Нохчийн Республикин газан-транспортни «Чеченгазпром» организацин актови залехь пресс-конференци вовшахтоьхнера цу декъехь болчу говзанчаша. Цигахь дийцаре дира Iаьнан хенахь Iаламан газах Iер-дахарехь кхерамза пайдаэцаран гIуллакхаш.
Пресс-конференцехь дакъалоцуш бара «Чеченгаз» организацин говзанчаш, Нохчийн Республикин Прокуратурин федеральни законодательство кхочушдарна тIехь Iуналла даран отделан лакхара прокурор Жевницкий Сергей, «Чеченгаз» организацин производствон-техникин отделан куьйгалхо Фирзаулина Роза, «Чеченгаз» организацин коьрта инженер Абдаев Iела, оццу организацин Гуьмсан районерчу филиалан директор Цокаев СаьIид, иштта организацин кхийолчу районашкарчу филиалийн куьйгалхой.
Прокуратурин а, «Чеченгаз» организацин а векалша Iаламан газах лаьцначу журналистийн хаттаршна жоьпаш делира.
Iаламан газ пайде хилла ца Iаш, Iаламат кхераме а ю, цундела Нохчийчуьра «Чеченгазан» белхахоша хIора баттахь цIенош чуьра газан гIирсаш (колонкаш, пилташ, яйнаш) муьлхачу хьолехь бу хьовсуш терго йо.
ХIокху шарахь газ ягон йолийчахьана газах дIовш даьлла 24 меттиг нисъелла, цундела и тайпа хIума кхин ца хилийта, лакхахь хьахийначу организацийн векалша шаьш чохь Iаш долчу хIусамийн техникин хьашташ кхочушдарна барт баре кхайкхира бахархошка.
Билгалдаьккхира и барт баран кехат Россин федеральни законашца догIуш хилийта дезаш хилар.
Пресс-конференцехь дийцаре диначарех Iаламан газах кхерамза пайдаэцаран хьокъехь дина уггаре а коьрта хаттарш хIорш ду:
– Газах пайдаэцаран законца догIуш доцуш, газ тIетесча хIун таIзар дан догIу хьаштахочунна?
– Ша тIетесна хьаштахочун газ дIахадайо. Цул сов, чоьхьарчу гIуллакхийн органашка дIахьедар до и хьаштахо административни жоьпе озор доьхуш. Ткъа и талхор диначунна Россин Федерацин Уголовни Кодексан 7.19 статьяца кхаа эзарна тIера диъ эзар тIекхаччалц административни гIуда догIу, Россин Федерацин Уголовни Кодексан 3-чу статьян «б» пунктаца бIе эзарна тIера пхи бIе эзар тIе кхаччалц гIуда догIу, я пхеа шарахь белхаш бойту, я ялх шарна чу вуллу.
–Шаьш чохь Iаш долчу хIусамийн техникин хьашташ кхочушдарна юкъа хIун догIу?
– Газан гIирсийн техникин хьашташ кхочушдар; газан гIирсаш таллар, уьш хийцар, тобар; газан биргIан хьал, биргIанаш вовшахтийсина меттигаш кхачам боллуш чIагIйина хилар таллар; кIур дIабоьдучохь – иза дIаозар таллар.
ХIун тайпа таIзарш дийр ду Iер-дахарехь газах пайдаэцаран бакъенаш талхийначарна?
– Вай хьахийна ма-хиллара,ша газ тIетесна волу хьаштахо административни я уголовни жоьпе озор ву. Газах пайдаоьцучунна хаа деза иза кхераме хилар, газаца белхаш бан говзанчийн бен бакъо цахилар. Кхин цкъа а дагадаийта лаьа, шех пайдаэцаран бакъенаш ларйичий бен газ кхерамаза хуьлуш цахилар.
Пресс-конференци ерзош, «Чеченгаз» организацин белхахоша шаьш республикин бахархойн газаца доьзначу муьлхачу а гIуллакхашна тIехь гIодан кийча хилар дIахаийтира.
Хь.ЭЛЬБЕРТОВА
Авторан суьрта тIехь: пресс-конференцин дакъалацархой
№137, еара, гIуран (декабрь) беттан 3-гIа де, 2015 шо
