Цкъа а къинтIера ца довллал…

Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетана хьалха йоккха митинг дIаяьхьира. Университетан масех эзар студента а, белхахоша а шаьш экстремизмана дуьхьал хилар а, зераташна тIекхийдарна реза цахилар а дIахаийтира.митинг

   Гулбеллачарна хьалха вистхилира ВУЗан ректор Таймасханов Хьасан, иштта проректорш, хьехархой, Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллин векалш, студенташ, кхиберш.

Шен къамелехь Таймасханов Хьасана Курчалойн районехь зерат дагийначарна ша реза цахилар дIахаийтира.

– Нохчаша гуттар а лардина шайн Iадаташ, культура, истори. Зерат дагор – дийцина ца валлал доккха зулам ду, оцу зуламна бехкечарна вай цкъа а къинтIера ца довллал, – элира ректора.

Философин кафедрин доцента Улубаев Султана Нохчийн Республикин исторехь иштта хIума цкъа а хилла дацара, элира.

Дай-наношка, вайн молланашка, Iеламнахе ца хоттуш, цхьаболчара мила ву а, мичахь ву а ца хууш волчуьнга ладоьгIуш хаало. Вайн студенташкара ишттаниг далийта мегар дац. Студенташ вайн къоман юьхь а, тIекхуьучарна масал а хилла латта безаш бу, – билгалдаьккхира С.Улубаевс.

Зератна тIекхевдинчарна шаьш реза цахилар а, республикин куьйгаллин некъ шаьш къобалбар а цхьабосса  дIахаийтира гулбеллачара.

 

И.ХАСАХАНОВ

Авторан сурт

№137, еара, гIуран (декабрь) беттан 3-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: