Бахархошца цхьаьна гIуллакхаш даран Iалашонца

Суьдан пурстоьпийн федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу урхаллехь йоккха, кхеташо хилира. Цигахь дакъалоцуш бара урхаллин куьйгалхой а, дакъойн хьаькамаш а, цуьнан 1уналлехь йолчу Юкъараллин советан декъашхой а. Кхеташонехь дийцира оцу советан балхах а, декхарех а лаьцна.

Пурстоьпийн урхаллехь йолу Юкъараллин совет декхарийлахь ю бахархойн хьашташ а, дезарш а хьесапе эцарехь а, церан бакъонашший, паргIатонашший, юкъараллин цхьаьнакхетараллийн бакъонашший ларъярехь а республикин бахархоша урхаллица цхьаьна гIуллакхаш дарна кхачо ян.

Урхаллехь йолу Юкъараллин совет 2007-чу шарахь йиллина ю. Амма цхьаьна беш болу болх санехь хилар лакхадаккхаран Iалашонца 2013-гIа шо чекхдолуш совете керла декъашхой хаьржира. ХIинца советана юкъабахана белхан доккха зеделларг долу Iилманчаш, юристаш, Россин юристийн Ассоциацин декъашхой, Iеламнах, бакъонашларъярхой, студенташ.

Кхеташонехь суьдан пурстоьпийн федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин куьйгалхочо – республикин коьртачу суьдан пурстоьпо С.Сааевс Юкъараллин советан керлачу декъашхошна дIаделира тоьшаллаш. Цо дIахаийтира цара урхаллица цхьаьна кхиамца гIуллакхаш дийриг хиларх ша тешна хилар.

Цул тIаьхьа къамел дира Юкъараллин советан председатела Магомадов Хьамзата. Цо дийцира цхьаьнакхетаран Iалашонах лаьцна. Советан декхарш кхиамца кхочушдархьама республика зонашка (районашка) екъна. Царех хIоранна а тIечIагIвина советера жоьпаллин стаг. Цул тIаьхьа Хь.Магомадовс суьдан пурстоьпашна бовзийтира урхаллин дакъош шайна тIечIагIдина болу советан декъашхой.

ХIинца советан декъашхошна урхаллин билггал долу дакъош тIечIагIдар бахьана долуш республикин бахархойн таро хилла суьдан пурстоьпийн урхаллин балхах лаьцна долчу муьлххачу а гIуллакхан хьокъехь Юкъараллин советан билггал волчу декъашхочуьнга дехар дан.

Кхеташо чекхйолуш, Нохчийн Республикин МаслаIатан суьдан председатела Албасов Мохьмада республикин Коьртачу суьдан пурстоьпана Сааев Сайдмохьмадна Минц Шмуэль Фавлан цIарах йолчу Iилманан-практически конкурсан лауреатан совгIат дира, цунна дагалецамийн «Хаарийн стогар» мидал а луш. Ткъа республикин юридически юкъараллин векалшна юккъехь республикин МаслаIатан суьдан палатин Iуналлица «МаслаIатан суд а, МаслаIатан барт а» аьлла хиллачу конкурсан жамIаш дира кху шеран 14-чу январехь. Конкурсан комиссис цхьабарт болуш бинчу сацамца С.Сааевн болх тоьлла лерира.

«Грозный-информ» агентство

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: