Нохчийн Республикин Прокуратурехь

Суьдаца ларам ца хилча…

  Нагахь суьдаца ларам ца хилларг уголовни жоьпе озо йиш ю РФ-н УК-н 297-чу статьяна тIе а доьгIна. ГIуллакх доллу оцу хьоло юкъараллехь суьдан Iедалан сий-ларам лахбеш, нийсонан кхиэл ян цунна новкъарло еш хиларх.

Бекхам боцуш ца дуьсу ишттаниг. Нохчийн Республикин лакхарчу суьдан цхьа кхеташо дIахьочу хенахь, бехкевеш волчун векала суьдхочунна цуьнан сий-ларам лахбеш долу дешнаш элира. Цуьнца доьзна уголовни гIуллакх долийра.

Суьде ларам цахилар гайтинчаьргара шен хеннахь жоп дехаран Iалашонца районийн прокурорашна тIедиллина ишттачу меттигех лаьцна, хьем ца беш, регионан прокуратуре хаам бар, РФ-н КоАП-н 17.3 статьяца административни гIуллакхаш долорна тIехьажийна суьдан пурстоьпийн службаша хIумма а деш цахиларна тидам тIе а бохуьйтуш.

 

Жоьпе озийна

 Регионан прокуроран хьалхарчу заместитела Хабаров Николайс Россин СК-н Нохчийн Республикехь йолчу талламан урхаллин куьйгалхочуьнга дийхира ши уголовни гIуллакх талларехь хилийтина талхораш дIадахар.

Иза доьзна дара Шелан районерчу БелгIатойн-Эвларчу  амбулаторин куьйгалхочо Солтамурадов Мустафас 2015-чу шеран январера дуьйна май чекхбаллалц йолчу хенахь, белхан хан  хьесапе оьцуш долчу тептар тIехь стоматолога цигахь болх бина аьлла, даррехь харц хаамаш билгалбаьхна а, цунна догIуш доцу 50 эзар соьман барамехь ахча делла а хиларца. Ткъа оццу районерчу ЭгIаштарчу юьртан администрацин куьйгалхочо Хакимов Борзас, дIадаханчу шарахь белхахошна догIуш долу алапа дIа а ца луш, харцонца шен дола дерзийнера алапина билгалдина хилла ахча.

Оцу шина уголовни гIуллакхехула бинчу талламаша гайтира бехкеваран и бакъдерш билгалдохучу хенахь берриге а хаамаш царна юкъабахийтина цахилар а, уголовно-процессуальни законан кхиболу лехамаш талхийна  хилар а.      Цунна тIе а доьгIна, Шелан районашна юкъарчу талламан отделан куьйгалхочун заместитель а, ши талламхо а низаман жоьпе озийна

 

Дехар кхочушдина

    Республикин прокуратурехь адамаш тIеоьцучу хенахь Усманов Эбрагима регионан прокуроре Абдул-Кадыров Шарпуддига дийхира, ша делла заявлени къастош Соьлжа-ГIалин Заводской районан суьдехь нийсо яйтарехь шена гIодар.

Бинчу талламо гайтира, шен пенси юхаларар Астрахански областан Лимански районехула йолчу пенсийн фондан урхалле доьхуш, Усмановс кечдина заявлени Россин граждански процессуальни кодексан таханлерчу норманашца догIуш цахилар.

Ведомствон отделехь гIо дира цунна искан заявлени нийса хIотто. Ткъа Заводской районан суьдехь иза бух болуш а лерина, Усмановн дехарна жоп луш сацам тIеийцира.

 

Буоберийн бакъонаш ларйо

ХIокху деношкахь республикин прокуроран кхиазхойн а, кегийрхойн а бакъонаш ларъярна тIехь терго латторехула йолу лакхара гIоьнча Тимирова Разет а,  прокуратурин ветеран Уциева Шарифа а цхьаьнакхийтира буоберийн а, тIехь дай-нанойн Iуналла доцуш дисинчу берийн а школа-интернатан коллективаца. Дийцаре дира и бераш социальни декъехь лардаран законодательство кхочушдарехь нислуш долу кхачамбацарш а, уьш дIадахаран некъаш а. Ша аьлча, къамел хьакхаделира ишттачу берашна хIусамаш яларан къепенах а, царна догIуш долу алименташ схьадахарх а.

Берашца дехха къамел а хилира хьешийн. Церан тайп-тайпанчу дуккха а хаттаршна, уьш кхетош, жоьпаш а делира.

 

Декхар дIа ца текхча…

    Регионан прокуратурехь теллина «Газпроммежрегионгаз Грозный» юкъаралло газаца кхачоярна дIадала дезаш долу декхарш предприятийн куьйгалхоша дIаделла цахиларца доьзна Россин СК-н Нохчийн Республикехь йолчу талламан урхаллин талламхоша РФ-н УК-н 165-чу статьян 2-чу декъан «б» пунктана тIе а доьгIна, долийна хилла уголовни гIуллакхаш.

    Талламхошна хетарехь, тIаьххьарчу масех шарахь республикин кхаа предприятис газах шайгара догIуш долу ахча дIа ца далар бахьанехь царна тIехьаьрчина 1 430 миллион соьман барамехь ахча. Оцу предприятийн куьйгалхошна юьххьехь дуьйна а хууш дара, бинчу бартаца нийса а догIуш, шайн буьззинчу барамехь ахча дIадала ницкъ кхочург цахилар. Амма таллам билгалйинчу хенашкахь чекхбаккхарна тIехьажийна гIуллакхаш деш дацара.

Оцу кхачамбацаршна тIе а доьгIна, талламан урхаллин куьйгалхо декхарийлахь вина федеральни законан лехамаш талхор дIадаккхарна тIехьажийна гIуллакхаш дан.

 

Зулам гучудаьккхина

Россин СК-н Нохчийн Республикехь йолчу талламан урхаллин Соьлжа-ГIаларчу Заводской районан талламан отделан белхахоша хьесапдаран-регистрацин низам муха лардо толлуш, районан прокуратурина гучуделира уголловни гIуллакх доло бух боцуш  дуьхьало ярца дина зулам къайладаккха гIоьртина хилар.

Иштта, харц гайтамаш барна уголовни жоьпалла шена тIехь хирг хиларх шега хаийтина волчу Магаев Руслана суьдехь граждански гIуллакх къасточу хенахь Гуьржийчоьнан вахархо Багакашвили Зелимха Соьлжа-ГIалахь вина волу Дадагаев Джабраил ву аьлла чIагIдира. Талламан жамIашкахула сацам бира Багакашвилина дуьхьал уголовни гIуллакх ца долош дита.

Районан прокуроран заместитела Хариков Асламбека бохийна бух боцуш бина сацам. Хьем ца беш уголовни гIуллакх долор тIедожош лехам а бина. Цуьнца нийса а догIуш, Магаевна дуьхьал уголовни гIуллакх долийна РФ-н УК-н 307-чу статьян1-чу декъаца (харц тоьшалла) билгалдина таIзар дайта.

Уголовни гIуллакх суьде дахьийтина

   Соьлжа-ГIаларчу Октябрьски районан прокуроран заместитела Шайдаев Аюба чIагIдина РФ-н  УК-н I05-чу статьян 1-чу декъаца догIу зулам дарна бехкевеш волу Симбаригов ИбрахIим бехкеваран гIуллакх.

Талламхоша тIечIагIдина шен йишица гамо йолуш хиллачу Симбариговс Симбаригова Милванина дукхазза а урс диттина хилар,  дуккха а барамехь дахарна кхераме йолу чевнаш а еш. Уьш бахьанехь зуда кхелхира.

И уголовни гIуллакх къастадайта Октябрьски районан суьде дIахьажийна.

 

Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг – Л.БАКАРОВ

№137, еара, гIуран (декабрь) беттан 3-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: