Стохка, декабрь беттан 4-чу буьйсанна, новкъахь шайна дуьхьало йина, шаьш лаца гIоьртинчу бакъонаш ларъяран органийн белхахошна герзаш а диттина, Соьлжа-ГIаларчу Зорбанан цIенна чулилхира террористаш, шайна дуьхьало йина гIазанча а, герз тоьхна, охьавиллира оцу Делан мостагIаша. Оцу сохьта орца даьккхина, Зорбанан цIенна гуо лецира Нохчийчоьнан бакъонаш ларъяран органаша, лерринчу службийн векалша. Шайга карадуьйла аьлча, тIом хьебира террористаша. Амма царна моьттург ца хилира. Аьттехьа а. Уьш берриге а хIаллакбира. Сийначу цIарах дегира Зорбанан цIа. Зуламдай хIаллакбаран операцина куьйгалла деш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.
Террористашца дерг дIадирзинчул тIаьхьа Р.Кадыровс, дог доьхначу журналистийн сатедеш, дIахьедира: «Керла шо тIекхачале вай хьалхачул а хаздина, тодина, къагийна дIахIоттор ду Зорбанан цIа…». К1оржам хилла дIахIоьттина долу и оццул сиха меттахIоттор ду бохучух теша хала дара, Нохчийчоьнан Куьйгалхочо цул хьалха а цамоьттург дина карадайтина хиллехь а.
4-чу декабрехь суьйранна 7 сахьт долучу хенахь Нохчийчоьнан гIишлошъяран урхаллин белхахоша д1аболийра болх. Оццу суьйранна, цига веара Кадыров Рамзан а, Зорбанан цIа меттахIотторна жоьпалле волу республикин Правительствон Председателан хьалхара заместитель Тумхаджиев Iийса а. Белхахойн дог-ойла гIаттош, уьш хьуьнаре бохуш, къамел дира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо. Цул тIаьхьа, дийнахь а, буьйсанна а болх ца сацош, къахьийгира гIишлошъярхоша.
Арахецаран хан, раж ца талхош, 4-чу декабрехь арадевлира «Даймохк» а, «Вести республики» а газеташ. Цхьана стоьла гуонаха 6–7 стаг охьахууш, кхечаьргара ехна компьютер еана, Радион цIийнехь ханна еллачу шина чоьнах, кхачам бина, къахьоьгура оцу шина газетан журналисташа, ур-аттал а шайн цхьа къолам дийна ца биссиншехь…
… Ткъа 23-чу декабрехь даздаран хьолехь схьадиллира шен хазаллица Соьлжа-ГIала къагийна долу Зорбанан ц1а. Цигахь къамел динчу Кадыров Рамзана баркалла а элира, хьокъала доллу совгIаташ а делира Зорбанан цIа меттахIоттийначарна. Цо дагалецира, террористаш Зорбанан цIа чу лилхича, царна дуьхьал тIом беш, эгна болу нохчийн турпала кIентий. Цара шайн синош дIаделира вайн халкъан маршо, паргIато ларъеш. Уьш бахьана долуш аьтто хилира Зорбанан цIа меттахIотто а, журналисташ шайн цIийне юхаберзо а. Халкъан иэсехь даима а яха йисина оцу турпалхойн цIерш. Уьш хIорш бу: Оздемиров Арсланбек, Хабусиев Рукъман, Муслимов Мурад, Умхаев Iийса, Хамидов Ахьмад, Адаев Шемал, Гедиев Салман, Амхадов Хаважи, Закаев Мохьмад, Зингиев Якъуб, Кутаев Арсен, Мажидов Майрбек, Джамбулатов Iабдул, Магомадов Ислам. Дала гIазот къобалдойла церан! Оцу 14 турпалхочун цIе яккхархьама а дагалеци оха нийсса шо хьалха Зорбанан цIийнехь дина зулам.
Д.АНАДЕВ
Архивера сурт
№137, еара, гIуран (декабрь) беттан 3-гIа де, 2015 шо