Соьлжан районан къинхьегаман, социальни кхиоран отдело коррупцица къийсам латторан болх дIахьо Нохчийн Республикехь коррупцица къийсам латторан республикин Iалашонан программица а, республикин Куьйгалхочун 2012-чу шеран 5-чу июлехьлерчу Указца а, ткъа иштта «2014–2015-чуй шерашна йолчу Нохчийн Республикин къинхьегаман, нах балха нисбаран, социальни кхиоран министерствехь коррупцица къийсам латторан» ведомственни программица нийса а догIуш.
Болх бо коррупцица къийсам латторан 2014–2015-чуй шерашна хIоттийначу планаца. Оцу балхана отделехь леррина вовшахтоьхна белхан тоба. Отделан хьаькамал а, белхахойл а совнаха, цунна юкъавоьдуш ву «Единая Россия» партин меттигерчу отделенин векал Белдуров БайIела. Отделан хьаькама П.Магамаевас дийцарехь, отделехь вовшахтоьхна бахархойн социальни хьашташ кхочушдар сихдан а, церан заявленешка сихха, кхачам боллуш хьовса а гIо деш йолу служба. Бахархой цхьана хенна деа корехь тIеоьцу. Соьлжан районан пачхьалкхан хьашташ кхочушдаран дуккха а декхарш кхочушдечу туьшаца цхьаьна гIуллакхаш до.
– ХIора кварталехь оха белхан тобанан кхеташонаш йо. Цигахь дийцаре до балха леларан а, коррупци ца хилийтаран лехамаш кхочушбаран а, кхаьънаш эцаран бахьанаш а, таронаш а дIаяхаран а гIуллакхаш, – дуьйцу П.Магамаевас. – Иштта билгалдоху коррупцица къийсам латтор тодаран некъаш. Цул совнаха, оха дакъалоцу Соьлжан районан администрацехь вовшах а тоьхна, болх беш йолчу, коррупцица къийсам латторан комиссехь. Бахархошна шайн бакъонаш йовзар лакхадаккхарехь беш болу болх гуш хилийта хьелаш кхолла гIерта тхо. Шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь оха бахархошна бовзуьйту отдело беш болу болх, дуьйцу нах дIаязбаран, документаш дIаэцаран, берийн ахча яздаран, цкъа луш долу а, кхидолу а ахчанаш даларан гIирсех а, кепех а лаьцна. Зала чохь хаамийн стенда тIехь гойтуш ю отделан почтан, электронни адресаш, язйина телефонийн номерш, бахархой тIеэцаран график. ГIишло чу вогIучу неIарехь дIатоьхна ю аьрзнаш а, дехарш а чутосу яьшка. Пачхьалкхо шен хьашташ кхочушдеш волчу муьлххачун а таро ю отделан белхахочуьнгара коррупцица доьзна гIалат даьлча, цунах лаьцна яздина арз дан. Бакъду, хIокху шарахь оцу кепара арз хилла дац.
П.Магамаевас билгалдаьккхира белхан тобанан хIора кхеташонехь кхаьънаш эцар зулам хиларх лаьцна къамелаш деш хилар. Коррупцица къийсам латторан Дуьненаюкъара де – 9-гIа декабрь – тIекхочуш белхан тобанан кхеташонехь «Коррупцица къийсам муха латто беза» – аьлла доклад йийр ю.
Кечйинарг – С.Магомаев
№137, еара, гIуран (декабрь) беттан 3-гIа де, 2015 шо