь дIаваьлла. Иза веллачул тIаьхьа массо сийлахь цIе а, ерриге орденш а, мидалш а, иза бехвеш, дIаяьхна хиларан хьокъехь дIахьедар дина Iедало шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь. Чубоьхкина цуьнан хIусамнана, кIант, йоI. Церан бехк «халкъан мостагI», «шпион» хиллачу Василий Константинович Блюхерца цхьана тховкIела Iар лерина.
1935-чу шарахь дуьйна Василий Константинович Блюхер советийн союзан маршал вара. Дуьххьара цунна еллера 1918-чу шарахь тIеман ЦIечу Байракхан орден. Иштта массарначул хьалха 1930-чу шарахь елла дашочу ЦIечу седанан орден яра цуьнан. Уьш пхиъ вара: 1935-чу шеран 20-чу ноябрехь дуьххьара Советийн Союзан маршал хилла Климент Ефремович Ворошилов, Михаил Николаевич Тухачевский, Семен Михайлович Буденный, Александр Ильич Егоров, Василий Константинович Блюхер. Царах кхоъ советийн Iедало ХХ-чу бIешеран 30-чу шерашкахь къинхетамза хIаллаквира. ХIаллаквинчарна юкъахь вара Блюхер а. Бакъду, 1956-чу шеран октябрь баттахь церан бехк цахилар дIакхайкхош хаамаш бира…
А.ГАЗИЕВА
№137, еара, гIуран (декабрь) беттан 3-гIа де, 2015 шо